1 907
المشتركون
-224 ساعات
-87 أيام
-930 أيام
أرشيف المشاركات
1 906
🕌19:10 Uhr
Тахана бетта хьалхара шот-де (Samstag) ду вайна.19:15 сахьт даьлча, рогlера нийса ламаз аьлла йолу юкъара дарс хир ю вайн.
Дехар ду кегийнаш а къаьсттина маьждиге кхайкхар, ламазан болх бай бан йиш йолуш бац цара а вай а.
Аллахlа диканца бекхам бойла шуна!
1 906
🕌Хаам!
Бусулба йижаршна хlора шот дийнахь рогlера хуьлаш йолу дарс 5 - Сентябар кхаччалца хир йолуш яц шуна вайн.
Аллахlа, диканца бекхам бойла шуна!
1 906
Куьйгалхочуьнца лар дан деза гlиллакхаш (хьаккъаш) ду хlорш:
1. Куьйгалхочуьнца ларам хилар.
2. Куьйгалхочо шена тlе диллинарг дика дар.
3. Ша цуьнца бинчу барт тlехь чекх валар.
4. Хьарамчу гlуллакхех лар валар (взятка) кхаъ эцар санчу.
5. Тешаме хилар.
Субхьаналлохl хlокхул хьархарчу декъехь куьйгалхочо 15 хlума дар лар дан дезаш, ткъа куьйгалхочуьнца лар дан дезарг 5 хlума бен дац хьовсийша.
Тlаккха цуьнан маьlна хуьл-кх ма доккха ду куьйгаллин жоьпалла бохург.
Аллахlа, вайн вовшашна юкъахь долчу хьаккъашкахь нийса чекх довлар лойла вайна!
1 906
Хьикмат
Ахьнаф бин Къойса
(Аллахlа къинхетам бойла цуьнах) аьлла:
“Ша волчу меттехь зударий а юарг хьехорах ларлолаш, бlаьрга хьава ца веза шена, шен гайнан а бехке меттиган а бен бала боцуш волу стаг, къонах юачух болх бина лела везаш вац шена мел чlогla езаш ялахь а и юург.“
(Мужаласат ва жавахlири-lилм)
Баккхийчара схьа дийцарехь вайн дайшна а ца хилла и ши хlума гуттара хьеха дар къонахчуьнгахь догlуш хlума ду аьлла.
1 906
Куьйгалхоша нахаца лар дан деза хьаккъаш ду хlорш:
1. Шегахь долу куьйгалла жоьпийла дуй хаарца нахана тешаме хилар.
2. Ша нехан юкъарчу гlуллакхан билгал вийриг диканиг билгала ван хьажар.
3. Нахаца шога ца хилар.
4. Нахаца гlиллакхе хилар.
5. Нахаца кура ца хилар.
6. Нахана пайден дерг деш хилар.
7. Нехан белха хьакъ дlа далар церан хьацар дакъа а далале.
8. Нехан юкъара даьхний лардар.
9. Кхаъ эцарха ларвалар.
10. Шен куьйгалла бахьанехь шена луш долу совгlаташ нахера схьа ца эцар.
11. Нахана юкъахь нийсо яр.
12. Шена тlедеана арз дика таллар.
13. Нехан сакхаташ цалехар.
14. Нахах дага волуш хилар.
15. Наха шена деш долу дика хьехар тlелоцуш хилар.
16. Нахана дика масал хилар.
Аллахlа вовшин хьаккъаш лардойтийла вайга!
1 906
Цомгашчо лоьраца лар дан деза гlиллакхаш ду хlорш:
1. Лоьраца ларам хилар, цуьнан мах хаарца.
2. Лоьре шен хьал дика дlа дийцар, ша цулла а дика хууш ву а ца моьтташ.
3. Лоьро шена билгала дина дарба леладар, нагахь ша ца лелийнехь лоьре и дlа хаийтар ша цо яздина дарба лелош цахилар, йа ша кхин дарба лелош велахь иза а цунна довзийтар цунах хьул цадеш.
4. Лоьрана баркал алар, къаьсттина Аллахlа цуьнгахуьла шена гlолий йича.
Аллахlа вовшин мах хаар лойла вайна!
1 906
🕌19:00 - Дарс
Тахана сарахь рогleра дарс хир ю вайн ин ша Аллахl:
Вайн Пайхмаран ﷺ куьцаш дуьйца жайнин тleра
(Имам Тирмизийн رحمه الله)
56/50, 51, 52 - гlа дáкъа.
415/360 - гlа хьадис.
1. Аллахlан Элчано ﷺ хьижамат йойташ хилла хилар дуьйца дакъа ду хlара.
2. Аллахlан Элчан ﷺ масех цlе хилла йоккхаш.
3. Цуьнан дахаран куц.
(صلى الله عليه وسلم)
1 906
Лоьро цомгашчуьнца лар дан деза (áдáбаш) ду хlорш:
1. Цомгашчунна ша дарба хьехале, шен ният нисдар, нахана гlо дан lалашо хилийтарца
2. Шен балхах дерг динехь долчуьнца нис да хьажар, динехь дерг lама дарца.
3. Цомгашчаьрца кlеда мерза хилар.
4. Цаьрца вела велла, векха велла хилар.
5. Царна куралла ярха лар валар.
6. Царна молха дарба яздарехь сих ца валар, дика тlаьхьа кхиар.
7. Цомгаш чуьнга дог ца диллийтар, ин ша Аллахl хьо кхин а дуккха а вехар ву, толур ву хьуна аьлла дог эцар.
8. Бlарса лар дар, церан lовратех.
9. Церан цамгар нахала ца яккхар.
10. Уьш лебарха ларвалар, ша охlла верг бен цадарца.
Аллахlа вайн цомгашчарна маршалла дойла.
1 906
Хьикмат
Табиlийних волу Ибрахlийм ан-нахаlий бохуш волу цхьа дика стаг
(Аллахlа къинхетам бойла цуьнах) кхалха герга вахча, lимрана-лхаййатlа аьлла; шаьш и волче дахча, шайна и воьлхаш карийра, тlаккха шаьш хаьттира цуьнга хьо хlунда воьлхаш ву аьлла, цо элира; са оьцаш долу малик (маликул-мавт) схьа кхачаре хьоьжаш lаш ма ву ша, шена хууш ма дац цо шега ялсаманца боккхар бу кхаъ, йа жоьжахатца боккхар бу кхаъ.“
(Мавсуlат ибн Абиддунья/5/339)
lожалло лаца-м лоцу, хьо кийча вуй ваций, хьо жима вара, вацар а ца хоьтташ.
Аллахlа Шен къинхетам бойла вайха!
1 906
Лераме вежарий-йижарий,
вайн берриге а дешархой тахана дуьйна дlа хецна вай, хlокху аьхкенан фериенашкахь дlаса боьлхарш дукха хиларна тlе а доьгlна.
Аллахlа вайна пурба лахь, 05.09.2026 юха а дlа буьйла бала безар бу вайн дешархой.
Ин ша Аллахl
Аллахlа вайн дешархой а, вай а, лардойла массо а вонах!
و جزاكم الله خيرا
1 906
Бобераца бусулба наха лар дан деза хьаккъаш, (áдáбаш) ду хlорш:
1. Бобераца дика хилар.
2. Боберан оьшарг латта дар.
3. Церан догэцар, царна халахетар ца деш.
4. Церан делахь даьхни лардар.
5. Цаьрца харцо лелорах ларвалар.
6. Церан даьхни бакъо йоцуш даарха ларвалар.
7. Церан даьхни бакъо йоцуш даар уггаре а доккха къа ду аьлла билгала динчу ворхlаннах дуй хаар.
Аллахlа вовшин хьаккъаш лардар лойла вайна!
1 906
Бобераца бусулба наха лар дан деза хьаккъаш, áдáбаш) ду хlорш:
1. Бобераца дика хилар.
2. Боберан оьшарг латта дар.
3. Церан догэцар, царна халахетар ца деш.
4. Церан делахь даьхни лардар.
5. Цаьрца харцо лелорах ларвалар.
6. Церан даьхни бакъо йоцуш даарха ларвалар.
7. Церан даьхни бакъо йоцуш даар уггаре а доккха къа ду аьлла билгала динчу ворхlаннах дуй хаар.
Аллахlа вовшин хьаккъаш лардар лойла вайна!
1 906
Бобераца бусулба наха лар дан деза хьаккъаш, гlиллакхаш (áдáбаш) ду хlорш:
1. Бобераца дика хилар.
2. Боберан оьшарг латта дар.
3. Церан догэцар, царна халахетар ца деш.
4. Церан делахь даьхни лардар.
5. Цаьрца харцо лелорах ларвалар.
6. Церан даьхни бакъо йоцуш даарха ларвалар.
7. Церан даьхни бакъо йоцуш даар уггаре а доккха къа ду аьлла билгала динчу ворхlаннах дуй хаар.
Аллахlа вовшин хьаккъаш лардар лойла вайна!
1 906
🕌21:15 - Дарс
Тахана сарахь маьркlижа ламаз дина рогleра дарс хир ю вайн ин ша Аллахl:
Вайн Пайхмаран ﷺ куьцаш дуьйца жайнин тleра
(Имам Тирмизийн رحمه الله)
56/48, 49 - гlа дáкъа.
415/343 - гlа хьадис.
1. Аллахlан Элчанан ﷺ гlиллакхаш дуьйца дакъа ду хlара.
2. Аллахlан Элча ﷺ аьхь хеташ хилла хилар дуьйца дакъа ду хlара.
(صلى الله عليه وسلم)
متاح الآن! بحث تيليغرام 2025 — أهم رؤى العام 
