Ӏилманан Аманат
رفتن به کانال در Telegram
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
نمایش بیشتر345
مشترکین
اطلاعاتی وجود ندارد24 ساعت
-37 روز
-230 روز
آرشیو پست ها
Repost from Ӏилманан Аманат
Къонахий амал ю вайна езаш ерг, Къонахий кхетам бу вайна безаш берг, Къонахий тобанех хилар, и ду вай леха дезаш дерг!
Къонахан хьашта ду вай!
Тахана хеза хьуна, цхьанне а агӀора, шайха Къонах ала хьакъ долуш воцучух Къонах ву олуш, АллахӀац дуйнаш дууш Къонах ву бохуш.
ВаллахӀи, Къонах вац хьуна даьхни дерг, Къонах вац хьуна, тоьлла машен ерг, Къонах вац хьуна дикачу, лаккхарачу балхахь верг!
Амма Къонах ву хьуна, АллахӀах кхоьруш, АллахӀан хьалха сийсаз хилла корт таӀийна, тийначу буса бӀаьрхиш оьхуш верг, Къонах ву хьуна АллахӀан дош лардеш, оц дашац чеккха волуш верг, Къонах ву хьуна хаза амал, гӏиллакх-гӏуллакх лелош верг, Къонах ву хьуна воккхачунца лараме верг, Къонах ву хьуна жтмачунца къинхетаме верг, Къонах ву хьуна шен мостагӀчун а сий лардеш верг, Къонах ву хьуна шен мостагӀчунца а гӏиллакхе верг!
Къонах вац хьуна АллахӀан Ӏедало хуьлурш, къинош леторехь эхь дайнарг, оьзда воцург, гӏиллакх доцург, къинхетаме воцург, воккханиг лоруш воцург, вац хьуна ишттаниг Къонах!
ХӀай умматан жовхӀарш! ХӀай тӀехье кхиош берш! Аша кхиайойла шай тӀехье, Къонахчун амалац, Къонахий бийцарац, царах уьш тара бан гӀертарац!
ХӀай хьенех, Къонахчо ламаз чохь ца до хьуна, вало маьждиге! олуш хуьлийла шу, баккъалла а, Къонах кхуьуш ма вац, маьждиг чохь бен!
Мичахь бу и наной, со Къонах кхио везаш ю! Бохуш чӀагӀо йинарш?
ВаллахӀи ба ма бу уьш, амма уьш сов хиларан хьашта ду вай къам!
https://t.me/Ramzan_Gendargno хӀара хьоста вайн вешин Рамзанан ду, пайда эца, дехьа а довла https://youtube.com/playlist?list=PLTVtPewu157NLeAkCUziKRs6WY93_py1N&feature=shared хӀара мехала хьехамаш беш верг Рамзан ву, пайда оьцуш хила!
ХӀум кхалла доттагӀчо чу кхайкханера вай, тхо цхьана урамехь Ӏаш доллуш санна, Мадинатера урамехь))
Кеста иза а хира ду, иншаАллахӀ !
Repost from sʜɪsʜᴀɴ
Жималла эрна дla ма яхийта! Цlий довха мел ду, ойла сема мел ю, хьекъал ховха мел ду, дегlexь ницкъ мел бу, laмаде диканиг!
