ch
Feedback
Хьадисаш LIVE

Хьадисаш LIVE

前往频道在 Telegram
261
订阅者
无数据24 小时
无数据7 天
无数据30 天
帖子存档
Бехк ца биллар доьху, тахана дарс дар ца нисло вайн!

1⃣➖🟡🟡     🟡🟡🟡🟡

sticker.webp0.02 KB

صحيح البخاري.pdf43.21 MB

sticker.webp0.02 KB

👆👆👆👆👆👆👆 👆👆👆👆👆👆👆 🔵Пайхамарца (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) зIе хотталуш ижазат! 🔺Къуръанал тIаьхьа уггар ни
👆👆👆👆👆👆👆                  👆👆👆👆👆👆👆 🔵Пайхамарца (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) зIе хотталуш ижазат! 🔺Къуръанал тIаьхьа уггар нийса жайна лоруш долу, шена чуьра дерриге хьадисаш цIена бух болуш долу «Сахьихь Бухарий» олу хьадис жайни тIера марха кхабаран а, терхьаш даран а, лайлатул-къадр буьйса юьйцу а, иIтикаф даран а меттигаш йоьшуш дарс хир ду. 😌😉😛😌😉😌     😌😚😌😉😌 ✔️Дарс юкъавеъначунна Пайхамарца (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) зIе хотталуш ижазат а хир ю, экзаменехь лаххара 50 балл яьккхинчунна. 📆Дарс хIора дийнахь хир ду. 🔘Дарсан эфир: ЦIера хенаца 08:00 хир ю. ✔️ХIора хьадис дIадоьшуш, вайн маттахь гоч а деш, цунах луург билгал а дийр ду. ✔️Деккъа мутаIеламашна, я жайна деша хуучарна дац дарс, мелхо а, хIораннан а пайда эца аьтто болуш хир ду, воккхачуьнан, жимачуьнан, стеган, зуьдчуьнан, ворхIара ваьллачуьнан массеран а бакъо ю дакъа лаца а, ижазат эца а. Иштта мархийн баттах дерг а девзур ду. 🔊Дарсе юкъавеъначо дан дезарг: 🎙Эфирехь ладогӀар, эфирехь доцуш, вуьштта дарс чудиллича ладоьгӀначун юкъарадаьлла лоруш ду, амма шена пайдана ладугӀур ду. 📝Ца хезаш юкъарадаьлларг дӀаяздар. 🔴Юкъарадаьлларг дӀаяздеш билгал иштта дийр ду: 📖Дарсехь жайни тӀе хьожуш ладугӀуш волчо шена ца хезначу хьадисан лоьмар билгалйийр ю, ца хезнарг хӀокху лоьмарца долу хьадис ду, я ах хьадис ду олуш. 🤎Ткъа жайни тӀе хьожуш воцуш ладугӀуш волчо шен юкъараюьйлуш йолу миноташ дӀаязйийр ю. ✅Юкъарадаьлларг дийнна дарс делахь, цхьа дарс юкъарадаьлла олуш билгалдийр ду. ❌Амма массех дош делахь ца хезнарг, я иштта секундаш елахь юкъараевларш, уьш язъян ца оьшу. ✅И дерриге оьшур ду, дарсаш чекхдевлла, ижазат тIе язъян цIерш схьайохкуьйтучу хенахь, шен юкъарадевлларш ижазат тIехь билгалдархьама, шена ца хезнарг хезна аьлла хьадисан хьокъехь харцдерг дуьйцуш ца хилархьама. 🔔Жайна дIадолор ду: 11.11.2024 ш 💬Дарс кху хьостан чохь хир ду👆 https://t.me/Hadisash_Live