uz
Feedback
Ӏилманан Аманат

Ӏилманан Аманат

Kanalga Telegram’da o‘tish

«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot

Ko'proq ko'rsatish
345
Obunachilar
Ma'lumot yo'q24 soatlar
-37 kun
-230 kun
Postlar arxiv
АллахӀа цхьанца хӀоттийна яц и нийсо! Ахьа и нийсо йуьцучунга саца мел дукха бахарах, йа и сацорах - нийсо соцуш яц! Ахьа нийсо йуьцуш цхьаъ дӀасацийча - АллахӀа кхечунгахул дӀакхачор ю и! Нийсо адмац, хьолац доьзна дац! И иштта делхьара Пайхамара (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) дӀакхелхича сецна хира яра и нийсо, амма иза иштта дац, иштта хуьлуш дац!

Оц Ӏеламнехан карахь дукха хӀума ду, умматан хьал ду Ӏеламнехан карахь. ХӀора заманан бохамаш, баланаш, кхетош берш, нийсо билгал йоккхуш берш - Ӏеламнах бу! Керла юкъадаьллачух нийса кхетош, Ӏилмане диллина, нийсо билгал йоккхуш - Ӏеламнехан карахь ду!

Дерг ма дарра билгал даккхар - Ӏилманан аманат ду!

Ӏилманан Аманат...

Дийца волавелла!

Сил нийса))

Repost from N/a
Схьадуьйла беркатечу, тӀе синтем буссучу, маликаш гуо биначу мажлисе!

sticker.webp0.00 KB

Нохчийн маттахь берашна хаа дезарг а, царна пайден дерг а хира ду кху чохь (Делан пурбаца) https://t.me/berashnapayda

Repost from Зератхо
Ассаламу Ӏалайкум варохьматуллохӏ Вай цхьаьна дешна долчу жайнах шун дегнашна само хиларе догдоху вайн. Марха кхабаран ӏалашо, марха кхаьбча хуьлуш йолу ял а, и дерриге карладаларо тӏеӏаткъам ца бан йиш яц. Хӏунда аьлча, вайх хӏоранна а тӏехь ду мархийн бутт тӏебале хьалхе кечам бар, хӏинца а хан ю бохуш дӏа ца теттар а. Хан ю бохуш цу мархийн батте кхачале, ӏаьржачу латте бирзина берш а бевзу вайна. Цундела хӏинцца, хӏокху минотехь дуьйлало кечам бан, кхана тӏаьхьа хилале¡ Сийлахь волчу Аллахӏа мархийн батте кхачадойла вай¡

Жайни цӀе: مختصر أخلاق حملة القرآن «Къуръан хууш болчу неха гlиллакхаш» - Жайна яздинарг: Имам ал-Ажурри (Аллахla къинхетам б
Жайни цӀе: مختصر أخلاق حملة القرآن «Къуръан хууш болчу неха гlиллакхаш» - Жайна яздинарг: Имам ал-Ажурри (Аллахla къинхетам бойла цунах) - Жайна хьоьхург: Шайх Фарукъ (АллахӀа Ӏалаш войла иза) Кху чохь йозан кепехь а, ша дарс чу дуьллуш а, даржор ду вай и жайна, иншаАллахӀ

Схьатесна дарсаш, кхин дӀа дӀагӀура ду вай, иншаАллахӀ

sticker.webp0.00 KB

sticker.webp0.00 KB