𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐
الذهاب إلى القناة على Telegram
Сох юьсун йолу лар 👣 https://www.instagram.com/so_icharkho
إظهار المزيد2 028
المشتركون
+124 ساعات
-17 أيام
-730 أيام
أرشيف المشاركات
2 028
Байчу мохо ийдеш тlома,
Хьоьстуш малхо, беттасино,
Кхуьуш зезаг суна гина,
Нохчийчоь, хьан арахь, ломахь.
Гена махкахь лелаш хиларх,
Сан даг чохь и даим хилла:
Сагатделча - хьоьжуш гlийла,
Деладелла - векхна хилча.
Шарал дахлуш доца денош,
Дагах летарх шийла шело,
Цо ницкъ лора ларбан тешам,
Нохчийчоь, сан деган безам.
Хан тlекхаьчча - къаста дезаш,
Чакхе декъал еш сайн некъан,
Ган лаьар-кха и хьан зезаг,
Нохчийчоь, сан сирла седа...
2 028
Repost from дийнахь цхьа статус
➖➖➖➖➖➖➖➖➖➖
🤎🤎🤎🤎🤎 🤎🤎 🤎🤎🤎🤎❓
Хlара керла хьоста лерина ю цхьана хазачу, Дала мукъ лахь, пайдечу гlуллакхна!
Вай цхьаьна хlора денна цхьацца динах пайде хlума ватсап чуьра статусе хlоттош, яржор ю!
Нийсса цхьаъ бен хир яц чухlотто езарг, де чекхдалале муьлхха а хенахь чуваьлла схьаэцча йолуш!
Нагахь хьо велахь, дийнахь цхьа минот хан яйина, АллахIан динна гlо дан реза, марша вогlийла!
Хlара агlо яржош дакъа мел лаьцначунна - наха кху чуьра мел яржочух ял хир ю, Дала мукъ лахь!
https://t.me/horadiynah
2 028
Repost from Тlаьхье
Вайн "ТIаьхье" youtube чохь 📹
https://youtube.com/@t1ahee?si=A6FsOMnWPK7aKmhx
2 028
Ассаламу Iалайкум варахьматуллахIи ва баракатухI.
Вайн гергара зуда чlогlа могуш йоцуш хилла аьлла ирча кхаъ кхаьчна соьга. Кегий бераш ду цуьнан. Цунна доlанаш де аьлла дехар дара. АллахI реза хуьйла шуна!
2 028
Хlинца чул а дуккха а шераш жима йара со. Хlинца чул а дуккха а шераш къона дара сан хьекъал а. Вон ца девзура суна, и де даллалц.
Цомгушчу сан ненанене хьажа веана вайн гергара лор вара цу буса. И-м хlора буса а вогlура, цамгаро и хьовзийча дуьйна. Го бина лаьтташ тхо а долуш, сан ненанана къахьалла схьатаса йолайелира. "Хlара хилла-кх хьо хьовзийнарг, деца", - хезира суна.
Хаза хийтира суна. Дог паргlатделира сан. Нийса ца кхетта хиллера со. Сан ненанана хьовзийна йолу цамгар, цуьнан кийрара и къахьалла арайаьлла хилча, сан хьекъало цунна гlоли хили бохура. Амма шийлачу маьхьаро сиха самайаьккхира со. Сан ненанана дlайаьллера.
Йа АллахI, гечдехьа сан ненананна а, массо бусалба нахана а!
#дагалецамаш
2 028
Айса берашна хьехар хьахийча, онлайн хьоьхуш йу моьттуш йазйо соьга, ткъа со видео-урокаш чухула хьоьхуш йу 🌷
Кху видео тlехь шуна гуш дерг сан цхьана дарсах кийсак йу. Нохчийн меттан йерриг классаш чулоцуш, кхоччуш курс йу иза ас кечйеш, амма и цкъачунна кийча йац.
Делахь а, кегийчу берашна абат а, цхьадолу дешнаш а (100 дош), диалогаш а (10), дийнатийн цlерш а хьоьхуш мини-курс а, нохчийн йозанан элпаш дахка lамош йолу пропись а кийча йу.
Нохчийн мотт хьоьху сан проект "Тlаьхье" кхузахь йу https://t.me/t1ahe
2 028
Цхьана хенахь немцойн мотт lамош йара со.
Сан дуьххьарлера хьехархо жима зуда йара, цуьнан дикалла бахьанехь дара-те, йа муьлха хlума дара цуьнгахь сайна тайнарг дага а ца догlу суна, амма немцойн маттахь къамел деш экзаменаш а луш, мотт lемаш бара суна. Муьлхха а lамо йуьхьаралаьцна мотт атта а lема суна.
Цул тlаьхьа сан хьехархо дlайелира, керла хьехархо йеара, йоккхо зуда йара и. Цо муха хьоьхура аьлча, дийна тексташ дагахь lамайайтарца. Цхьаволчунна цу кепара lемаш хила а тарло, сан сиха чам белира цу маттах.) Хlинццалц ас садоIура мотт lамочу дарсашкахь, ткъа хlинца - хьехархо хийцайелча - тlама тlе йоьдуш санна хеталора суна.
Со берашна хьеха йолайелча дуьйна иштта сайн дахарера цхьацца хlуманаш дагатуьйсу суна, хьехархочух доьзна дукха хlума дуй гойтуш долу.
