MOMSAR
Открыть в Telegram
«Ткъа ийман диллинчарна АллахӀ чӀогӀо веза.» [ал-БакъарахӀ: 165]
Больше2 316
Подписчики
-424 часа
-147 дней
-830 дней
Архив постов
2 316
Цхьа шеко йоцуш шен дийнан низам (в распорядок дня) юкъе Къуръан хилийтар. И дукха мел хуьлу а де дукха стоьмаш луш хир ду.. И динчунна хаьа и мел пайде ду. Хьа мел чӏогӏа дукха гӏуллакхаш хиларх ахьа цу юкъа Къуръан диллар, ахьа цхьадерг кӏела дуьсу моьттуш, цхьадерг дӏа тоьттуш диллахь а цо чӏогӏа низаме далор ду дериг а. Хӏун хуьлу хьажа цхьана баттахь, тӏаккха хилларг тхоьга дийца.
2 316
وعليكم السلام ورحمة الله وبركاته
Цхьаъ ца хаьржича долуш дацахь ладогӏар хоржур дара.. Амма хаза хеташ хоржур дацар. Делахь а ма доккха ӏазап дукх вист хила хьакъ доцчуьнга ладийха дезар.
2 316
وعليكم السلام ورحمة الله وبركاته
Кхин дала жоп дац сан. Кхечарга хатта деза аша. Аллахӏа ша реза волчунна тӏе нис дойла вай!
2 316
Хӏинца хьо муьлхара ву ца хаьа суна. Амма Хьох дог лаза деликх сан сел кхин ирс гина воцчу)
أسعدك الله في الدنيا والآخرة
2 316
وعليكم السلام ورحمة الله وبركاته
Ца дешна аса. Ца хаьа суна дериг жайнан мах хадо. Амма наггахь жайнеш чохь Гӏазалийн къамел хазам хуьлу чӏогӏа. Шен хаттар долчахь Ӏеламнахе хоттуш жайна дешар во хӏума дац)
2 316
Ка яьлчахь ӏамийна.
Жайнеш гойтура дац.. Нехан бӏаьргаш дика дац) и жайнеш долчо шен доьзална санна дола до царна. Тӏаккха сох кхета мегар ду
2 316
Сан кхетамехь нохчалла, ӏаьрбалла, немцалла, оьрсалла хӏумма йан а йац.. Нохчийн гӏиллакх- оьздангалла ю, ӏарбойн гӏиллакх- оьздангалла ю иштта кхин дӏа..
И нохчалла бохуш кхайкхамаш бийриш дукха хьолахь и динан доьхьала делахь а и шай кхайкхамаш беш хуьлу, цхьа берш атеисташ а хуьлу.. Цундела нохчалла дош хезча цхьа гиний хьуна экхано шен тӏе догӏуш лом дуй хиъча... Лом ма ала дукха доккха сий ду иза..экхано шена тӏе йогӏуш чагӏалкхаш юй хиъча лерг, бӏаьрг ирадокх цо.. Иштта само сов йоккху и нохчалла дош мел леладечо дукха хьолахь. Массарах лаьцна ца бах аса, амма дукха го и тайпа хӏума.
2 316
وعليكم السلام ورحمة الله وبركاته
Адам динчура ара даьлла аьлла сацам бан сиха вала мегар дац.
Амма тахана атеизм дукха яьржина хиларна адам динах далар а даьржина. Иштта хьал хилча гергара нахера и тайпа долуш хилча царна хьехар дар кхин а сов хьакъ дукх. Аллахӏан Элчано ﷺ дукха чӏогӏа къа хьегна шен гергара нах дине балабан.. Масала иттех минотех гергарчу нехан уьйтӏа хоьттина царна динан ӏиттарш йеш хилахь а корта таӏийна ца ӏаш хьайна хеташ долу бакъдерг дӏа а аьлла дӏа вахарх хила зен дац.. Хьо гергарло хуттуш верг хир ву царна хьехам беш верг а хир ву.
2 316
وعليكم السلام ورحمة الله وبركاته
Нийса ду шен куьйга кӏелахь болчарна дола деш хила веза стаг..
Кху чохь иштта цхьа шортта диттал мехала хӏума хилам ца хуьлу. Амма кханенга даллалц дита хьожар ву
2 316
Хьал муха ду хаи хьуна? Лимон юй ӏоьвдана йолу, шех мел долу мутта схьа даьккхина йолу.. Иштта хьал ду.. Ала дерг иза хаза делахь а, дацахь а кху чохь аьлла ду.. Кхи божа бисана тӏадам бац цу лимонан муттех)
