Ӏилманан Аманат
رفتن به کانال در Telegram
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
نمایش بیشتر345
مشترکین
اطلاعاتی وجود ندارد24 ساعت
-37 روز
-230 روز
آرشیو پست ها
Repost from Muvahhidun
«Нахана собар хьоьхуш верг цкъацкъа ша а хуьлуш хиллера кхечо шена собар хьеха хьашто йолуш…»
Repost from MOMSAR
Говза йазъйалура дац цхьаьнга а шен лозуш долу дог ӏийда а ӏуьйдуш, цунах ӏийдалуш долчу цӏийца йазъйича бен...
Repost from Синтеман къайле
*✒️Мисрера дешархочун кехат*
Валлахlи, кхузахь бен ирсанна маьlна хиъна ма вац со. Уггара хьалха кlантах а, йоlах а къонах кхиадо Мисарс.
Хьан кхузахь хийцалуш йолу дог-ойла, хьан хийцалуш болу кхетам, хьан лелар, хьайн тlаьхь долу жоьпалла хьуна довзар, хьан lалашонах хилар
Аллахlан динна дуьхьа къахьегар.
*Йа Аллахl... кхузахь хилларг бен кхетара вац, ма чlогlа даган синтем букх Миср...*
Ткъа, хьан ерриге хан lилманан дlаелла хуьла, хьан цхьа а сагатдеш хlума дац, lилма доцург. Iилманан шовкъ кхечу кепара ю Мисрехь.
*Хlокхера дукх олуш кица:*
*مصر أم الدنيا*
*«Миср - дуьненан Нана»*
Нанас доьзалхо ма кхиаварра, кхиаво хьо Мисрас...
«Sinteman Qayle»
Суна уггаре дукха даржош долу къамел, гӀиллакхан хьокъехь а, Ӏеламнехан дозаллан хьокъехь а ган лаара))
Баккъалла а, оц шина хӀумех вай къам дика кхеташ хиллехьара, тахана дукха долу питанашна юккъе вай эгна хира дацара))
Ткъа гӀиллакх схьа хӀунда аьцна аьлча, и гӀиллакх долучо лелор долуш хӀума дац гӀийбат, бухтан вай дуьйцура дац, аьлла-боху, бохуш хӀуманаш а, гӀиллакх шегахь долучо кхечун сий чӀогӀа лардо
Имам ШафиӀис (АллахӀа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Ӏилма лахар дезох ма ду, суннат ламаз дарал а»
Тахана дукхох болу нах бийшан Ӏаш хуьлу, садоӀуш хуьлу, хан эрин дӀайогӀуьйтуш хуьлу, Ӏилмац терго йолуш ца хуьлу, тахана дукхахчеран хан эрна дӀайоьдуш ю, ткъа хьалхарчеран хан муха дӀайоьдуш хилла аьлча, Ӏамалаш еш дӀайоьдуш хилла, цундела цара оц Ӏибадаташ юккъера уггаре дезаниг хоржуш хилла, иза царна догӀуш а хилла!
Ӏилман дозалла дуьйцуш долу хьадисаш, оц Ӏеламнехан хьал, дозалла а, мутаӀеламе дийца дезаш ду, хӀунда аьлча оц хьадисаш, оц хаамаш мутаӀеламан гӀо до, и ша схьалаьцна некъ дӀабахьа гӀо до, уьш шовкъе бо, царна иза кхин а хаз до, уьш чӀагӀ бо, Ӏилма Ӏаморан юха ца бовла гӀо до, кхин дӀа и Ӏилма Ӏама да гӀо до, иштта кхин дӀа а, шаьш схьалаьцна некъ ца буьту цара, оц шаьш лаьцначу некъан дозалла мел доьвзу, оц дозалле мел гӀерта!
