uk
Feedback
Абу 1абдуллах1

Абу 1абдуллах1

Відкрити в Telegram
1 922
Підписники
+224 години
+67 днів
-630 день
Архів дописів
🕌21:30 - Дарс Тховса маьркlижа ламаз дина, рогleра дарс хир ю вайн ин ша Аллахl: Вайн Пайхмаран ﷺ куьцаш дуьйца жайнин тleра (Имам Тирмизийн رحمه الله) 56/37, 38 - гlа дáкъа. 415/254 - гlа хьадис. 1. Аллахlан Элчанан ﷺ са даlа дlа вижаран куц муха хилла. 2. ⁠Аллахlан Элчано ﷺ lибадат даран куц муха хилла, къаьсттина буьйса день ярехь ламазаш муха деш хилла. (صلى الله عليه وسلم)

🕌11:00 Uhr Кхана (Samstag) Шот-де. Бусулба йижаршна рогlера дарс хир ю вайн, ин ша Аллахl. Жайни-цlе: Дикачу зудчана (сифáташ) амалш: 64/28 Тема - 28: “Дикачу зудчана сифатеха ду, шен динехь долчу хlуманехь шена далил далийча и тlе лацар, вуьшта аьлча, цхьаммо аьлларг далийлан дуьхьал нис деллехь, далил тlе лацар, далилан дуьхьал дерг lад дуьташ хилар“. Аллахlа, диканца бекхам бойла шуна!

Хьекъалечу Лукъмана дина хьехарш ду хlорш къуръан чура: 1. Аллахl цхьаъ велахь. 2. ⁠Деца а ненаца а дика хилалахь. 3. ⁠Аллахlан гуш дуй хаалахь айхьа деш дерг, и мел жима делахь а. 4. ⁠Ламаз нийса хlотта делахь. 5. ⁠Диканиг де а вониг ма де а алалахь. 6. ⁠Хьайна тlе беанчу балийна собаре а хилалахь. 7. ⁠Куралла ярца нахах букъ тохе дlа а ма верзалахь. 8. ⁠Хьайн болар а юкъа неккъара хилийталахь тlех чехка а, тlех меллаша а доцуш. 9. ⁠Нахаца хьайн вист хиларан барам а лар белахь, мохь хьекхар доцуш.

Дарс - 17 Вайн Пайхмаран ﷺ куьцаш дуьйца жайнин тleра (Имам Тирмизийн رحمه الله) 56/34, 35, 36 - гlа дáкъа. 415/223- гlа хьадис. 1. Аллахlан Элчано ﷺ къамел муха деш хилла?. 2. ⁠Аллахlан Элчанан ﷺ велар а вела къажар а муха хилла, цхьа верг санна къахь-къахь бохуш мохь хьоькхаш вийланий иза?. 3. ⁠Аллахlан Элчано ﷺ забар еш хиллий, йа цхьа верг санна lиттарш йой, тlаккха сом забар еш вай олуш хиллий цо, йа цхьа верг санна хилла иза, дан доцурш дуьйцаш нах бела белчхьана бохуш?. (صلى الله عليه وسلم)

Вайн Пайхмаран ﷺ куьцаш дуьйца жайнин тleра (Имам Тирмизийн رحمه الله) 56/31,32,33 - гlа дáкъа. 415/204 - гlа хьадис. 1. Аллахlан Элчано ﷺ муьлха маларш муьйлаш хилла. 2. ⁠Аллахlан Элчано ﷺ хи муха молуш хилла, охьа хиъна, ца торийла йолуш ирахь молуш хиллий цо. 3. ⁠Аллахlан Элчано ﷺ хаза хьожу йогlург лелош хиллий. (صلى الله عليه وسلم)

Вайн Пайхмаран ﷺ куьцаш дуьйца жайнин тleра (Имам Тирмизийн رحمه الله) 56/31,32,33 - гlа дáкъа. 415/204 - гlа хьадис. 1. Аллахlан Элчано ﷺ муьлха маларш муьйлаш хилла. 2. ⁠Аллахlан Элчано ﷺ хи муха молуш хилла, охьа хиъна, ца торийла йолуш ирахь молуш хиллий цо. 3. ⁠Аллахlан Элчано ﷺ хаза хьожу йогlург лелош хиллий. (صلى الله عليه وسلم)

🕌21:30 - Дарс Тховса маьркlижа ламаз дина, рогleра дарс хир ю вайн ин ша Аллахl: Вайн Пайхмаран ﷺ куьцаш дуьйца жайнин тleра (Имам Тирмизийн رحمه الله) 56/37, 38 - гlа дáкъа. 415/241 - гlа хьадис. 1. Аллахlан Элчано ﷺ яз еш олуш йолчу байтийн хьокъехь аьлларг, байташ хастаме ерш а, йоцурш а хуьла, цундела дешнаш яз дарехь маьlане хьаьжжина хуьла цуьнан хьукам. 2. ⁠Аллахlан Элчано ﷺ пхьуьйрал тlаьхьа буса деш хиллачу къамелийн куц. (صلى الله عليه وسلم)

Хьикмат “Аюб пайхlамаре (ﷺ) хаьттина хилла, уггаре а халаниг хlун дара хьуна хьо цамагара бало лаьцначу хенахь аьлла, цо аьлла; ша ца везачийн луур далар дара шена уггар халаниг.” (lуюнул-ахбар/3:117) Хьагl лелочийн луур даларха лардойла вай!

29.05.2026 Рузбан хьехам: "Вайн Элча  (ﷺ)  бакъ Элча хиларан билгалонех ду - цо хlокху умматeхь шен шаьш пайхlмарш ду бохуш нах бевр бу аьлча, уьш гучу бийлар.“

27.05.2026. Г1урбана 1ийд: "Къиймат дийнан хьаккъаш ду вайна тlехь.“

🕌21:15 Uhr Тахана бетта хьалхара шот-де (Samstag) ду вайна.21:15 сахьт даьлча, рогlера нийса ламаз аьлла йолу юкъара дарс хир ю вайн, маьркlижа ламаз дина, ин ша Аллахl Дехар ду кегийнаш а къаьсттина маьждиге кхайкхар, ламазан болх бай бан йиш йолуш бац цара а вай а. Аллахlа диканца бекхам бойла шуна!

🕌11:00 Uhr Кхана (Samstag) Шот-де. Бусулба йижаршна рогlера дарс хир ю вайн, ин ша Аллахl. Жайни-цlе: Дикачу зудчана (сифáташ) амалш: 64/27 Тема - 27: Дикачу зудчана сифатеха ду, шен цlена хиндолу дин шеконе ца диллар а, динехь долчу хlумана реза йоцуш къийс ца ялар а цхьаверг динан белхаш шен сина лаамца богlуш бацахь къийс бала лууш хуьлуш бу, цундела, дикачу зудчана амалеха хlума дац иза.“ Аллахlа, диканца бекхам бойла шуна!

Дин бахьанехь къовса валар шина кепар ду: 1. Хастаме дерг 2. ⁠Хастаме доцург 1 - Хастаме дерг: Дин бахьанехь деш долу хьехар ду шен далийлашцани, и къобал ца дечаьрца lилманца кхетамца къовсалуш. Масала Нухь къийса велла шен къомаца. Адам а Муса а хаза къовса велла вовшашца аьлла ду хьадийсехь. 2 - Хастаме доцург: lилма а доцуш къийс валар ду, иштта мохь хьоькхаш гlара ярца къийсалуш ву ша бохуш, иштта шегара харцо хаз ян гlертачунна шеца къовса вала аьтту баккхар ду. Цундела дин ца дезаш, динехь нахаца къийслуш волучуьнца хьо дебаташ еш велахь хьоьгахь хила дезаш долу бехкамаш (улловеш) ю хlорш: 1. Цуьнца къовса луш верг, шегахь lилма а, шен динах болу кхетам а нийса болуш хила везаш ву, хlунда аьлча, цуьнан шеко дlа яккха дало баххаш доьвзаш хила веза иза. 2. ⁠Эрна хила а ца деза цо цуьнца къийсар, масала мехала йолу шен хан яйъар доцуш хила а деза и. 3. ⁠Цо цуьнца къоьвсича динан пайда хила беза. Вуьшта аьлча, иза бакъо лоьхаш хила везаш ву, иза харцо толо гlерташ къийса луш хила везаш вац. Нагахь санна цаьрца къовсалуш верг ишта вацахь, гlоли дерг и нах оьвхьаз ца бахар ду, царна коментареш ца еш, уьш нахала гlар ца бохуш, вуьшта аьлча, (царна хайп ца еш). Оцу кхаа бехкамца беш боцуш болу къовсамалла а уьш тергал ца беш битар ду гlолехь дерг. Аллахlа дин сийсаз даккха гlертарш сийсаз бойла!

Хьикмат lумар бин lабдул-lазийза (Аллаlа къинхетам бойла цуьнах) аьлла: “Милла велахь шен динехь къийса вала lалашо шена тlе лаьцнарг, иза дехьа-сехьа лелхар ву, (цо дукха динаш хуьйцар ду).“ (Ajurriy sch/116) Ша схьа лаьцначу новкъахь лаьттар вац стаг, нагахь санна шеца къовса вала мел гlертачунна аьтту боккхаш велахь иза, хlунда аьлча, шеца къовсалучо ша эша вахь цунна тlаьхьа хlуттар вац аьлла (гарантий) яц цунна бохург ду и. Ма чlогlа лазаме дерг ду иза хlокху замана чохь.

Аллахlа Шен Элчана суннат довзар а, цуьнца lамал яр а лойла вайна!

Аятан маьlна: “Баккъалла а Аллахlан Элчанехь ду шуна хаза масала, (цунна тlаьхьа даза, цуьнан суннат новкъахь lамал ярца, ткъ
Аятан маьlна: “Баккъалла а Аллахlан Элчанехь ду шуна хаза масала, (цунна тlаьхьа даза, цуьнан суннат новкъахь lамал ярца, ткъа цуьнгахь хаза масала хьанна ду?, вуьшта аьлча, цунна тlаьхьа бозун берш муьлш бу?, дера бу): Аллахlан дикане шаьш сатуьйсаш берш а, къиймат дийнан халонех шаьш кleлхьара довларе са туьйсаш а берш а, Иштта Аллахl Дела дуккха а хьехориш а”

Хьикмат Иброхlийм ан-Нахаlийс (Аллахl реза хуьлда цунна) аьлла: “Хьо шена дукха везачо бен хьоьца забар йийр яц хьуна.“ (Ровдатул-lукъалаъ/80) Делахь а забаран ю-кх шен бакъонаш: 1. Динехь долчу хlуманах кхардар доцуш. 2. ⁠lиттарш яр доцуш. 3. ⁠Пуьташ а доцург а дийцар доцуш. 4. ⁠Тlех дукха яр доцуш. 5. ⁠Ша забар мича хена чохь еш йу а хьаьнца еш йу а хьажар. И бакъонаш лар еш, еш йолу забар суннат ду, ишта ечу забаро юкъахь марзо а самукъа а латтош ду.

photo content

Хьадис Аллахlан Элчано ﷺ аьлла: “Нахе хlумма a ца дехар шена тlе лаьцначунна, аса а тlелоцу цунна ялсамане хир ю аьлла.“ (Сохьихь Абу Давуд/1643) Хьадис дийциначу Савбана (Аллахl реза хуьлда цунна) ша тlелецира аьлла иза. Цундела ша эмкал тlехь воьдаш шен керара шед охьа йоьжча, гlаш вогlу чуьнга иза схьало ца ала, ша охьа а воссе схьа эцар цо аьлла дуьйца. (Яхь чlогlа хlума-м ю)

Хьикмат Хьасанул-Басрийс (Аллахlа къинхетам бойла цуьнах) аьлла: “Баккъалла а ямартлонах ду хьуна, ахь хьайн бусулба вешин къайле кхечуьнга йийцар.“ (Мавсуlат ибн Абиддунья/7/244) Тешаме доцу адам ма кхераме ду.

Абу 1абдуллах1 - Статистика та аналітика Telegram каналу @payde10