Ӏилманан Аманат
Kanalga Telegram’da o‘tish
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Ko'proq ko'rsatish345
Obunachilar
Ma'lumot yo'q24 soatlar
-37 kun
-230 kun
Postlar arxiv
ТӀаьххьаре де кхана ду бах, йалх даллалц хан ю бах вай.
Харца луьш хилла со, бехка ца биллар доьху!
ХӀара чӀогӀа коьрта хӀума ду шуна, ледарло йина тӀех далийта йиш йолуш хӀума дац шуна!
Ойла йа хӀума ду))
МутаӀеламо ца йиллина, хьа йоьлла ю и хьуьжарш схьа?
МутаӀеламо ца бина хьа бийра бу и болх?
Йа хьаьнга балур бу?
Шай динан сагаттадеш, дашца доцуш, бахьанаш лелош берш, мутаӀеламаш букх, вай къоман сагаттадеш, телхинарг нис деш, ца доьвзург довзуьйтуш, болх беш мутаӀеламаш букх, шай дегӀан лаам кагга бин, тоьх ара кхоьссина, хӀинца дин ду, аьлла къахьоьгуш бу вай вежарий а, йижарий а.
ХӀара мича тӀе дало лууш дуьйцуш ду аьлча, хӀоккхал шай къоман сагаттадеш болу мутаӀеламаш, царна гӀо деш мила ву? Иза дукх тамашийна, церан дешар даз ца да, аттаче даккха, царна ахчац дина, йа жайнаш эцна, царна гӀо деш мила ву? И дукх тамашийна, хӀорш бу шай къоман сагаттадеш, ткъа къам дац царна сагаттадеш.
Ткъа шуна хаьи?
И дин Ӏамош, Ӏилман новкъа ваьллачун гӀо дар, оц дерриге къоман тӀехь ду! Декхар ду! Важиб ду!
ХӀунда аьлча, и мутаӀеламаш ма бу шай къам хӀаллакх ца хулуьйтуш, шай къоман хьашта долу Ӏилма Ӏамош, муьлххачу хӀумангахь, ца кхетам хилча, йа керла цхьа хӀума тӀе Ӏоттаделча, нийса агӀо билгал йоккхург мутаӀеламаш бу, ткъа къам оц мутаӀеламше доьрзу, цаьрга хоьтту, шайна оьшучу хенахь, амма къоман ца хаъ, шай гӀо оьшуш и мутаӀеламаш буй.
ТӀаккха къоман хаа декхар даракх, дуьне дитан Ӏилман тӀебирзина болу мутаӀеламаш, цаьрга болх а, дешар а, цхьана ца тохалой, цундела вай ду царна ахчан агӀора, оьшург эцаран агӀора, йа уггаре кӀеззиг а, церан сий лардан агӀора, дашац, царна гӀо дан дезаш!
Repost from Ийманехь бераш кхиор
Тахана такси чохь ц1а дог1уш ду тхо Джулайбиг хоьтту цу стаг Хьа ц1е х1у ю?
Джулайбиб виста ца хилла,т1аккха эц стаг бохукх соьга,х1оккхун нохчийн мотт цахаьа ?
эхь хеттер суна и сайга хаттар делла, цунна г1аскхийн мотт цахаьа эли аса, т1аккха боху цу стаг, хийла ша иштта ц1е х1у ю аьлла бери хаьттича нанас олу боху цунна нохчийн мотта цахаьа и ахь х1у бах ца кхета хьуна оле, т1аккха боху нисса 10шо д1адаьлча иштта д1аг1ахь вайх г1аскхий хира ду.
Цхьаъ орцах ца валахь вайн мотт д1аболуш бу
Repost from sʜɪsʜᴀɴ
Ас олуш дерг ду, сайга иштта олучуьнга: «Вай ца бийцича хьан буьйцур бу вайн мотт?». Баккъал а, дан а ду и иштта. ГӀазкхи вогӀур вац хьуна саготта хила хьан мотт бийца. Я хьуна Ӏамо а вогӀур вац и. Амма, и мотт хьоьгара дӀабаккха вогӀур ву и. Цу тӀехь дикка кадолуш а ву и. Хьан хьайн маттаца бала бацахь а, хьоьгара и дӀабаккха хьан мостагӀчун бу хьуна цуьнца бала.
Беран нохчийн мотт дика хуур бац, дайшан а, наношан а и дика ца хаахь, ткъа и дика хаа, оц маттахь еша еза)
Цундела шаьш оьрсий маттахь оьшучул а сов, шайн маттахь еша!
Вай ца ларбахь вайн мотт, гӀаскхичо и ларбийра бац!
Ткъа мотт - къам ду!
Repost from sʜɪsʜᴀɴ
Са ма гатдехьа, и хан тӀееъча АллахӀа цу хьолана шен къонахий кхиор бу хьуна.
Шайх Вахьид
ма хаза аьлла...
АллахӀа кхиош бу Къонахий!
Шен хан тӀе ма кхаьчча, шен майдан тӀе вера волуш! Шен мимбар схьалоцур йолуш!
