MOMSAR
前往频道在 Telegram
2 363
订阅者
-124 小时
+37 天
+430 天
帖子存档
2 363
«сийсара тхан тӏеман кеманаш дӏахьуш долчу хӏордакеманна 111 ракета тоьхна исламски республик японис.»
доьналд трамп
2 363
Тахана наханна тидам бича зеделларг хӏун ду хьуна, аьлча, 25-30 шераш долуш кегий нах, царах кегий нах алар нийса дацахь а, амма кегий бу-кх уьш, цхьа баккхий хила ца лууш, цхьацца ловзуш, даима забарш йеш, цхьа пайда боцу забарш йеш. Тӏаккха шайл 10 шераш баккхий болчаьрца нийсархой санна хила а гӏерта, амма цу баккхийчарна цхьа лела ца хууш бера санна ша гой ца хууш. Хаац суна-м тхан хенахь 20 шо кхаьчнарг а цхьа хьажаюкъа шад бина, рубашка лакхара нуьйда йоьллина, йа рубашка чухула футболка лелош оьзда хуьлура. 25-30 шо дерг тӏе кхуьуш болчарна масал долуш, лерана къонах хила везара, бера санна шадерг забар, ловзар хилла ваша вешна дӏа а ца волуш.
Валлахӏ хаац, цхьа ӏуьйранна нанас каша даийта хьалха телпо юьллий мультикаш гойтуш, "аааа" алал, бохуш, кхиош волуш санна хила ца везар 30 шаре лестина стаг.
Цул тӏаьхьа 10-15 шераш долчарна ойла йо аса, уьш цу 25-30 шераш долчарал гӏолехь а карбо. Бахьана – хӏун ду аьлча уьш цу 25-30 шо долчара кхиош цахилар хила а мега.
2 363
Адам хьекъал долуш хила деза. Шена хаза хетча шеца и хазахетар доькъуш мила ву а, халахетча и хала хеттарг доькъуш мила ву а хьожуш.
2 363
وعليكم السلام ورحمة الله وبركاته
сайнаг дика яц.
Амма хӏара https://t.me/tolibul_1ilm дика, пайде ю. Чу довла
2 363
Ва иййак. И баккъалла а чӏогӏа жайна ду.. Дешна дукха хан ялале кхин цкъа а деша лууш хьал ду. Дала пайде дойла
2 363
Бакъдерг схьа алар дика ду шу. Амма ца кхеташ дерг питана, зер ду адаманна. Йеша аьлларг йешнехь хилла хир дацар.
2 363
Repost from Мутаӏелиман Ойланаш
Гӏалахь «Garden Coffe» олуш йолу кофейня чохь сагатделча деша жайна доцуш вуьсара вац
2 363
السلام عليكم ورحمة الله وبركاته
Цхьа хӏума хаа лаар..
Вай кху канал чохь дукхазза хьехийна, насыхьат дина деша тамехь дика, пайде жайнеш, хуьлийла уьш ӏарбо маттахь, ненан маттахь йа гӏаскхийн. Аша царах муьлха дешна, муха, мел пайде хилира шуна уьш?
https://twet.link/mmsr
2 363
Вежаралла..
Вайн литературана юкъахь суна уггар цхьа чӏогӏа дагах кхеташ хетта кхо меттиг:
1) Харачойн Зеламха набахтера ведда шайн юртанна герга веача, сарахь шен сингаттамо дукха хьовзийна ара ваьлла волчу шен вашийна Солтамурданна цӏаьххьана иза тӏе кхачар. Иза Мамакаевс дуьйцу шен Зеламха книги чохь.
2) "Еха буьйсанаш" чохь ӏелас шел воккха, шен цхьаъ бен воцу ваша Аьрзу дӏа ваха воьлча дина къамел.
3) "Лайн тӏехь цӏен зезагаш" шина доттагӏчух Ӏумар хьалхе велла хуьлу, цул тӏаьхьа висина волу ӏаба ша мостагӏчух летта чоьвнаша гӏел вича, шен са хьала далале иза Ӏумар коша тӏе вахана цо ӏумаре алар "хьайн доттагӏчунна меттиг кечъйиний ахьа? Хьаша воху хьуна тховса.."
Доцца аьлча вежаралла гойтуш йолу меттигаш чӏогӏа дагах кхеташ хуьлу..
2 363
Лукъман аль-Хьакима элира шен кӏанте:
— Сан кӏант! Ши хӏума ахьа лардахь цул тӏаьхьа ахьа хӏуъа дарх а зен хир дац хьуна: эхартанна хьайн дин а, дуьненна хьайн сом а.
«Аль-мустатӏраф»
2 363
Нехан зударийн бӏаьра хьоьжуш болу стегарий — сий доцу, меца, боьха жӏалеш ду.
إن الرجـال الناظـرين إلى النـسا
مثــل الكلاب تطـوف باللحـمان
إن لم تصن تلك اللحوم أسودها
أكلـــت بلا عـــوض ولا أثمـــان
Баккъалла а, зударшка хьоьжуш болу стегарий..
..жӏалешха тера бу, жижиганна гонахьа хьийзаш долу.
Нагахь и жижигаш шайн долчу лоьмаш лар ца дахь.
Доьхьал цхьа мах а боцуш, маьхза дуура ду (жӏалеша).
Аль-Къахьтӏаний | «ан-нуниййа»
2 363
«Валар шен дагца уллехь латтийначунна шен керахь дерг дукха хетара ду.»
Ӏумар ибн ӏабдил-ӏазиз | «Итхьáфуссáда»
2 363
Мел къаьхьа диъча а хӏицца дӏа дера долуш ду хьуна хӏара, сан ваша. Делахь а, баккъалла а къаьхьа дууш дерг ийманан марзо ца хаалуш дууш дерг ду хьуна.
2 363
Цундела олуш дара и стеган носкиш хьоркел дикка лакхара хила еза, наханна жима хӏума ду моттарх и жима ма дац.
2 363
«Адам цхьа аьттонах долу, иза цуьнга хьакъ ца хиларна а дац иза, делахь а, йан йезачул сов ойланаш цо йарна.»
Ӏабдул-Карим Баккар
