261
Subscribers
No data24 hours
No data7 days
No data30 days
Posts Archive
👆👆👆👆👆👆👆
👆👆👆👆👆👆👆
🔵Пайхамарца (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) зIе хотталуш ижазат!
🔺Къуръанал тIаьхьа уггар нийса жайна лоруш долу, шена чуьра дерриге хьадисаш цIена бух болуш долу «Сахьихь Бухарий» олу хьадис жайни тIера марха кхабаран а, терхьаш даран а, лайлатул-къадр буьйса юьйцу а, иIтикаф даран а меттигаш йоьшуш дарс хир ду.
😌😉😛😌😉😌 😌😚😌😉😌
✔️Дарс юкъавеъначунна Пайхамарца (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) зIе хотталуш ижазат а хир ю, экзаменехь лаххара 50 балл яьккхинчунна.
📆Дарс хIора дийнахь хир ду.
🔘Дарсан эфир: ЦIера хенаца 08:00 хир ю.
✔️ХIора хьадис дIадоьшуш, вайн маттахь гоч а деш, цунах луург билгал а дийр ду.
✔️Деккъа мутаIеламашна, я жайна деша хуучарна дац дарс, мелхо а, хIораннан а пайда эца аьтто болуш хир ду, воккхачуьнан, жимачуьнан, стеган, зуьдчуьнан, ворхIара ваьллачуьнан массеран а бакъо ю дакъа лаца а, ижазат эца а. Иштта мархийн баттах дерг а девзур ду.
🔊Дарсе юкъавеъначо дан дезарг:
🎙Эфирехь ладогӀар, эфирехь доцуш, вуьштта дарс чудиллича ладоьгӀначун юкъарадаьлла лоруш ду, амма шена пайдана ладугӀур ду.
📝Ца хезаш юкъарадаьлларг дӀаяздар.
🔴Юкъарадаьлларг дӀаяздеш билгал иштта дийр ду:
📖Дарсехь жайни тӀе хьожуш ладугӀуш волчо шена ца хезначу хьадисан лоьмар билгалйийр ю, ца хезнарг хӀокху лоьмарца долу хьадис ду, я ах хьадис ду олуш.
🤎Ткъа жайни тӀе хьожуш воцуш ладугӀуш волчо шен юкъараюьйлуш йолу миноташ дӀаязйийр ю.
✅Юкъарадаьлларг дийнна дарс делахь, цхьа дарс юкъарадаьлла олуш билгалдийр ду.
❌Амма массех дош делахь ца хезнарг, я иштта секундаш елахь юкъараевларш, уьш язъян ца оьшу.
✅И дерриге оьшур ду, дарсаш чекхдевлла, ижазат тIе язъян цIерш схьайохкуьйтучу хенахь, шен юкъарадевлларш ижазат тIехь билгалдархьама, шена ца хезнарг хезна аьлла хьадисан хьокъехь харцдерг дуьйцуш ца хилархьама.
🔔Жайна дIадолор ду: 11.11.2024 ш
💬Дарс кху хьостан чохь хир ду👆
https://t.me/Hadisash_Live
