1 933
订阅者
-224 小时
+177 天
+330 天
帖子存档
1 933
Хьикмат
Суфьян Ассаврийс
(Аллахlа къинхетам бойла цуьнах) аьлла:
“Цхьаъ гал вала а, нисвала а, (влиять деш) lаткъам беш цхьаъа а хlума дац шуна, стага шена улле хlоттош вулучулла а чlогlа.“
(Ал-ибанахl/3/4)
Ма бакъ ду и:
Дин нийса lамо луург улле хlоттийча дин lамор бала хуьла стега.
Дуьне бен кхин гуш хlума доцург улле ваькхча дуьне хуьла дерриге а дахар.
Динах нийса кхетам боцу стаг улле ваькхча, шен ларах гал а воле цуьнан амале воьрза.
Иштта хlора адамана чу дилнарг ду иза, шен уллерачуьнгара хlума схьа оьцаш хилар.
Ма доккха (ниlмат) дика болх бу, Аллахlа дика го балар.
Аллахlа лардойла вай, вочу гонах (во нах уллехь хиларха)!
1 933
Нахе диканиг де, вониг ма де бохуш хьехамаш дан луучо лар ян йезаш йолу бакъонаш йу хlорш (áдáбаш):
Ният цlена хила деза, ният цlена доцу хlума цхьа а дац, лартlехь.
Фикъхlа доьвзаш а lилма хууш а хила веза, хlунда аьлча, ша хlун дийца деза а ца деза а хууш воцучо то дарал а доха до хlума.
Ша уггаре хьалха ца оьшарш вовшах детташ хила ца веза.
Хезнарг бакъ дан сиха вала ца веза.
Нахаца кlеда-мерза хила веза.
Собаре, сиха воцуш хила веза.
Нехан хlумане сатуьйсаш хила ца веза.
Ша де, йа ма де олуш долучуьнан хьелаш довза деза, масала, куьйга хийца йиш йерг а, маттаца ала йиш йерг а, дагца инкарло яртlехь саца везаш дерг а хlун ду хууш хилар.
Ша дуьйцарг а лелориг а цхьаьна догlаш хила веза.
1 933
🕌11:00 Uhr
Кхана (Sonntag) Кlиран-де ду.
Бусулба йижаршна рогlера дарс хир ю вайн,
ин ша Аллахl.
Жайни-цlе:
Дикачу зудчана (сифáташ) амалш:
64/40 Тема - 40:
“Дикачу зудчана сифатеха ду, эсала хилар, олу дашца а, гӀуллакхца а, кӀеда-мерза хилар, олу дош шога-кlоршаме чоьвне доцуш.“
Аллахlа, диканца бекхам бойла шуна!
1 933
🕌18:30 Uhr
Тахана бетта хьалхара шот-де (Samstag) ду вайна. 18:30 сахьт даьлча, рогlера нийса ламаз аьлла йолу юкъара дарс хир ю вайн, ин ша Аллахl.
Пхьуьйра ламаз дина:
Дехар ду кегийнаш къаьсттина маьждиге кхайкхар, ламазан болх бай бан йиш йолуш бац цара а вай а.
Аллахlа диканца бекхам бойла шуна!
1 933
Цхьана стага гlалат дича, цунна (насийхьат) хьехар дан луучо лар ян йезаш йолу бакъонаш йу хlорш (áдáбаш):
Ният цlена хила деза, вуьшта аьлча, цхьаммо нийса доцург дича цуьнан гlалат нис дина Делера шена ял хиларе са тийса хила йеза lалашо. Амма цуьнца къийса вала а йа иза охьа таlо а, йа ша тlех дика хууш ву цулла а, йа ша цулла гlоли ву аьлла хетийта хила ца йеза хьехар даран lалашо.
Цуьнах гlалат дер дацарте бохуш сатуьйсаш хила а ца веза, и гlалат цуьнах даьлча самукъа дер долуш.
Ша цунна хьехар дина бохуш дийца а ца деза, (неискренность) рияъ деш волучо санна.
Цуьнан цlе а йоккхуш нахана юкъахь хила ца деза и хьехар.
Хьехар кlеда-мерза хила деза.
Хьехар дийриг цуьнах дог лозуш хьехар деш хила веза.
Хьехар дийриг цунна lоттар ярхьама, йа иза йуьхьаlаьржа хlотторхьама хьехар деш хила ца веза.
Ишта шех дог лозуш шена хьехар дан веаначунна хаза жоп дала а деза, вуьшта аьлча, хала хетар доцуш, мелхо а цунна баркале хиларца.
1 933
Закат а сагlа а лучо лар ян йезаш йолу бакъонаш йу хlорш (áдабаш):
Ният цlена хила деза, ният цlена дацахь цхьа а пайда бац муьлхха а lамалехь.
Луш дерг цlена хила деза, пуьташца, йа мухха а харц некъаца кара деана доцуш, ткъа и тайпа дерг, ша дерриге дlа делча а сагlана пайда хуьлаш бац.
Луш дерг шена оьшаш доцург хила ца деза.
Цlенчу даггара хила деза, вуьшта аьлча доггах, ца ваьлча ден доцуш.
Ша сагlа делларг шена бехке хета ца веза.
Ша йелларг йуху схьа яккха ца йеза.
Гергарачарна хьалха дала деза.
Шен аьтто болччура сагlа сов даккха деза, аьтто боцуш ша висале.
Къайлах дала хьажа веза, хlунда аьлча, Делан дуьхьа деш долу хlума къайлах хилар ду, ша бух (основа).
1 933
Закат а сагlа а лучо лар ян йезаш йолу бакъонаш йу хlорш (áдабаш):
Ният цlена хила деза, ният цlена дацахь цхьа а пайда бац муьлхха а lамалехь.
Луш дерг цlена хила деза, пуьташца, йа мухха а харц некъаца кара деана доцуш, ткъа и тайпа дерг, ша дерриге дlа делча а санlан пайда хуьлаш бац.

Шена ца хуург хоттачо лар ян йезаш йолу бакъонаш йу хlорш (áдабаш):
Ният цlена хила деза, вуьшта аьлча, шена хаар коьрта долчу хlуманехь динан хьукма хlун ду хаа лаар.
Ша хатта а хаьттина шена хиъначу lилманца lамал ян lалашо хилар.
Шена жоп лучу дешна стегаца ларам хилар, цунна хала хетийта а, йа цуьнан lилма дустар йа и зер дуьхьа lалашо ца хилар.
Ша хоттуш волу дешна стаг чlогlа гlайгlане волуш а сингаттамехь волуш а оьгlаз вахана ойла дlа яхана волуш а, хlума ца хаттар.
Ша хотташ дерг хьаьнг хьаьнгге а ца хеттар дика кlант вара аьлла хоттуш дац хаттар, вуьшта аьлча, lилма хаарца жоьпан охlла волучуьнга бен хlума ца хаттар.
Шен хаттар, ша санна ша вехачу меттерачу дешна стаге хаттар.
Хаттар доцу дала хьажар, йеха лекций ца йеш.
Шена жоп хууш делахь, йа цкъа жоп делла делахь юха ца хаттар, дешначу стеган хан ца яйъархьама.
Шена оьшаш долу хlума бен ца хаттар, вуьшта аьлча шена хlинца а тlе lотта делла доцург ца хеттар.
Ша тешаш волчу дешна стага шена жоп деллехь, цуьнга далил ца дехар, цо ша хьаха ца дахь, хlунда аьлча далил кхечанхьа хьахийна хила мега цо.
Шена жоп деллачу дешна стаге баркал алар.
1 933
Динах дерг шега хаттар дина чунна жоп луш волчу дешна стага лар ян йезаш йолу бакъонаш йу хlорш (áдабаш):
Ният цlена хила деза, вуьшта аьлча, нахана ца хуург довзийта а шега хаттар динарг нийсачу новкъа ваккха а хила йеза lалашо.
Жоьпаш луш верг хаза гlиллакх долуш хила веза, нахах кхерда ца веза, йа нах шел лахара хета ца беза.
Ша жоп далале шега динчу хаттарха дика кхета веза.
Ша жоп далале, шен жоьпан маслахьат а зе а дуста деза.
Ша жоп луш волучуьнан lаьш волу меттиг а, зама а, хьелаш а, дуста деза.
Ша деллачу жоьпехь ша гал ваьлла хилар шена билгала даьлча, ша деллачу жоьпах юха вала веза.
Шена дуьззина жоп ца хаахь жоп дала а ца деза.
Шена дика жоп дала хуур дацахь шел гlоле хуучунна тlе нис ван веза хоьттарг.
1 933
Хьикмат
Имам Ахьмада
(Аллах1а къинхетам бойла цуьнах) деш хилла долу до1а ду х1ара:
«Йа Аллах1 Айхьа сан йуьхь Хьо воцуш кхечунна сужуд дарха лар ярха терра, сан йуьхь лар йелахь Хьо воцуш кхечуьнга дехарш дан дезарха а (вуьшта аьлча Ахь делла чуьнца кхачам белахь суна, цхьаьнгге а дехарш дан дезачу хьоле ма ваккха Ахь со).»
(Манакъиб имам Ахьамад/392)
Ма вон х1ума ю (сийсазалла) эхь доцуш хилар.
Аллах1а лардойла вай, сийсазаллех!
1 933
Хьикмат
Имам Ахьмада
(Аллах1а къинхетам бойла цуьнах) деш хилла долу до1а ду х1ара:
«Йа Аллах1 Айхьа сан йуьхь Хьо воцуш кхечунна сужуд дарха лар ярха терра, сан йуьхь лар йелахь Хьо воцуш кхечуьнга дехарш дан дезарха а (вуьшта аьлча Ахь делла чуьнца кхачам белахь суна, цхьаьнгге а дехарш дан дезачу хьоле ма ваккха Ахь со).»
(Манакъиб имам Ахьамад/392)
Ма вон х1ума ю сийсазалла.
Аллах1а лардойла вай, сийсазаллех!
1 933
اللَّهُمَّ إِنِّي أَعُوذُ بِكَ
مِنْ عِلْمٍ لَا يَنْفَعُ،
وَمِنْ قَلْبٍ لَا يَخْشَعُ،
وَمِنْ نَفْسٍ لَا تَشْبَعُ،
وَمِنْ دُعَاءٍ لَا يُسْمَعُ
Аллох1умма инний а1узубика
мин 1илмин ла янфа1
ва мин къолбин ла яхша1
ва мин нафсин ла ташба1
ва мин ду1аин ла юсма1
1 933
Хьикмат
Му1авията
(Аллах1 реза хуьлда цунна) аьлла:
“Массо а нахаца цхьа мотт кара бо шена цаьрца бертахь латта уьш реза барца, ткъа шеца хьаг1-гамо лелош верг реза ца вало шена, цунна лацалуш долу Аллах1а шена дина хиндолу цхьа дика х1ума шегара д1а даллалца.“
(Ал-бидаях1 ванних1aях1/11/417)
Ма боккхачу балехь ву баккъал хьаг1-гамо лелориг!
1 933
Аллахlан дине ша нах кхойкхачо лар ян йезаш йолу бакъонаш йу хlорш (áдабаш):
Ният цlена хила деза.
Ша нахе де, йа ма де олуш дерг дика талла деза lилманца.
Хьикмате хила веза, ша олург маслахьте ду те йа дацте аьлла ойла ярца.
Хазчу дешнашца хила деза хьехар, нахаца шога воцуш.
Цхьаъ шеца къовса веллехь цуьнца гlиллакхах воха ца веза.
Ша нахе хьалха ала дезарг а, тlаьхьа ала дезарг а, доьвзаш хила веза.
Массо а нахе цхьатера къамел дан ца деза, вуьшта аьлча, ша къамел дечийн амалш а, хьекъалш а, лараме берш а, баккхийнаш а, боьвзаш хила веза.
Хан дикиниг харжа йеза Делан дине нах кхайкхарехь.
Шен мотт боьхачу къамелах чlогlа лар бан беза.
Ша ше хесторах лар вала веза.
Ша нахе де олуш долучуьнгахь ша дика масале хила веза.
Нахаца къинхетаме хила веза.
Ладугlа чарна дика доlа деш хила веза.
Нахана къинтlера волуш а хlума дуьташ а хила веза.
Нахаца собаре чекх вала веза.
Ша деш долу хьехар адамо дlа ца лацар аьлла, дог диллина юха вала ца веза.
1 933
Аллахlан дине ша нах кхойкхачо лар ян йезаш йолу бакъонаш йу хlорш (áдабаш):
Ният цlе хила деза.