𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐
前往频道在 Telegram
2 045
订阅者
+124 小时
-17 天
-2430 天
帖子存档
2 045
Ассаламу Iалайкум варахьматуллахIи ва баракатухI
"Тlаьхье" сан дуьххьара коммерчески проект йу, хlинца чул 9 шо хьалха дуьйна нохчийн маттаца тайп-тайпана болх беш йу со, амма хlара суна керла хlума ду, цундела жимма сагатдеш а, хlун ала деза ца хууш а йу со.
Сайн болх хестабойла а дац, цундела деккъа шуна хоуьйту-кх ас: нагахь санна берана ненан мотт lаморехь, бух боттале хьалха, харш доккхуш шуна гlо эшахь - жима курс "Йуьхьиг" пайде йала тарло шуна. Бlаьрг тухуш, хlума де.
2 045
Repost from Тlаьхье
Динан а, lадатийн а дозанаш лардеш!
Вайн белхашкахь вай терго тlейохуьйту, йоl-кlант цхьаьна ловзуш йа дистхуьлуш цагайтарна, гайтахь - церан гергарло довзийтарна! Иштта йоl - бусалба духар долуш гайтарна а!
Беккъа мотт lамор йац лаьцна йолу lалашо, мелхо а, цу маттаца хьакъ долчу кепара лела lамор йу.
2 045
Repost from Тlаьхье
Ассаламу Iалайкум варахьматуллахIи ва баракатухI.
Хазахетарца хаам бо шуьга, жима курс "Йуьхьиг" кийча йу аьлла.
Вай дийцина ма-хиллара, иллюстрацишца кечйина абат а, 100 нохчийн маттара коьрта дош а, 10 диалог а - пдф файлаш: кехат тlе схьа а йаьккхина, берашна lамо луучунна.
Цу тlе "Абат" хьоьхуш дарс; дешнаш а, диалогаш а доьшуш, хьалалатийчхьана, аша кхин хlумма а дан ца дезаш йолу видеош!
2 045
- хьаьнца молуш ду ахь чай? (бере)
- сайн ненаца молуш ду-кх
- хlа, стенца молуш ду ахь тlаккха?
- шоколадца
сел тера.))
2 045
Зуламхо а, цунна зулам деш гlо дийриг а, и зулам дезарг а - цхьатерра ву.
Маймун ибн Михlран (АллахIа къинхетам бойла цунах)
2 045
Бlаьрса лардар халох ду мотт ларбарал а.
lабдуллахl ибн Масlуд (АллахI реза хуьйла цунна)
2 045
Repost from Жайнаш
@nohchiyn_jaynash
Жайнин цlе:
Уггар деза доIанаш
Жайна яздинарг:
СаIид ибн lалий Къахьтlаний
Нохчийн матте гочдинарг:
Адаман Султанан Олхазар
#жайнаш
2 045
Repost from MOMSAR
«Зуда яло лууш волчу жимачу стагна аса хьехар до цо дика харжам барца а, шен хӏусамара ара йуьйлуш, йолаелла лелаш йолчух ларваларца а, иштта йерг шен цӏийнда цӏахь воцуш моссуза нисло йолаелла лелар йу урамашкахула. Шен зуда йолаелла лела лууш йу-йац цу кӏантанна хуур ду, цу йоьӏан гергара зударий муха лелаш бу хиъча.»
Бакр Абу Зайд | «Хьиросатуль-фадыйла»
2 045
Repost from 𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐
Делан дуьхьа даггара лелаш верг бакъдерг ца кхайкхош Iийр вац, ша емал вичий а, хIунда аьлча, цо и бакъо кхайкхо йолийна яц ша хаставайтархьама.
Шайх Iабдул Iазийз ат-ТIарийфий
https://t.me/so_icharkho
2 045
Repost from 𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐
Кху дуьненчу со цецвийла веъна,
Сайн вахарах сайна чекх са ган.
Дикачу нехан беркат деба денна,
Ас хlун дина? Со хlун кхиъна дан?
https://t.me/so_icharkho
2 045
Repost from 𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐
Со цунна а харц ца лоь, иза суна а харц ца лоь
Ас цунах хIуманаш лечкъа ца до, цо сох а хIумма лачкъа ца до. Со цунна а харц ца лоь, иза суна а харц ца лоь. Сайгахь долу даьхни цунна дуй хоуьйту ас, сой дIасавоьдучу метте массанхьа иза йига а юьгу ас, йа сой воьдий хоуьйту ас. Ша йоьду меттиг цо суна а йовзуьйту, ша мичча йоьдуш елахь а. Тхан бераша а и амал схьаэцна – даим бакълер а, вовший тешаш хилар а, дерг ма-дарра лечкъа а ца деш дийцар а, пуьчаш боттар вон хетар а, иза цадезар а.
Шайх lалий Тlантlавий, «Сан зуда».
https://t.me/so_icharkho
2 045
Repost from 𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐
Серло гучуяьлча бен ца хаьа бода мел чlогlа хилла.
https://t.me/so_icharkho
现已上线!2025 年 Telegram 研究 — 年度关键洞察 
