2 016
Подписчики
-124 часа
-87 дней
-2130 дней
Архив постов
2 016
+1
таханлера де эрна ца даха - атто буц муха схьалоций хии суна.))
шуна а хетарий, суна санна, цо и цергашца лоцу аьлла (шолгlа суьрта тlехь санна) ?))
2 016
Хьекъалечо шен ойла хуьйцу, бакъдерг шена билгалдаьлча.
Ткъа жехlал-стага бакъдерг "хуьйцу", шена хетачуьнца и цхьаьна ца деъча.
2 016
Хьекъалечо шен ойла хуьйцу, бакъдерг шена билгалдаьлча.
Ткъа жехlал-стага бакъдерг "хуьйцу", шен ойланца и цхьаьна ца деъча.
2 016
Маржа-яl, сан хьоме Даймохк,
Сийдолу къежделла лаьмнаш,
Генарчу цу жимчу йуьртахь,
Даимна сан ойла лаьтта.
2 016
баккъал а, инзаре кхераме хьал ма ду вайн маттехь…
Йа АллахI, тхан къам а, тхан мотт а lалашбе Ахь!
2 016
Repost from ан-Нур
Хloкх дуьнентlехь уггар пайде сайт )))
https://www.islamannur.org/ch/index.php
2 016
Хьуна дуьхьал мел долуш долу хlума - хьоьга кхочуш кехат ду хьуна, цу кехато хьоьга боху: "Хьан Дела ву хьуна, цу Деле верза!"
Жайна: Хьо АллахI волу дела
2 016
Байчу мохо ийдеш тlома,
Хьоьстуш малхо, беттасино,
Кхуьуш зезаг суна гина,
Нохчийчоь, хьан арахь, ломахь.
Гена махкахь лелаш хиларх,
Сан даг чохь и даим хилла:
Сагатделча - хьоьжуш гlийла,
Деладелла - векхна хилча.
Шарал дахлуш доца денош,
Дагах летарх шийла шело,
Цо ницкъ лора ларбан тешам,
Нохчийчоь, сан деган безам.
Хан тlекхаьчча - къаста дезаш,
Чакхе декъал еш сайн некъан,
Ган лаьар-кха и хьан зезаг,
Нохчийчоь, сан сирла седа...
2 016
Repost from дийнахь цхьа статус
➖➖➖➖➖➖➖➖➖➖
🤎🤎🤎🤎🤎 🤎🤎 🤎🤎🤎🤎❓
Хlара керла хьоста лерина ю цхьана хазачу, Дала мукъ лахь, пайдечу гlуллакхна!
Вай цхьаьна хlора денна цхьацца динах пайде хlума ватсап чуьра статусе хlоттош, яржор ю!
Нийсса цхьаъ бен хир яц чухlотто езарг, де чекхдалале муьлхха а хенахь чуваьлла схьаэцча йолуш!
Нагахь хьо велахь, дийнахь цхьа минот хан яйина, АллахIан динна гlо дан реза, марша вогlийла!
Хlара агlо яржош дакъа мел лаьцначунна - наха кху чуьра мел яржочух ял хир ю, Дала мукъ лахь!
https://t.me/horadiynah
2 016
Repost from Тlаьхье
Вайн "ТIаьхье" youtube чохь 📹
https://youtube.com/@t1ahee?si=A6FsOMnWPK7aKmhx
