MOMSAR
Відкрити в Telegram
«Ткъа ийман диллинчарна АллахӀ чӀогӀо веза.» [ал-БакъарахӀ: 165]
Показати більше2 332
Підписники
-124 години
-97 днів
-1330 днів
Архів дописів
2 331
Ӏилманан мах хоуьйтуш, чӏогӏа мехала къамел ду шуна хӏара, дӏа йазделаш цхьанхьа шайна, скрин йаьккхина ца ӏаш.. Скрин шайна цхьа ца оьшуш доцчу хӏуманна йоккхур йу аша.
2 331
«(Аллахӏан Элчанан ﷺ заманахь) мунепакъаша къамел ца дора хенаца кегий болчу, йа ӏилма шайгахь дукха доцчу асхьабашна хьалха бен.»
———
Тахана а ду изза, цхьа харцо, аьшпаш баржош верг ӏилма долчу наханна хьалха вист а ца хуьлу, ур-атталла мутаӏеламашна иза цхьа лела хууш, оьзда стаг ву моттал, ткъа важа-м лела хууш мунепакъ ву.
2 331
إن طال ليل الآملين فسوف يسفر عن ضياء
сатуьйсучеран буьйса мел йахъеллехь а, серло гучайолуш де къегара ма ду церан
2 331
толстой, достоевский, булгаков, чехов уьш бериш цхьана вовшаха а тоьхна цул тӏаьхьа кхин уьттаза уьш сов баьхча а цара массара эзар кехаташ тӏехь луш болу кхетам цхьана агӏонна тӏехь ло масала Ибн Хьиббан аль-Бустийс шен Ровдатуль-ӏукъалаъ жайни чохь. Вай лоьхура бу кхетам, хьикмат, дахаран некъ бовзар, амма динан Ӏеламнаха санна царах хӏумма а билгалдина цхьа а вац, делазхошна (атеисташна) и мел ӏитталуш делахь а.
"магия утра" аьлла дийна книга яз йо, амма Ӏуьйренан беркат хьадисах цхьана алар юкъахь билгал йина йу, "сан умматан Ӏуьйренашкахь беркат дина" аьлла.
Адам нисдарарх лаьцна масала толстойс 600 стр язйина, амма иза билгал до вайн динехь цхьана Хьадисехь.
Бахамо гал воккхарх лаьцна кхечо язйина 500 агӏо, амма иза цхьана аятехь, йа байтанчо цхьан байт чохь билгалдо.
Кхетам леха безачахь ца лоьху вай.
Ӏумара аьлла: "Аллахӏа Ислам динаца сийлахь дина нах ду вай, кхечу хӏумангахь вай и сийлалла лехахь Аллахӏа сийсаза дийра ду вай."
2 331
«Ахча доцуш хилар гӏолехь ду, гӏиллакх доцуш хуьлучул а.»
Ибн Хьиббан | «Ровдатуль-ӏукъалаъ»
2 331
وعليكم السلام ورحمة الله وبركاته
Ма хьажа цара хӏун боху.. Уьш шаьш а хьере бу..
Мел дукха ду пайде шортта жайнеш. Кху дахарехь хан дӏа мел йоьду, хьан кӏезга хан йисна боху ойла хьан мел чӏагӏло хаьа дахаран мах.. Дахар, хан Аллахӏа вайн деллачу уггар даккхийчу ниӏматех ду. Ларо еза хан.
2 331
«Масне хьох шех лалруш верг пайде хуьлу хьуна ахьа шегара гӏо лохучул а.»
Ибн Хьиббан аль-Бустий | «Ровдатуль-ӏукъалаъ»
2 331
Repost from N/a
قال الشيخ فُضَيْلُ بنُ عِياضٍ - رحمه الله: "مَنْ أطالَ الأمَلَ أساءَ العَمَلَ"
Фудайл ибну ӏийада аьлла, Аллахӏа къинхетам бойла цунах: "Шен [дуьненан] сатийсам боккха болчо, ӏамал тӏехь ледарло йийр йу"
2 331
Цхьа болчу наханна шаьш муьлш бу ца хоуьйтуш интернет чохь цхьанна луьш шаьш охьа ӏеттийча чекх долу моьтту, чекх ца долу, шаьш адамаш делхьара, жимма а шайга церан лерам белхьара шаьш а, шайн лелар а дегаза хета дезар царна. Ца хии цунна хьо мила ву, новкъа даийти ахьа цунна, амма хьуна хьо дегаза муха ца хета? Дера ца хета хьо хьайга цхьа а лерам боцуш, лайш бухкучу базарахь къонахчо 500 сом делла оьцун воцчу лайн амал йолуш, гӏийла са долуш адам хиларна.
2 331
«Маттаца летош долу къинош лайн ӏадате дирзича хала хуьлу цунна уьш ца латош собаре хила.»
Ибнуль-Къаййим | «ӏидату-ссобирийн»
2 331
«Хӏай Рабиӏ, хаалахь, Къуръан ӏамадинарг нехан бӏаьргаш чохь сий лакхадолуш ву хьуна.»
Имам Аш-Шафиӏий | «Хьилятул-авлияъ»
2 331
Ӏаишата (Аллахӏ реза хуьйла цунна) дийцина: гӏенаха сайн хӏусаме кхо бутт бужуш гира суна, и гӏан Абу Бакре дийцира аса. Аллахӏан Элча ﷺ велчул тӏаьхьа Ӏаишатан хӏусамехь дӏа воьллира Иза ﷺ. Абу Бакра элира Ӏаишате: цу кхаа баттах цхьаъ хӏара бу, уггар гӏолехь берг а бу.
«Аль-Муваттӏаъ»
2 331
«Къуръан чохь
пайхамараллийн дийцар — доӏанаш ду.
Адам пайхамаран ﷺ дийцарезь доӏа ду.
Нухь пайхамаран ﷺ дийцарехь доӏа ду.
Хӏуд пайхамаран ﷺ дийцарехь доӏа ду.
Солихь пайхамаран ﷺ дийцарехь доӏа ду.
Шуӏайб пайхамаран ﷺ дийцарехь доӏа ду.
Иброхӏим пайхамаран ﷺ дийцарехь доӏа ду.
Лутӏ пайхамаран ﷺ дийцарехь доӏа ду.
Исмаӏил пайхамаран ﷺ дийцарехь доӏа ду.
Йаӏкъуб пайхамаран ﷺ дийцарехь доӏа ду.
Йусуф пайхамаран ﷺ дийцарехь доӏа ду.
Муса пайхамаран ﷺ дийцарехь доӏа ду.
Хӏарун пайхамаран ﷺ дийцарехь доӏа ду.
Закриййа пайхамаран ﷺ дийцарехь доӏа ду.
Йахья пайхамаран ﷺ дийцарехь доӏа ду.
Аййуб пайхамаран ﷺ дийцарехь доӏа ду.
Йунус пайхамаран ﷺ дийцарехь доӏа ду.
Давуд пайхамаран ﷺ дийцарехь доӏа ду.
Сулайман пайхамаран ﷺ дийцарехь доӏа ду.
Ӏийса пайхамаран ﷺ дийцарехь доӏа ду.
Зуль-Кифл ﷺ а, Идрис ﷺ а ши пайхамаран дийцарехь доӏа ду.
Пайхамарашна мухар таӏош веана волу вайн пайхамаран ﷺ, Цунна а, массо пайхамарашна а Аллахӏера маршо а, хастам а хуьлда, дийцарехь доӏанаш ду.
22 пайхамар ву цара доӏанаш дар Аллахӏан жайнахь хьахийна долуш.
Иброхӏима ﷺ Исхьакъан ﷺ дина доӏа а цхьана 23 пайхамар хуьлу. Ткъа Ильяс ﷺ а, Йасаӏ ﷺ а шин пайхамаран дийцар доцца хьахийна ду.
Тарих, лелла йолу кхел, Дала йина терго, йахана хан а, карара хан а, тӏе йогӏу хан а — доӏанан дийцар ду.
Нисвалар а, тоба дар а, гӏайгӏанаш дӏайовлар а, цамгаршна дарба а, толам а, баланаш дӏа довлар а и дериг а Къуръан чохь доӏа ду.»
Ӏабдуллахӏ БальКъóсим аш-Шахӏрий
2 331
«Дог
кхиаме ца хуьлу,
йа нис а ца ло,
йа цунна ниӏмат ца хаало,
йа цуьнан самукъа ца долу,
йа цунна марзо ца хаало,
йа цунна синтем ца хуьлу,
йа цунна паргӏато ца хаало,
шен Далла ӏибадат дарца, Иза везарца, Цуьнга товжарца бен.»
Ибнуль-Къаййим | «Игӏóсатуллахӏфáн»
