ar
Feedback
MOMSAR

MOMSAR

الذهاب إلى القناة على Telegram

«Ткъа ийман диллинчарна АллахӀ чӀогӀо веза.» [ал-БакъарахӀ: 165]

إظهار المزيد
2 357
المشتركون
+324 ساعات
+127 أيام
+1030 أيام
أرشيف المشاركات
MOMSAR
2 357
Кӏад белла болчу коьрте санна кӏоргера ойланаш хьийзи-те?

MOMSAR
2 357
وعليكم السلام ورحمة الله وبركاته Окх чу https://t.me/momsarr?direct
وعليكم السلام ورحمة الله وبركاته Окх чу https://t.me/momsarr?direct

MOMSAR
2 357
Ма дукха дуьйцуш аса уьш сайн ойланашкахь..
Ма дукха дуьйцуш аса уьш сайн ойланашкахь..

MOMSAR
2 357
Хӏора канал, йа цхьа интернет агӏо лелош волчу стеган дахарехь цхьа мур тӏе кхочу и тӏе кхаьчча цуьнан канал лело дог ца догӏ
Хӏора канал, йа цхьа интернет агӏо лелош волчу стеган дахарехь цхьа мур тӏе кхочу и тӏе кхаьчча цуьнан канал лело дог ца догӏу, бӏаьрсано гӏо ца до, пӏелгаш доьхьала довлу, иэс а йамарт хила долало, тӏаккха ша къанойх хета волало цунна, цунна хӏинца ца лаьа шен дахарехь мел гуш дерг телпо тӏе пӏелгаш шершош, и йаздеш даржош валла.. Цунна лаар хаза воккха, лераме стеган духар доьхна, шен берийн бераш улле а даьхна юртахула адам кӏезга долчехула вола вала «хьовсал дади бераш, иштта, вуьшта ма хилалаш, шу даха! Шаьш ледара ма гайталаш, шайна мел хала хиларх а! Хьажал хьенех, хьайн да санна мича эккхар ву ца хууш ма лелалахь, цӏий шийла, дог шен метта хилалахь. Ткъа хьо, хьенех, хьан да шен вешел собаре велахь а, ойла шен метта велахь а, кхин а собаре хила веза хьуна хьо, нахах атта ма тешалахь, со вала хьа! Шун дай вон цу бах аса, суна лиънера шун дай сайла а дика хилийта, ткъа шу, шайн дайл а, сол а дика хилийта лаьа суна..» Кхин а масне хир дара уьш деден шен кӏента берашка дийца, ша валале)

MOMSAR
2 357
«Хьайн цхьа гӏуллакх доьхьала даьлла гахь, дагадаийта ахьа пусар ца дина ниӏмат, йа хьайгара даьлла гӏалат.» Ибнуль-Джавзий | «Сайдуль-Хотӏыр»

MOMSAR
2 357
«Шен дин доьхкинарг» Шайх ӏабдул-Мухьсин аль-Къосим Бозбунчаллех лаьцна жайна ду иза гергарчу хьесапехь 70-90 агӏо йолуш. Тӏа
«Шен дин доьхкинарг» Шайх ӏабдул-Мухьсин аль-Къосим Бозбунчаллех лаьцна жайна ду иза гергарчу хьесапехь 70-90 агӏо йолуш. Тӏаьхьарчу шерашкахь кхин цӏарца зорба тоьхна дара иза. Цунна дикка хьалха гоч динера вай, амма кхин гӏалаташ нисдар, йуха таллар ца хуьлуш хӏинца а цхьанхьа лаьтташ ду.. доьххьара цӏе гӏолехь хила а там бара.

MOMSAR
2 357
«Адамехь уггар билгал долу хӏума иза гӏийла хилар ду, шен гӏелаллийца мукьарло динарг Аллахӏаца йолу йукъаметтиг нисъян герга ву.» Аш-Шафиӏий | «Манáкъибу-Шáфиӏий»

MOMSAR
2 357
Аллахӏа диканца бекхам бойла жоп делчарна. Дала маршал дойла хӏора бусулба стагна, зудчунна. Хьиджама наха ледарло йеш, дика
+3
Аллахӏа диканца бекхам бойла жоп делчарна. Дала маршал дойла хӏора бусулба стагна, зудчунна. Хьиджама наха ледарло йеш, дика дарба ду. Дела реза хуьйла

MOMSAR
2 357
Ассаламу ӏалайкум! Адам могуш дац, корта лозуш дукха нах бу хӏинца, цу лазарца бала хьоьгуш болчаьрга ду хаттар, къасттина мигрень, корта лаза баьлча хӏун до аша? Наханна пайде долу жоп чу хӏоттор ду вай, кхечаьрга пайда эцийта https://sprosi.link/momsar

MOMSAR
2 357
Ярташкахь ӏаш болчарна, къаьстина хьун уллехь.. Буса шайн бешахь цхьа йовхарш кхетта долу кӏезано санна, легашкахь цхьаъ йисча санна гӏовгӏанаш хазахь, иза хьера даьлла цхьогал ду шуна, адамех къехкаш ца хуьлу иза, катуху цо.. Ларвала веза цунах.

MOMSAR
2 357
Кху дуьненахь уггар халачух дерг хьайн дукха везаш волу бусулба ваша халонехь, баланехь гуш цунна хаза дош аларца бен гӏо дан аьтто ца хилар ду. Наггахь и хаза дош а ма ца олу, цо хӏун хьалха доккхура ду, аьлла хеташ..

MOMSAR
2 357
«Волка кормят ноги, тигра — теща, а вот настоящего льва — детское пособие.» - аьлла бах.

MOMSAR
2 357
وعليكم السلام ورحمة الله وبركاته Кхин башха ца йевза суна. Шейх Мансур, Алибек Хаджи ши поэма ю аса дукха ладухуш. Амма и шиъ
وعليكم السلام ورحمة الله وبركاته Кхин башха ца йевза суна. Шейх Мансур, Алибек Хаджи ши поэма ю аса дукха ладухуш. Амма и шиъ оьрсий маттахь ю. Кхин а "Обарг Зеламхах дагалецамаш" яра вайн маттахь йоьшуш амма и йоьшуш волчо йозанна тӏехь шен хетарехь "болх" бина, цхьадерг дӏа доккхуш, хуьйцуш. Цундела дика болх ца хета суна иза. Цхьамма хуучо болх бича Юсупов Ӏусман "къоман тептар" ю вуно дика йоьшуш, амма юкъахь и цхьа пондар хеза цу тӏехь, и цхьамма хуучо дӏа баьккхича дика хир дара, хӏинца программаш а яра. "Еха буьйсанаш" а гина цхьанхьа амма иза цхьа схьа къаьсташ диалектаца йоьшуш яра, ла ца доха делар, доцца аьлча вайн литератураца долу хьал аудио книга хуьлийла иза, йа пдф хуьлийла чӏогӏа гӏийла, къен а хьал ду. Цундела вайн маттаца долу хьал а ду иштта.

MOMSAR
2 357
Хӏора шен дегӏан лааманна тӏаьхьа хӏоьттинарг шен ӏалашонах тӏаьхьа висина ву.
Хӏора шен дегӏан лааманна тӏаьхьа хӏоьттинарг шен ӏалашонах тӏаьхьа висина ву.

MOMSAR
2 357
Лартӏахь доцу цхьа хӏума дан а дина, цул тӏаьхьа иза динехь магош йолу агӏо леха вола велларг и шен дахаран некъ а хилла биса кхерамехь ву, цхьаъ деш, магош верг лоьхуш.

MOMSAR
2 357
«Со зуда йелхьара аса а лелор йара хьиджаб.» дональд трамп
«Со зуда йелхьара аса а лелор йара хьиджаб.» дональд трамп

MOMSAR
2 357
Repost from MOMSAR
«Валлахӏи къиношха ларлуш хуьлуш йолу цӏанналлийна марзо йоккха ма ю къа латийча хуьлуш йолчул а.» «Ровдатуль-мухьиббийн»

MOMSAR
2 357
Хӏумма ала а ца деза. Цуьнга хьежа а ца деза. Кериста бах ахьа, ӏеса стеган юьхь тӏе хьежар а ца лерина дика.. Амма стаг зудч
Хӏумма ала а ца деза. Цуьнга хьежа а ца деза. Кериста бах ахьа, ӏеса стеган юьхь тӏе хьежар а ца лерина дика.. Амма стаг зудчуьнга хьежар, йа зуда стаге хьежар уьш мел дика нах белахь а, мегар доцург ду, Аллахӏа вайга бӏаьрса ларде аларна, иза тӏех цӏена ду шуна а аьлла вайга Дала.. Мегар дац кериста стаге дӏа хьежна цунах тамаш бина, и бина болу тамаш хӏун аьлла гуча баккха беза те бохуш хаттарш луш лела. Цулла шен дагна цӏаналла лаха еза, шен дог бехдеш, иза галдоккхуш долчух ларвала веза. Дагна уггар гӏолехь дерг бусулба стага кериста стагехь долчух цхьанна а хӏуманах тамаш ца бар ду. Аллахӏа аьлла Шен Пайхамаре صلى الله عليه وسلم: «Хьайн бӏаьрса ма хьежаделахь Оха царна (керисташна) кху дуьнена хазаллех делла долчу бес-бесара ниӏматашка, (уьш царна делла) царна цунах питана хилийта, Аллахӏан рицкъ гӏолехь а, дуьсура долуш а ду» [тӏохӏа: 131] Имам Багӏавыйс аьлла: Аллахӏан рицкъ бохарг къемат дийнахь лун дерг ду, йалсамане.

MOMSAR
2 357
Ма дуьне дуу кху кӏанта

MOMSAR
2 357
Repost from MOMSAR
«Адамо ша рузбанан дийнахь-буса дуьллуш долу салават Пайхамаре ﷺ дӏакхачош хиларна ойла йича эхь хетар ду цунна ша дохьуьйтург цхьа дай, кӏезиг хӏума хилийта.» Аш-Шанкъыйтӏый