es
Feedback
𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

Ir al canal en Telegram
2 037
Suscriptores
+124 horas
+17 días
-1130 días
Archivo de publicaciones
Нах шаьш ма-барра тlелаца, амма уьш хьакъ болу меттиг дlало царна. icharkho
Нах шаьш ма-барра тlелаца, амма уьш хьакъ болу меттиг дlало царна. icharkho

Ассаламу Iалайкум варахьматуллахIи ва баракатухI. Вайн гергара зуда чlогlа могуш йоцуш хилла аьлла ирча кхаъ кхаьчна соьга. Кегий бераш ду цуьнан. Цунна доlанаш де аьлла дехар дара. АллахI реза хуьйла шуна!

Repost from Тlаьхье
Вайца зlе https://t.me/t1ahe?direct
Вайца зlе https://t.me/t1ahe?direct

"Лартlахь волчо буьйцур буй гlазкхийн мотт чохь доьзалца?"

Хlинца чул а дуккха а шераш жима йара со. Хlинца чул а дуккха а шераш къона дара сан хьекъал а. Вон ца девзура суна, и де даллалц. Цомгушчу сан ненанене хьажа веана вайн гергара лор вара цу буса. И-м хlора буса а вогlура, цамгаро и хьовзийча дуьйна. Го бина лаьтташ тхо а долуш, сан ненанана къахьалла схьатаса йолайелира. "Хlара хилла-кх хьо хьовзийнарг, деца", - хезира суна. Хаза хийтира суна. Дог паргlатделира сан. Нийса ца кхетта хиллера со. Сан ненанана хьовзийна йолу цамгар, цуьнан кийрара и къахьалла арайаьлла хилча, сан хьекъало цунна гlоли хили бохура. Амма шийлачу маьхьаро сиха самайаьккхира со. Сан ненанана дlайаьллера. Йа АллахI, гечдехьа сан ненананна а, массо бусалба нахана а! #дагалецамаш

"Хьуо висча хьайга бакъдерг ца аьлча ма ца волу хьо"

"Сан гlалаташ лоьхуш айхьа йойу хан, хьайн гlалаташ нисдеш йаккхахьа" icharkho
"Сан гlалаташ лоьхуш айхьа йойу хан, хьайн гlалаташ нисдеш йаккхахьа" icharkho

Repost from Тlаьхье
Кехат тlе схьайаьккхича пропись иштта йу. Хестор йац ас, амма сан коьрта чохь шен сурт ма-хиллара нисйелла, алхьамдулиллахl.

шуна хезарг сан аз дац шуна, къамел дийриг со йелахь а.) аз хийцина ду

Айса берашна хьехар хьахийча, онлайн хьоьхуш йу моьттуш йазйо соьга, ткъа со видео-урокаш чухула хьоьхуш йу 🌷 Кху видео тlехь шуна гуш дерг сан цхьана дарсах кийсак йу. Нохчийн меттан йерриг классаш чулоцуш, кхоччуш курс йу иза ас кечйеш, амма и цкъачунна кийча йац. Делахь а, кегийчу берашна абат а, цхьадолу дешнаш а (100 дош), диалогаш а (10), дийнатийн цlерш а хьоьхуш мини-курс а, нохчийн йозанан элпаш дахка lамош йолу пропись а кийча йу. Нохчийн мотт хьоьху сан проект "Тlаьхье" кхузахь йу https://t.me/t1ahe

Цхьана хенахь немцойн мотт lамош йара со. Сан дуьххьарлера хьехархо жима зуда йара, цуьнан дикалла бахьанехь дара-те, йа муьлха хlума дара цуьнгахь сайна тайнарг дага а ца догlу суна, амма немцойн маттахь къамел деш экзаменаш а луш, мотт lемаш бара суна. Муьлхха а lамо йуьхьаралаьцна мотт атта а lема суна. Цул тlаьхьа сан хьехархо дlайелира, керла хьехархо йеара, йоккхо зуда йара и. Цо муха хьоьхура аьлча, дийна тексташ дагахь lамайайтарца. Цхьаволчунна цу кепара lемаш хила а тарло, сан сиха чам белира цу маттах.) Хlинццалц ас садоIура мотт lамочу дарсашкахь, ткъа хlинца - хьехархо хийцайелча - тlама тlе йоьдуш санна хеталора суна. Со берашна хьеха йолайелча дуьйна иштта сайн дахарера цхьацца хlуманаш дагатуьйсу суна, хьехархочух доьзна дукха хlума дуй гойтуш долу.

Ша дийриг дийцар - сакхт ду.

Repost from Тlаьхье
Шуна цхьанна совгlатна йала вайгара курс эца лаахь, вай pdf-сертификат кечдо, шуна йеза цlе а йазйеш. Шайна лаахь телефон чух
Шуна цхьанна совгlатна йала вайгара курс эца лаахь, вай pdf-сертификат кечдо, шуна йеза цlе а йазйеш. Шайна лаахь телефон чухула, лаахь, кехат тlе схьа а даьккхина, дlадала йиш хир йу шун. Чулацам кхузахь беша. 💛💛💛💛💛💛💛💛💛 Если вы хотите приобрести курс в подарок, мы подготовим для вас именной pdf-сертификат, как на фото. Укажем нужное имя, после чего вы сможете отправить сертификат по телефону или распечатать его и вручить лично. Цена курса 1200₽ ✉️ https://t.me/t1ahe?direct

хьагl - зависть

Муьлхха а мостагlалла дlадала тарлуш ду, хьагl йолчуьнгара мостагlалла доцург.

Мы из тех самых, кого вы называете дикими, и мы действительно спустились с гор, с гор, на которые вам никогда не подняться!