Ӏилманан Аманат
Kanalga Telegram’da o‘tish
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Ko'proq ko'rsatish345
Obunachilar
Ma'lumot yo'q24 soatlar
-37 kun
-230 kun
Postlar arxiv
22:50 АллахӀан хьуна дика дан лиина хилар гойтуш билгало...
34:15 Ӏеламнах хьанах тера бу? (Доцца Ӏеламнехан дозалла)
Ӏеламнехан хьокъехь чӀогӀа мехала дешнаш ду хӀорш, хӀоранна хаа дезаш а ду, хӀунда аьлча Ӏеламстаг ца ларар, иза чӀогӀа кхераме хӀума ду, ткъа цу Ӏеламнехан дозалла доьвзиначо уьш лорура бу!
Баккъалла а, иймандиллиначун АллахӀан безарш ма беза, ткъа АллахӀан Ӏеламнах чӀогӀох ма беза!
АллахӀа Шена дика дан луучуна динах кхетар луш хилча, Ӏеламнах муха хира бацара беза а, сийлахь а, Ӏеламстагел дика динах кхеташ цхьа вац!
Чудуьллуш долу йоза дешна аьлла кхачам ца беш, чудуьллуш долу азе ладогӀа!
Хила тарло хьо цхьанхьа нийса ца кхет, ткъа оц азе ладоьгӀча хьан кхетам нийса хира бу!
Хьадис дагахь хаарах ца тоьу, и хьадис мел жима а, атта делахь а, хила тарло, йа кхин дика аьлча, хуьлу нийса ца кхеташ, цундела цу хьадисан хьокъехь Ӏеламнаха хӀун боху хьажа веза!

Берашна барт йоккхуш, бераш дезаш хьо валахь, хьуна хоийла, АллахӀа хьан дагчу къинхетам билланий, ткъа АллахӀа къинхетамечарна бен къинхетам бийра бац хьуна!
Цундела берашац шога ма хила, хьай бера хьайна дезий хоуьйтуш, хаза, кӀеда-мерза дош олуш хила, хьостуш, барт йоккхуш хила!
Хьадисаш ду даьхкина, АллахӀан Элчано (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) беран барт йаьккхича, цуна уллехь верг йа цец волуш, йа шам ца до и олуш, тӀаккха цхьана хьадисехь жоп луш цо аьлла: АллахӀа хьан дагчур къинхетам дӀа баккхина хилча, аса хӀун дика дийра ду хьуна?!
Repost from Ӏилманан Аманат
Суна, хьуна цхьаъ кхосса лиича, вай къолам кхуссу, йа жайна кхуссу, йа тӀулг кхуссу, амма АллахӀа, цхьа кхин хӀуманаш кхуьссу, вай кхуьссуш йолучулла тамашийна, йаккхий йолуш, Шайца там бел боцучу хӀуманех цӀена волучу АллахӀан дош ду: «Керстаналла диначеран дегнашчу кхерам тосура ма бу Аса»
Шен лай бахьан долуш, Шен гергар нах бахьан долуш, АллахӀа керстаналла диначеран дегнашчу кхерам тосу, тӀаккха АллахӀан гергарчу нахах кхералой, керстаналла диначеран меженаш егош, эгош карора ю хьуна.
МостагӀ юха ваккха, цхьа хӀума къахко вайна лиъча, караеънарг тӀе ласта йокх вай цуна, къолам балахь, жайна далахь, ткъа АллахӀа Шен лайш ларбеш, Ӏалашбеш, церан мостагӀий кхероша, церан дегнашчу кхерам тосу, кхерама, АллахӀан эскарех цхьа эскар ду!
[ жайна: Хьо АллахӀ волун дела ]
Repost from Ӏилманан Аманат
Суна, хьуна цхьаъ кхосса лиича, вай къолам кхуссу, йа жайна кхуссу, йа тӀулг кхуссу, амма АллахӀа, цхьа кхин хӀуманаш кхуьссу, вай кхуьссуш йолучулла тамашийна, йаккхий йолуш, Шайца там бел боцучу хӀуманех цӀена волучу АллахӀан дош ду: «Керстаналла диначеран дегнашчу кхерам тосура ма бу аса»
Шен лай бахьан долуш, Шен гергар нах бахьан долуш, АллахӀа керстаналла диначеран дегнашчу кхерам тосу, тӀаккха АллахӀан гергарчу нахах кхералой, керстаналла диначеран меженаш егош, эгош карора ю хьуна.
МостагӀ юха ваккха, цхьа хӀума къахко вайна лиъча, караеънарг тӀе ласта йокх вай цуна, къолам балахь, жайна далахь, ткъа АллахӀа Шен лайш ларбеш, Ӏалашбеш, церан мостагӀий кхероша, церан дегнашчу кхерам тосу, кхерама, АллахӀан эскарех цхьа эскар ду!
[ жайна: Хьо АллахӀ волун дела ]
Repost from sʜɪsʜᴀɴ
Аллахlе хьайн доlанна жоп далийта хьо лууш велахь, цкъа хьалха ахь лолахь цу Аллахlана жоп - Цо бохучунна муьтlахь хиларца.
АллахӀа эчиг кӀад дийра ма ду, Цуна Сийлаллан-Возаллан тӀе болха биллинчун!
АллахӀа Шеца волучунца хира ма ву!
АллахӀа Ӏуьналла дийра ма ду, Цугара Ӏуьналлан сатуьйсушчун!
АллахӀ кхачаме хира ма ву, Цуна тӀе болх биллинчун!
АллахӀа са оьцура ду, Цуна иза доьхкинчургар, ткъа мах, Цо Шен йалсамане, Ша реза хилар хуьлуьйтура ду!
Repost from sʜɪsʜᴀɴ
«Уьш Аллахlан дуьхьа къахьоьгуш бу. Ткъа Аллахl цаьрца ву - царна гlо деш, уьш lалашбеш»