uz
Feedback
Ӏилманан Аманат

Ӏилманан Аманат

Kanalga Telegram’da o‘tish

«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot

Ko'proq ko'rsatish
345
Obunachilar
Ma'lumot yo'q24 soatlar
-37 kun
-230 kun
Postlar arxiv
НУРУДДИН МАХЬМУДАН НИЙСА КХЕТАМ... ГӀазотан ният дин, ахьа хьайн дегӀ кечдар, ахьа хьайн говра кечйар, иза эрна хан йайъар ма дац, иза муххане Ӏибадат ду хьуна! Нуруддин Махьмуд (АллахӀа къинхетам бойла цунах) Ӏибадат бохучу балхе, Сийлахь волучу АллахӀа джин, адам цу доьхь кхоьллинчу цу балхе, шуьйрачу хьежамац хьожуш вара, Ӏибадат цуна гергахь деккъа цӀена ламаз, марха, закат дацара, амма Ӏибадат иза, АллахӀан дин лардеш, бусулбачу нехан сий деш, ахьа мел йоккхуш йолу гӀулч, и гӀулч йаккха ахьа мел беш болу кечам, иза а цуна гергахь Ӏибадат дара. Ӏибадат иза доллу дахар ду, нагахь АллахӀан дуьхьа ахьа иза дӀагӀуш далахь, ахьа мел йоккхуш йолу гӀулч, АллахӀан дуьхьа ахьа йоккхуш ялахь. Вайна юккъехь хийла нис луш, вайна гуш хӀума ду. Дуьнен дахарехь, бусалба нахан цхьа пайде хира болу болх лелош волу цхьа стаг, ша иза лелочу хенахь, динац бала болуш ца хилла иза, йа бусулба динан сагаттадеш ца хилла иза, деккъа цӀена шен дахаран вехаш хилла иза, амма цул тӀаьхьа и динах кхета кхетна, динехь нис велла дӀахоьттича, ша лелош долу и хӀума Ӏаддадуьте, ша беш хилла болу болх берриге дӀатосе, дӀо цхьанхьа Мисре деша воьду иза, йа цхьа кхечанхьа деша воьду иза, йа деша ца водахь а, хӀинца со динехь нис велла але, ша лелош хилларг дӀатосе вахьа хуу и, иза чӀогӀа доккха гӀалат ду, муьлхха говзал бусулбачу нахан хьашта ю, муьлххачу шен карахь йолу говзаллица, бусулбачу нахан пайде хила декхар ву. Цундела, хьо динехь нис веллехь, ахьа тоба динехь, айхьа тоба далле, хьайгахь хиллачу говзаллица, кху умматан пайде хила! Хьо динехь нис веллера аьлла, хьайгара бала тарлуш болу и пайда, букътӀехьа дӀатасе, цул тӀаьхьа веккъа цӀена хьайна ма хила, хьай ламазни, хьай мархани, хьай азкарашни тӀе вохе вахьа ма хаа! Оц Ӏибадат бохучу деша кхетам, дукха шуьйра бу, деккъа цӀена ламаз, марха хилла Ӏаш дац Ӏибадат! Ӏибадат - Ислам дин толо ахьа мел йоккхуш йолу гӀулч ю! Ӏибадат - цу толаман хьо тӀекхачош ахьа мел беш болу кечам бу! ©Ахьмад Абу Яхья

sticker.webp0.00 KB

Муьлхха цхьа суннат Ӏамал цхьама тӀе лаьцнехь, цо иза йита ма йуьтийла! Иштта, шега далуш долу муьлхха хӀума, динан пайде хира долуш, иза а ма дуьтийла бусулба стаго!

Хьан дог дакъадаларан бахьаншех цхьаъ ду - ахь дика Ӏамалаш йитар, иза суннат далахь а, фарз далахь а! Жими йолуш, амма даиманна еш йолу Ӏамал - АллахӀан дукхох ма еза, йоккха йолуш, амма даиманна еш йоцучул а!

Repost from العقلاء
маьрша вац-кх Аллахlана генахь верг, хlунда аьлча Шен Делан генахь хиларо кийра гатта бо, эккха меттиг бойъу, хира-м ву хьо дуьне, ахча, болх, машен, бохуш цу хlуманах самукъа даьлларг хилла, цхьа дог ца догlуш велакъажар йоьхь тlе а озийна ирсе волчунах ловзуш, амма хьо хьой висча хьуна дика вевзу-кх хьо хьой мел ирчачу хьолехь ву, хьой мел сийсаза ву, ирс да ма дац Аллахlа генахь! Дац иза, цкъа а хилла а вац цхьа а ирсе Аллахlана генаваларца, ас ма аллара ловзура-м ву и ирсечунах, амма ша шеха хьожа ца йогlуша-м хира вац хьуна иза.. а Аллахlана генахь верг мила ву? Шен Аллахl ца вевзург ву-кх, вевза суна Аллахl бахи ахь? ахь язде цхьа кехат мукъна а хьайна Цунах лаьцна девзург айхь хьайна таллам беш.. ца воьвзу суна Аллахl, вовзийта хlун де ас бахи ахь? тlаккха дехьа вала кхузе https://t.me/Akidatan_Akademi

sticker.webp0.00 KB

Муьлххачу хӀумангахь хьо беркат лоьхуш валахь, ахьа реза дойла хьан да-нана! Да-нана делакъажарац серла долу хьан дахар, ахьа лелочу хӀумангахь беркат а хуьлу хьуна!

АБУ ХӀУРАЙРАТА ДИНА ХЬЕХАР... Абу ХӀурайратан схьавохуш цхьа ши стаг го, тӀе хьаьжина да кӀант хира ву аьлла хьесап дина, воккхалле жималле хьаьжжина, оц жимах волучунга хотта Абу ХӀурайратса саца вой: хӀара хьан мила ву оле, кӀанта жоп ло, шен да ву оле, тӀаккха да валахь, хьой воьдучу хенахь, боларац цулла хьалха ма валалахь; айхьа къамел дечу хенахь, цуна цӀе ма йаккхалахь; вахьа хуучу хенахь, цулла хьалхе вахьа ма хаалахь! Асхьаби хьехар, Асхьаби гӀиллакх, Деца-Ненаца хила езаш йолу юкъаметтиг.. ТӀаьхьарачу хенахь, Нохчийн гӀиллакхаш ду бохуш, юккъара дӀадаха хьийзош долу гӀиллакхаш, уьш Бусулба динан гӀиллакхаш дукх, Пайхамаран (соллаллохӀу ӀалахӀи ва саллам) Асхьаб вукх хӀара хьехар деш верг.. Къамел деш хьайн де-нени цӀе ма йаккхалахь; цхьанхьа гӀуче даьлча, хьан болар цунчулла сиха ма хилийталахь, хьалха ма вала, мелхо тӀехьа хила; вахьа хууче даьлча, цулла хьалхе вахьа ма хаалахь, иза вахьа хаийтина бен! И бар и ларам, деца-ненаца хила безаш болу! https://youtu.be/atzW4rVPHsI?si=Ksfond_9ryiYyate

sticker.webp0.00 KB

Йа АллахӀ, тхан къиноше ца хьоьжуш, тхан Ӏесалле ца хьоьжуш, Хьайн къинхетам бе Ахь тхоьх, Хьайн къинхетамех ма даха Ахь тхо
Йа АллахӀ, тхан къиноше ца хьоьжуш, тхан Ӏесалле ца хьоьжуш, Хьайн къинхетам бе Ахь тхоьх, Хьайн къинхетамех ма даха Ахь тхо цӀа а.. Баккъалла а, вайн куьйгаш дӀадийнарг бен дац вай схьаоьцуш, АллахӀа кхочча, хьакъ мадду Шен муьтӀахь долучарах дойла вай, АллахӀа Ша реза волучарах дойла вай, АллахӀа Шен дукхабезачарах а долйа-кх вай! АллахӀ вайна реза ца хилахь - вай дакъаз доьвла шуна, АллахӀан муьтӀахь вай дацахь - вай дакъаз доьвла шуна, АллахӀан дукхабезачарах вай дацахь - вай дакъаз доьвла шуна! Баккъалла а, вай АллахӀан ду, вай АллахӀе йкхадоьрзур долуш а ду!

Repost from N/a
Кхелхинчеран гергарчарна Дала собар лойлда. Чевнаш йинарш Дала вочух а, Iожаллах а хьалхабохийла. Дала хиллачу бохамах бахьан
Кхелхинчеран гергарчарна Дала собар лойлда. Чевнаш йинарш Дала вочух а, Iожаллах а хьалхабохийла. Дала хиллачу бохамах бахьана а дина, хийла стага шен Делаца йолу йукъаметтиг толлийла, хIунда аьлча цунна ца хаьа, Іожалла цуьнан когаш кIелахь йу йа йац, иза тIекхаьчча ша муьлха Iесалла а, боьхалла а тIехь цо лаца там бу, иштта Дала цунна гечдийр ду йа дац. Дала дерриг уммат вочух лардойла. Уматтан бохам иза муьлхха а бусулба стеган бохам бу. Боккьалла а, вай АллахIан ду, Цуьнга йухадоьрзур долуш а ду!

إنا لله وإنا إليه راجعون..
إنا لله وإنا إليه راجعون..

sticker.webp0.00 KB

Repost from N/a
Ерриге хазалла жайнашкахь ю, ткъа хазна (сокровища) и жайнеш |елим нехан когаш к|аьллахь дешар ю.
Ерриге хазалла жайнашкахь ю, ткъа хазна (сокровища) и жайнеш |елим нехан когаш к|аьллахь дешар ю.

sticker.webp0.00 KB

ХӀара ➡️ https://t.me/Ramzan_Gendargno сан доттагӀчуьнан хьоста ду, вайн вешин Рамзанан, пайда эца, дехьа а довла, хӀара ➡️ https://youtube.com/playlist?list=PLTVtPewu157NLeAkCUziKRs6WY93_py1N&feature=shared хаза а, пайде а дийцарш дуьйцург ву Рамзан!

Чудуьллуш долу йоза дешна аьлла кхачам ца беш, чудуьллуш долу азе ладогӀа! Хила тарло хьо цхьанхьа нийса ца кхет, ткъа оц азе ладоьгӀча хьан кхетам нийса хира бу! Хьадис дагахь хаарах ца тоьу, и хьадис мел жима а, атта делахь а, хила тарло, йа кхин дика аьлча, хуьлу нийса ца кхеташ, цундела цу хьадисан хьокъехь Ӏеламнаха хӀун боху хьажа веза!