1 925
Suscriptores
+224 horas
+17 días
+1230 días
Archivo de publicaciones
1 925
Ша цхьа гlуллакх дале, оцу гlуллакхах дикачунна тlенис вар Аллахlе доьхачо, лар еш йолу бакъонаш ю хlорш (áдабаш):
Дикачу гlуллакхан ша тlенисвар дехар, и гlуллакх жима делахь а доккха делахь а (истихарахl).
Истихарат дале хьалха ша ден долучу хlуман тlехь, и дийр ду ас аьлла сацам бина ца хилар.
Ша и доlа дале хьалха оцу ниятца ши ракlат суннат ламаз дар.
Ша ламазан салам делла ма ваьлла шен ши куьг айбина суннатера истихарат доlа дар.
Истихарат ламаз ша дечу хенахь, ламаз дан ца мегачу хеначохь ца дар.
Истихарат доlа суннатехь ма хиллара lаьрбин маттахь дан хьажар.
Цултlаьхьа ша хlара хlума дийр дукха аьлла сацам бина дина долу хlума, и гlуллакх чекх далар мухха а нис деллехь Делан къадарна реза хилар.
Нагахь санна ша и ламаз доlа дича а, дага вала эшахь дага волучух ша дага ваьлча а, нийса дерг хlара хир дукха аьлла шена цхьа сацам балуш бацахь, юха а дан йиш йолуш ду и.
1 925
Дарс - 4
Жайна - (Ал-азкаруннававиййату) Дела хьехор, имам Аннавийй жайна ду:
Коьрта дакъош 25/2
349/11 - дáкъа. 1324/65 - хьадис
Цlанонан азкараш:
Нишка воьдачо олург.
Нишкахь къамел ца мега.
Нишкахь волучуьнга салам дала ца мега.
Нишкара ара волачо олург.
Ламаз эца волалучо олург.
Лийча волалучо олург.
Хи доцуш висча, йа цомгаш хилла хи лелор зене долуш хьал тlе деаъача, латтийца тайаммум дечо олург.
1 925
18.09.2026.
Рузбан хьехам:
"Аллахlaн цlераш - 50, 51, 52 (Ал-Муъмин - Ас-содикъ) - (Ал-Мухlаймин) бохучу цlерийн маьlна".
1 925
11.09.2026
Рузбан хьехам:
"Вайн Элча (ﷺ) бакъ Элча хиларан билгалонех ду - цо хloкха умматехь хир ду баьхна долу вовшийн гергара нахана юкъара марзо дlаялар, гучу далар.“
1 925
04.09.2026
Рузбан хьехам:
"Вайн Элча (ﷺ) бакъ Элча хиларан билгалонех ду - цо хloкха умматехь хир ду баьхна долу сутаралла - дуьнена хlуман чlогlа бlаьрмециг хилар гучу далар“
1 925
28.08.2026.
Рузбан хьехам:
"Аллахlaн цlераш - 48, 49, (Ас-суббухь - Ас-салам) бохучу цlерийн маьlна".
1 925
Хьикмат
Имам Аннавийс
(Аллахlа къинхетам бойла цуьнах) аьлла:
“Гlийбат дечунна ша и гlийбат хьарам хиларха терра, цуьнга ладогlар а цунна тlетар а ду хьарам, шен гlийбат деш хезча цуьнга дlа ала дезаш ву иза, оцу къинах кlелхьара вала лаахь, и цуьнга дlа аьлча шена цхьа боккха кхерам цуьнгара бацахь, цуьнга и мегаш дац ала ша кхоьраш велахь дагца инкарло йина а оцу меттера хьала а гlеттина дlа ваха везар и сурат ал-анlам чуьра 68 аят тlе а доьгlна.“
(Ал-азкар/333 -334)
Къонахаллийца догlаш хlума дац аьлла lеламнаха гlийбат дар, Вал-lиязу биллахl.
Аллахlа lалаш дойла вай къонахаллийца цадогlарш вайгара дийларха!
1 925
🕌11:00 Uhr
Кхана (Sonntag) Кlиран-де ду.
Бусулба йижаршна рогlера дарс хир ю вайн,
ин ша Аллахl.
Жайни-цlе:
Дикачу зудчана (сифáташ) амалш:
64/32 Тема - 33:
Дикачу зудчана сифатеха ду, шен мотт ца оьшаш мелдолучу вон хlуманех лар бар.
Аллахlа, диканца бекхам бойла шуна!
1 925
(Общество) юкъараллехь массара а цхьабос лар ян езаш йолу бакъонаш ю хlорш (áдабаш):
Охьа догlу хиш татолаш бехдарха лар валар, хlаваъ бехдарха а, йа муьлхха а юкъара садоlа меттигаш бех ярха лар валар.
Хи дукха ца дайъар.
Наха садоlа меттигашкахь нишка вахарха лар валар.
Цхьаммо гlиллакх доцучо некъахь охьа кхоьссина, нахана новкъарло хин йолу хlума дlа яккхар.
Юкъара lиндагlан дегlна дитташ, йа стоьмийн дитташ, хеда дарха лар валар.
Наха пайда оьцан долу стоьмийн дитташ дlадогlар.
Массара а юкъахь пайда оьцаш йолу меттигаш бех ярха а хlаллак ярха а лар яр.
1 925
Стаг вала герга вахча буха бисинчаьрга шен весет дан дезаш хlума долучунна хаа езаш йолу бакъонаш ю хlорш (áдабаш):
Дlа яздина кийча дитар, ша нахана дlа дала декхар верг а, шел тlаьхьа шен бахамах сагlийна дала луург а.
Ша велча шен бахамах дакъа кхочуш боцуш болчу гергарчу нахана, йа кхечарна гlонакъосталлийна ша луш долу даьхни билгала дар, амма шен берриге а буха буьсча бахамах кхоалгlа декъе кхочур доцуш.
Ша велча шен бахамах хlума сагlийна весет дечунна тlехь декхар хила а ца деза.
Ша велча шен бахам кхочучу шен верасшна, ша велча хlоккхал оццал царна бахам ло аьлла весет дан а цамега.
Уггар хьалха Делан хьакъ ду делахь дlа яздина хила дезаш, масала, ша нузрийца кхобар ду аьлла марха кхабаза дисинехь иза верасо кхобар ду цунна тlера, иштта дlа далаза дисина дуй къарбарна каффарат а.
Хьарам новкъахь шен бахам весет бан ца мега.
Ирс кхочуш болу шен буха буьсачу верасашна бахам буха бисарна кхоьраш и дlа бекъа эр дац цо, алахь а кхоалгlа декъе кхачар доцуш хир ду и.
1 925
Совгlат дан луучунна хаа езаш йолу бакъонаш ю хlорш (áдабаш):
Совгlат даларехь сутар хилар, жима дара аьлла ца lаьш.
Совгlат уггар хьалха шен гаргарачарна далар, уллера лулахо хьалха ваккхар.
Ша совгlaт дича алсам хаза хетан долу хан харжар совгlат дарехь.
Шена дина совгlат юха цатохар мел жима делахь а.
Къаьсттина хаза хьожа йогlург юха цатохар.
Шена елларг хьарам хlума елахь къобал ца дар, масала лачкъийна хlума схьа ца эцар.
Шена совгlат диначунна шен аьтту белахь юха совгlат дар, аьтту бацахь баркалла алар.
Шена делча совгlатах кхечунна а цунах хlума кхачийта хьажар.
Ша елла хlума юха схьа ца яккхар, делахь а оцу декъехь ден а ненан а бакъо йолш ду иза.
Доьзална дечу совгlатехь нийсо яр, цхьаъ цхьаннал сов ца воккхаш.
1 925
🕌11:00 Uhr
Кхана (Sonntag) Кlиран-де ду.
Бусулба йижаршна рогlера дарс хир ю вайн,
ин ша Аллахl.
Жайни-цlе:
Дикачу зудчана (сифáташ) амалш:
64/32 Тема - 32:
Дикачу зудчана сифатеха ду, шен лерг ца оьшаш мелдолучу вон хlуманех лар дар.
Аллахlа, диканца бекхам бойла шуна!
1 925
Дарс - 4
Жайна - (Ал-азкаруннававиййату) Дела хьехор, имам Аннавийй жайна ду:
Коьрта дакъош 25/2
349/11 - дáкъа. 1324/65 - хьадис
Цlанонан азкараш:
Нишка воьдачо олург.
Нишкахь къамел ца мега.
Нишкахь волучуьнга салам дала ца мега.
Нишкара ара волачо олург.
Ламаз эца волалучо олург.
Лийча волалучо олург.
Хи доцуш висча, йа цомгаш хилла хи лелор зене долуш хьал тlе деаъача, латтийца тайаммум дечо олург.
1 925
Дарс - 3
Жайна - (Ал-азкар) Дела хьехор: Дикачу нехан хазнаш а, билгалонаш а.
Коьрта дакъош 25/1 349/2 - дáкъа. 1324/36 - хьадис
Билгала йолчу хенашкахь деш долу азкараш:
Наб йина гlетча олург
Тlе хlума юхуш олург
Керла хlума йоьхначо олург
Керла хlума йоьхначуьнга олург
Тlе хlума муха юха а, тlера дlа муха йоккху а
Тlера хlума дlа яьккхича олург
Хlусамера ара волуш олург
Хlусаме чу ваьлча олург
Сатасале хьала гlеттина ара ваьлча олург.
1 925
Хьикмат
Имам Бухарийс
(Аллахlа къинхетам бойла цуьнах) аьлла:
“Шен сохьихь жайнин чу мел яз деш долу хьадис и цучу яздале хьалха лийча а лийче ламаз керахь хилийта, тlаккха ши ракlат суннат ламаз дина а бен цучу яз ца дора ша, и шен жайна вовшах тоха 16 шо хан а йийзира шена, ша и жайна гулдар бахьана, Аллахlан а шена а юкъахь шена хьужжат хилийта дара, Аллахlан Элчанан ﷺ суннат лар диначарех хиларе са туьйсаш.“
(Сияр аlлам аннубалаъ/12/302)
Аллохlу акбар - 7397 хьадис хlоразза а цо ши ракlат ламаз дина хилча, ма дукха суннат ламазаш хила деза цуьнан.
Ма чlогlа сутара хилла уьш суннат lамална.
Вай дац лартlехь фард ламаз кхочаш далуш а, Аллахlа Ша къинхетам бинарг воцург.
Аллахlа Шен къинхетам бойла цуьнах а вайх а!
1 925
Жима белахь а боккха белахь а бала-сингаттам шена тlе беаначунна хаа езаш йолу бакъонаш ю хlорш (áдабаш):
Дуьне сингаттамийн цlа дуй хаар, мацца хилла а цхьа-цхьа сингаттам бала тlе ца кхочуш вуьсийла дац хlокху дуьнентlехь.
Бала-сингаттам тlебеанчо ала дезарг «инна лиллахlи ва инна илайхlи рожиlуна, Аллохlуммаъжурний фий мусийбатий ва ахлифлий хойрон минхlа».
Шега сингаттам гlайгlа бала кхаьчначо суннатехь деш долу зикар доla дар.
Собарха ца вохар, шена Делера ял хиларе сатийсарца, ша и сингаттам бахьанехь къинойх цlан луш вуй хаар.
Оьгlаз ца эхар шена тlе деана чунна, иштта ца оьша къамел ца дар шен баланах лаьцна, реза воцуш мохь хьекхарха лар валар, ша шена тlе кховдарха лар валар.
Аллахlа хlара дуьненан сингаттамаш-баланаш бахьанехь массо а къинойх цlан дойла-кх вай!
1 925
🕌
السلام عليكم و رحمة الله و بركاته!
Сарахь рогlера хила еза дарс хила аьтту ца бели вайн тахана!
