en
Feedback
Ойланаш

Ойланаш

Open in Telegram

Цхьацца ойланаш

Show more
245
Subscribers
+224 hours
+27 days
+2830 days
Posts Archive
Декъ шен дегlан бен са ца гатдеш ваха ма атта хира дар-кх, вала везаш вацахьара!

Блогер ву со [ю со], аса дикка ахча доккху бохуш, боьха дерг, дегаза дерг, сийсаза дерг, оьздангалла дlа йоккхуш дерг, къийлахь дерг даржош цхьа нах го вайна дено-дено сов буьйлуш! Цара шайна кара дикка ахча догlу бахахь а шайн балхах, делахь царна хаахьарий шаьш гуллош долу, шайн lамалш дlа яззош долу тептаран тlе лаьмнаш санна даккхий къинош дlа яззош хилар а, кханалерачу къемат дийнахь шаьш лелийначух онда жоп дала дезар хилар а Сийлахь волчу Аллахlан хьалха, ма югlа кхетар бар-кх уьш шайн осалла леларах а, пайда боцуш леларах а! Хий-бепиг муьлуш lийна делар-кх шаьш, боьхалла а, осалла а ца яржош бохуш ма бехха цlийзар бу-кх уьш! Блогер хилла нахана динехь а, дуьненахь а пайдехь дерг даржо йиш ю! Делахь цхьа верг блогер хуьлий цlакий волий дlа воьду...

- Наха хьуна шаьш дика до моьттуш хьуна дийра долу зе хlу ду хаьи хьуна? - Хьо хьеста вар ду!

- Уггаре айхьа хьайна дийра долу дика совгlат, цулла дика совгlаташ кху дуьненахь кхин хила йоцуш, иза совгlат ахь хьайна динчул тlаьхьа хьуна кхин а дуккху совгlаташ тlе эгар долуш, совгlат и хlунарг ду хаьи хьуна? - Бусулба дин lамор! Хьуна бусулба дин мел ца доьвзу хьо айхьа тидам ца беш хьайн дегlан лаамашна тутмакх хилла вехаш ма ву кху дуьненахь, шайтlан а, цуьнан эскаран а хьо тилла ван мел атта хlума ду хаьи хьуна! Кхин а чlогlа хьуна тlе дужу бусулба динца бала кхачар, иза lамор а: наггахь санна хьан куьйга кlелахь ахь жоп лура долуш хьан доьзал белахь! Дайн-нанойн декхар чекх долуш дац шайн доьзална даъ-мала, тlе доха кога доха латта дарца, мелхо а иштта бусулба динехь кхетам бала а беза цара шайн доьзална! Иза Сийлахь волчу Аллахlа цаьрга хоттур долуш декхар ду. Массарех lелмастаг хила веза аьлла, я хила лура ву аьлла дац, делахь: хlора а бусулба стеган а, бусулба зудчуьнан а декхар ду: бусулба динах коьрта дерг довзар.

Цхьана кхаьтчехь шен аз бен хазар ца дезаш верг шегахь долу хьекъалел, lильманел кхин сов ца волуш югlа воьрзур ву гулламашкара. Мелхо а ладогlа lама, говза хаттар луш хьоьца волчуьнга пайдехь хlума дийцийта хьажа, цхьаммо цхьана темах лаьцна дийцар долийнехь кхечунна хьокъехь къамел хийца сиха ма ло, нагахь санна цхьаъ шу гулламехь гlийбат деш велахь хаза хьехар де: хьайна бусулба вешийн жижиг даъа ца лаьа, хьайн бежнийн стейк яъа лаьа, алий... иштта кхин дlа а.

Эхартахь шена са хиларе сатуьйсуш "йохка-эцар" лелош верг иза цlкъа а ца хуьлу эшамехь.

Вай мел дехаш нах хилла, мел ирсе нах хилла вайна маца хуура ду хаьи шуна? Вайгахь хlинца долу дикнашха вай довлий тlаккха хуура ду вайна иза!

Хийланза адаман доггаха йина йолу цхьа кlезиг само а тоьъу шен гlалатах югlа вала.

Дала а, Пайхмара а (ﷺ) цхьа х١ума мегаш дац аьлчул т١аьхьа эъ-меъ деш верг и ду-кх Меъ!

Ара ваьлча бlаьрг ларо хууш, цхьана кхаьтча гlийбатах мотт ларо хууш верг иза ву-кх ...
Anonymous voting

Шайна дукха безарш тlеххьара доlнаш юкъа маца лаьцна аша? Хьунаъ, сунаъ ца хууш мел дукха нах бу хаьи хьуна балнашца зуьш. Тlе хаьжна векха велла, вела велла волуш ма хиланза къонах хира ву-кх шен бала даг чохь хьулбина вайна юкъахь вехаш.

Да-нана шен доьзална гlортор хиларе терра, иштта а хуьлу доттагl шен доттагlчунна гlортор.

Адаман амал ма тамашена ю-кх, герга дерг ма дукха деза-кх цунна, ма чlогlа а хоржу-кх цо и, дукха ца lаш иза дlа дераг делахь а! Даим хира долчунах ма гlопул ду-кх и, цlкъа а иза тlе догlур доцуш санна!

Хьайн нохчийн мотт шерра хаьара аьлла, шира дешнаш дуккху доьвзар аьлла, къамел деш хенахь эхь ца хеташ мотт хецалора аьлла хьайн хета-хетарш дийца йиш яц хьан, къаьстина бусулба динца хотталуш долуш хаттаршна хьокъехь къамел дар. Хьайн шера маттах lеха лой бердах ма гlолахь.

Аллахlан тlе болх биллина югlа бахьанш лелор lаддитана, аша шайх къа хетийта гlерташ хlуманаш лелош делахь шу къарделла хилар, амал гlелла елла хиларна билгало ю иза. " - Хьайн баба ма яла хьан, хlу юъар яра хьан мерзачу бато?", аьлла хьайн цхьаъ тlе варе ма хьежа! Дуьнен дахар ишттий бен хуьулуш ма дац, деригге денош бохург санна къахьегар ма ду кхузахь, югlа цул тlаьхьа гуттаренна садаlар хьам Аллахlан къинхетамца.

Доттагl ахь хоржуш хенахь цуьнгара бекъ хьайна дуьнен пайда схьа бераг хилар тидаме лаьцна ахь иза хоржуш велахь хьо тlаккха доттагl везаш лелаш вац, хьо "шура" езаш лелаш ву. Гlолехь хlу хира ду тlаккха: "Доттагlаааа" бохуш назманаш ца лоькхуш, ахь хьайна цхьа диканиг берстана етт эцна цуьнга хьайна шура латта яйтича дика хира ду.

- lильма lамош хьо ца хиллехьара, мила хилла хира вар хьо хьайн дахарехь? - Сайн дегlан лаамашна лай хилла вехаш хира вар со тlаккха, айса цунна тидам ца беш!

Хьайн дагахь хьайн понт йолуш, чlичl аьлла кlант хеташ хьой, кура боларца, доккхачу дагца лелаш-м хира ву хьо кху дуьненахь,
Хьайн дагахь хьайн понт йолуш, чlичl аьлла кlант хеташ хьой, кура боларца, доккхачу дагца лелаш-м хира ву хьо кху дуьненахь, делахь хьайн меттиг лаха кху юкъахь! Хьо Аллахlа хlунда кхоьллина ву хьо тlаьхьа кхиъана мел вац, тилла делла "бо бера" ду хьо кху lаламехь дехаш!

Хьайна дуьнен исбаьхьаллах цхьа агlо гича: " - Дера веза со дуьнен лай хила!", ала сиха ца луш, мелхо ахь олийла: " - Йа Алла
Хьайна дуьнен исбаьхьаллах цхьа агlо гича: " - Дера веза со дуьнен лай хила!", ала сиха ца луш, мелхо ахь олийла: " - Йа Аллахl, Ялсамане чохь муха хира ду теша тlаккха?", аьлла Аллахlан lамал ярехь сов волийла хьо!

Уггаре ирча бlаьрмецигалла соьга хаьттича (соьга хоьттуш цхьа воцушехь) жайна оьцуш дlа луш долу сом-комах кхоам хетар ю.