en
Feedback
Абу 1абдуллах1

Абу 1абдуллах1

Open in Telegram
1 907
Subscribers
-224 hours
-87 days
-930 days
Posts Archive
🕌19:10 Uhr Тахана бетта хьалхара шот-де (Samstag) ду вайна.19:15 сахьт даьлча, рогlера нийса ламаз аьлла йолу юкъара дарс хир ю вайн. Дехар ду кегийнаш а къаьсттина маьждиге кхайкхар, ламазан болх бай бан йиш йолуш бац цара а вай а. Аллахlа диканца бекхам бойла шуна!

078-1.mp31.29 MB

🕌Хаам! Бусулба йижаршна хlора шот дийнахь рогlера хуьлаш йолу дарс 5 - Сентябар кхаччалца хир йолуш яц шуна вайн. Аллахlа, диканца бекхам бойла шуна!

Куьйгалхочуьнца лар дан деза гlиллакхаш (хьаккъаш) ду хlорш: 1. Куьйгалхочуьнца ларам хилар. 2. ⁠Куьйгалхочо шена тlе диллинарг дика дар. 3. ⁠Ша цуьнца бинчу барт тlехь чекх валар. 4. ⁠Хьарамчу гlуллакхех лар валар (взятка) кхаъ эцар санчу. 5. ⁠Тешаме хилар. Субхьаналлохl хlокхул хьархарчу декъехь куьйгалхочо 15 хlума дар лар дан дезаш, ткъа куьйгалхочуьнца лар дан дезарг 5 хlума бен дац хьовсийша. Тlаккха цуьнан маьlна хуьл-кх ма доккха ду куьйгаллин жоьпалла бохург. Аллахlа, вайн вовшашна юкъахь долчу хьаккъашкахь нийса чекх довлар лойла вайна!

Хьикмат Ахьнаф бин Къойса (Аллахlа къинхетам бойла цуьнах) аьлла: “Ша волчу меттехь зударий а юарг хьехорах ларлолаш, бlаьрга хьава ца веза шена, шен гайнан а бехке меттиган а бен бала боцуш волу стаг, къонах юачух болх бина лела везаш вац шена мел чlогla езаш ялахь а и юург.“ (Мужаласат ва жавахlири-lилм) Баккхийчара схьа дийцарехь вайн дайшна а ца хилла и ши хlума гуттара хьеха дар къонахчуьнгахь догlуш хlума ду аьлла.

Куьйгалхоша нахаца лар дан деза хьаккъаш ду хlорш: 1. Шегахь долу куьйгалла жоьпийла дуй хаарца нахана тешаме хилар. 2. ⁠Ша нехан юкъарчу гlуллакхан билгал вийриг диканиг билгала ван хьажар. 3. ⁠Нахаца шога ца хилар. 4. ⁠Нахаца гlиллакхе хилар. 5. ⁠Нахаца кура ца хилар. 6. ⁠Нахана пайден дерг деш хилар. 7. ⁠Нехан белха хьакъ дlа далар церан хьацар дакъа а далале. 8. Нехан ⁠юкъара даьхний лардар. 9. ⁠Кхаъ эцарха ларвалар. 10. ⁠Шен куьйгалла бахьанехь шена луш долу совгlаташ нахера схьа ца эцар. 11. ⁠Нахана юкъахь нийсо яр. 12. ⁠Шена тlедеана арз дика таллар. 13. ⁠Нехан сакхаташ цалехар. 14. ⁠Нахах дага волуш хилар. 15. ⁠Наха шена деш долу дика хьехар тlелоцуш хилар. 16. ⁠Нахана дика масал хилар. Аллахlа вовшин хьаккъаш лардойтийла вайга!

Цомгашчо лоьраца лар дан деза гlиллакхаш ду хlорш: 1. Лоьраца ларам хилар, цуьнан мах хаарца. 2. ⁠Лоьре шен хьал дика дlа дийцар, ша цулла а дика хууш ву а ца моьтташ. 3. ⁠Лоьро шена билгала дина дарба леладар, нагахь ша ца лелийнехь лоьре и дlа хаийтар ша цо яздина дарба лелош цахилар, йа ша кхин дарба лелош велахь иза а цунна довзийтар цунах хьул цадеш. 4. ⁠Лоьрана баркал алар, къаьсттина Аллахlа цуьнгахуьла шена гlолий йича. Аллахlа вовшин мах хаар лойла вайна!

🕌19:00 - Дарс Тахана сарахь рогleра дарс хир ю вайн ин ша Аллахl: Вайн Пайхмаран ﷺ куьцаш дуьйца жайнин тleра (Имам Тирмизийн رحمه الله) 56/50, 51, 52 - гlа дáкъа. 415/360 - гlа хьадис. 1. Аллахlан Элчано ﷺ хьижамат йойташ хилла хилар дуьйца дакъа ду хlара. 2. ⁠Аллахlан Элчан ﷺ масех цlе хилла йоккхаш. 3. ⁠Цуьнан дахаран куц. (صلى الله عليه وسلم)

Лоьро цомгашчуьнца лар дан деза (áдáбаш) ду хlорш: 1. Цомгашчунна ша дарба хьехале, шен ният нисдар, нахана гlо дан lалашо хилийтарца 2. ⁠Шен балхах дерг динехь долчуьнца нис да хьажар, динехь дерг lама дарца. 3. ⁠Цомгашчаьрца кlеда мерза хилар. 4. ⁠Цаьрца вела велла, векха велла хилар. 5. ⁠Царна куралла ярха лар валар. 6. ⁠Царна молха дарба яздарехь сих ца валар, дика тlаьхьа кхиар. 7. ⁠Цомгаш чуьнга дог ца диллийтар, ин ша Аллахl хьо кхин а дуккха а вехар ву, толур ву хьуна аьлла дог эцар. 8. ⁠Бlарса лар дар, церан lовратех. 9. ⁠Церан цамгар нахала ца яккхар. 10. ⁠Уьш лебарха ларвалар, ша охlла верг бен цадарца. Аллахlа вайн цомгашчарна маршалла дойла.

photo content

Хьикмат Табиlийних волу Ибрахlийм ан-нахаlий бохуш волу цхьа дика стаг (Аллахlа къинхетам бойла цуьнах) кхалха герга вахча, lимрана-лхаййатlа аьлла; шаьш и волче дахча, шайна и воьлхаш карийра, тlаккха шаьш хаьттира цуьнга хьо хlунда воьлхаш ву аьлла, цо элира; са оьцаш долу малик (маликул-мавт) схьа кхачаре хьоьжаш lаш ма ву ша, шена хууш ма дац цо шега ялсаманца боккхар бу кхаъ, йа жоьжахатца боккхар бу кхаъ.“ (Мавсуlат ибн Абиддунья/5/339) lожалло лаца-м лоцу, хьо кийча вуй ваций, хьо жима вара, вацар а ца хоьтташ. Аллахlа Шен къинхетам бойла вайха!

Лераме вежарий-йижарий, вайн берриге а дешархой тахана дуьйна дlа хецна вай, хlокху аьхкенан фериенашкахь дlаса боьлхарш дукха хиларна тlе а доьгlна. Аллахlа вайна пурба лахь, 05.09.2026 юха а дlа буьйла бала безар бу вайн дешархой. Ин ша Аллахl Аллахlа вайн дешархой а, вай а, лардойла массо а вонах! و جزاكم الله خيرا

AUDIO-2026-06-28-15-33-30.m4a3.85 KB

Бобераца бусулба наха лар дан деза хьаккъаш, (áдáбаш) ду хlорш: 1. Бобераца дика хилар. 2. ⁠Боберан оьшарг латта дар. 3. ⁠Церан догэцар, царна халахетар ца деш. 4. ⁠Церан делахь даьхни лардар. 5. ⁠Цаьрца харцо лелорах ларвалар. 6. ⁠Церан даьхни бакъо йоцуш даарха ларвалар. 7. ⁠Церан даьхни бакъо йоцуш даар уггаре а доккха къа ду аьлла билгала динчу ворхlаннах дуй хаар. Аллахlа вовшин хьаккъаш лардар лойла вайна!

Бобераца бусулба наха лар дан деза хьаккъаш, áдáбаш) ду хlорш: 1. Бобераца дика хилар. 2. ⁠Боберан оьшарг латта дар. 3. ⁠Церан догэцар, царна халахетар ца деш. 4. ⁠Церан делахь даьхни лардар. 5. ⁠Цаьрца харцо лелорах ларвалар. 6. ⁠Церан даьхни бакъо йоцуш даарха ларвалар. 7. ⁠Церан даьхни бакъо йоцуш даар уггаре а доккха къа ду аьлла билгала динчу ворхlаннах дуй хаар. Аллахlа вовшин хьаккъаш лардар лойла вайна!

Бобераца бусулба наха лар дан деза хьаккъаш, гlиллакхаш (áдáбаш) ду хlорш: 1. Бобераца дика хилар. 2. ⁠Боберан оьшарг латта дар. 3. ⁠Церан догэцар, царна халахетар ца деш. 4. ⁠Церан делахь даьхни лардар. 5. ⁠Цаьрца харцо лелорах ларвалар. 6. ⁠Церан даьхни бакъо йоцуш даарха ларвалар. 7. ⁠Церан даьхни бакъо йоцуш даар уггаре а доккха къа ду аьлла билгала динчу ворхlаннах дуй хаар. Аллахlа вовшин хьаккъаш лардар лойла вайна!

🕌21:15 - Дарс Тахана сарахь маьркlижа ламаз дина рогleра дарс хир ю вайн ин ша Аллахl: Вайн Пайхмаран ﷺ куьцаш дуьйца жайнин тleра (Имам Тирмизийн رحمه الله) 56/48, 49 - гlа дáкъа. 415/343 - гlа хьадис. 1. Аллахlан Элчанан ﷺ гlиллакхаш дуьйца дакъа ду хlара. 2. ⁠Аллахlан Элча ﷺ аьхь хеташ хилла хилар дуьйца дакъа ду хlара. (صلى الله عليه وسلم)