cookie

ما از کوکی‌ها برای بهبود تجربه مرور شما استفاده می‌کنیم. با کلیک کردن بر روی «پذیرش همه»، شما با استفاده از کوکی‌ها موافقت می‌کنید.

avatar

Ӏаламан хазна

پست‌های تبلیغاتی
2 434
مشترکین
-424 ساعت
+77 روز
+12930 روز

در حال بارگیری داده...

معدل نمو المشتركين

در حال بارگیری داده...

Repost from ١٩٩٦
🌀Къуръан чуьра доlа. Муса пайхамарс عليه السلام дина хилла долу Муса пайхамар, цуьнан къомо иза вуьйр ву аьлла кхерам тесначул тlаьхьа, ша lачу меттера араваьлла Мадйане кхаьчна хилла, меца а волуш. 7 де хилла цо хlума кхаллаз. Цига кхаьчча цхьа йоккха гlу гина, хи оьцуш, даьхний lалаш деш, и хи долчу кхаьчча дуккху божарий байна цунна цу чуьра хи оьцуш, цу гlуна йистехь йоцуш, божаршна йистехь йоцуш, цхьана шина йоlах бlаьрг кхетта цуьнан. И шиъ шаьшинна даьхний божарийн даьхнех дlа ца кхетийта lалаш деш хилла, божарий хи мелла бовлалц собар деш. Тlе а вахана: «Хlун хилла лаьтташ йу шу шиъ?» - аьлла хаьттна Мусас. Цара жоп делла: «Да воккха стаг ву тхан, охашима даьхний lалаш ца дича, уьш lалашдан цхьа а вац, хlоразза а кхузахь хьие ло тхойшиъ, царах дlа ца иейалархьама, нах хи эцна бовлалц lар бахьан долуш. Тlаккха Мусас цаьршинна даьхнашна хи малийна, цул тlаьхьа lиндагl кlела дlавахна иза. Цу lиндагl кlелахь Мусас доlа дина: رَبِّ إِنِّي لِمَا أَنْزَلْتَ إِلَيَّ مِنْ خَيْرٍ فَقِيرٌ «Йа Аллахl, дерриге Ахьа суна луш долу диканашха хьашт вукх со, Хьан дерриге ниlмате хьашт вукх со». Меца хилла иза. Керлачу меттехь хилла иза. Даьхний дац, доьзал бац, ша ву иза. Цу тlе меца а вукх иза. Ша дика болх биначул тlаьхьа и доlа дина-кх цо. И доlа цо дича Аллахlа муха бекхам бо цунна? И цу lиндагl бухахь lаш а волуш, оцу шина йоьlа дас царах цхьаъ йоуьйту и волчу. Ткъа и йоl муха йеан хилла? -Гуттаре чlогlа эхь хеташ, эхь хетачу боларца йеана и. Тlаккха дуьйцу оцу йоlа, шаьш дийцинера дега иштта хьалхе чудахкар хlунда нисделла аьлла, тхан да ву хьуна ахь динчу диканна бекхам бан лууш, схьавола боху хьоьга аьлла. Тlаккха Муса церан да волчу воьду, ткъа муха воьду и? И йоl шена тlаьхьа а хlоттийна, иза шен паргlата схьайаийтархьама, йух йуха цунах шен бlаьрг ца кхетийтархьама. Муса нийсачу новкъа ца воьдуш, галваьлча оцу йоlа жима тlулг кхуссуш хилла, нийса чу ца вирзний цунна билгалдоккхуш, йистхуьлуш ца хилла иза цуьнга. Цуьнан да волчу кхочу Муса, шен хьал а дуьйцу цо цуьнга. Тlаккха оцу стага цунна рицкъа а лой, хlума а кхаллайой, цунна хьошалла а дой, шена Мусагахь йолу къонахалла, цуьнгахь долу хаза гlиллакхаш гучудоьвлича, цо олу цуьнга: «Хьо реза валахь, ас хьоьга сайн йоl йоуьйту, ахь суна 8 шарахь сан даьхний lалаш дахь». Муса реза хилла. Иштта цуьнан йоl а йалайой, цуьнан даьхний lалаш а деш, цигахь соцу иза. lеламчу наха олу: «Мусас и доlа дар бахьан долуш Аллахlа оццул даккхий ниlматаш делла цунна, шена карахь цхьаъа хlума доцуш хилла волу». Айхьа цхьа дика болх бича, хlара доlа ахь дар чlогlа дика дуьйцу lеламчу наха.
نمایش همه...
Repost from N/a
«ахь Къуръанан цхьа элп дешца 10 ял хуьлу хьуна, ткъа ахь иза хала мел доьшу шоз хуьлу хьуна и 10 ял, цундела 20 ял йоккху ахь» - бохуш дуьйцуш яра со, кхарна мотиБаций луш)) Хьаввас боху х1ара сурат дешахь-м хир ю хьуна и по-любому)) 55 шо ду цуьнан. масад сура жим хало ду кхарна 💦 Аллах1а атта дойла, Къуръан дешарехь шортта кхиамаш хуьлийла шун!
نمایش همه...
Суна къахета Палестинера нах бойъуш. © ХадижахӀ
نمایش همه...
Да - веккъа-цӀена доьзал кхобург вац… Да - хӀусаман бӀогӀам бу, цуьнан ницкъ а бу. Вонах сацош верг а, къинхетам бийриг а, шен безам луш верг а ву и. #санДа❤️
نمایش همه...
Пайхамара (саллаллахlу laлайхlи ва саллам) аьлла: «Да - ялсаманин юккъера неl ю». Сахьихьул-жамиl, 7145.
نمایش همه...
ХадижахӀ куьйгаш айбина АллахӀиг доӀа деш яр; « Йа АллахӀ. Со лар йе» бохуш .
نمایش همه...
Нана, догӀа хьа дасти ( арара неӀри), бисмиллахӀ али неӀ дӀакъовлахь! Чу шайтӀанаш ца дахкита. (Чохь буьйса ца яккхийта). © Фати
نمایش همه...
Хьалха лелош цхьа суннат дар сан. Шортта хан яр и тесна дитан лаьтташ. Юха Фатис хӀоразза тӀех яьлла лелар суна. И суннат кхочуш динай ахь бохуш юх-юха хоьттуш. ХӀинц Фати бахьанехь изза юха марзделла дӀа лелош ду.) 🟡 иштта вай а тӀехь доьвла лелаш делхьарий вайн гергарчарна уьш нисбаре сатуьйсуш
نمایش همه...
Уггар доьзалхочунна буьллуш болу бух, цунна хӀоттош болу бух иза 5 шо кхаччалца йолу хан ю. 5 шо кхаччалца цунна хӀоттийна бух тӀехь дӀавоьдуш ву и доьзалхо кхин дӀа. Амма и бух боха бина кхин керла бух ботта иза чӀогӀа хала хир долуш ду.
نمایش همه...