en
Feedback
Ойланаш

Ойланаш

Open in Telegram

Цхьацца ойланаш

Show more
245
Subscribers
+224 hours
+27 days
+2830 days

Data loading in progress...

Tags Cloud
No data
Any problems? Please refresh the page or contact our support manager.
Incoming and Outgoing Mentions
---
---
---
---
---
---
Attracting Subscribers
December '24
December '24
+8
in 0 channels
November '24
+37
in 1 channels
Get PRO
October '24
+39
in 3 channels
Get PRO
September '24
+170
in 2 channels
Get PRO
August '24
+51
in 4 channels
Date
Subscriber Growth
Mentions
Channels
16 December0
15 December+1
14 December0
13 December0
12 December0
11 December0
10 December0
09 December0
08 December+1
07 December0
06 December+1
05 December0
04 December+1
03 December+2
02 December+1
01 December+1
Channel Posts
Сих-сиха хьой цхьалха висар дага доитуш хилалахь! Каш чохь хьой цхьаъ! Къемат дийнахь ахь лелийначунна хьоьгара барт хатта тl
Сих-сиха хьой цхьалха висар дага доитуш хилалахь! Каш чохь хьой цхьаъ! Къемат дийнахь ахь лелийначунна хьоьгара барт хатта тlе воьдуш хенахь хьой цхьаъ! Тlаккха ахь хlинца лелош йолу дуккху кураллаш, кепаш, къинош lаддитар тlехь гlо хила там бу хьуна.

2
Адамехь бехказло юй хуушехь хlетте а цуьнан хьокъехь хьо шога кхел яьш велахь, хаа ду хьуна цхьана дийнахь ахь динчуьнца хьуна а бекхам хира буй! Вера ву хьуна хьан хьокъехь а иштта кхел яьш цхьаъ, хьоьгахь бехказло йолушехь, хьо цец вуьйлуш: иза хlунда ца кхийтар теша сан хьолах, бохуш!
423
3
Хьайн дахарехь кхиамаш хилийта лууш хьо велахь, цкъа хьой цхьаъ охьа хиъна, телпо тlера интернет дlа яйъи, дикка ойла яй хьайн сакхташна хьокъехь, югlа уьш цхьана кехат тlе дlа язде, хьажа уьш мас сакхт гулло, 10 я 15 я 20 я кхин а сов, тlаккха хуура ду хьуна мича агlора ахь къахьега дезар ду хьайн дахарехь кхин дlа. Масала вайн билгала довла мегаш долу сакхташ: сиха дог датlар, Аллахlан тlе болх биллар гlийла хилар, кlезиг валар дагадар, бlаьрмециг хилар, кура хилар, гlийбат дар, ша долу гlиллакх маттан тlехь хилар деш хlумма доцуш, дин ца lамдар, вайн го дика ца хилар ...
867
4
Цхьана кхаьтча хьоьга дош ца луш къамел тоттуш верг хьоьга ладогlа лууш цхьана кхетта вац хьоьца, мелхо а шена чохь lаьlнарг а, гулделларг а дlа дийца шега ладугlуш ши лерг дезаш хилла цунна дукха хена дуьйна, цундела цунах нийса кхета веза хьо, иза шен дог lаббалца къамел дан вита веза ахь къамелан юкъара ца воккхуш.
444
5
Хlара дуьне хlу меттиг ю теша аьлча, Ялсамане яккха дика меттиг ю хlара, бусулба дино ма бохху къахьегчахьана вай кхузахь!
721
6
Наб тlе гlоьртина волчу мутаlеламан ма дика гlоьнча ву-кх "къахьо"! (Жайна доьшуш верг со вац).
Наб тlе гlоьртина волчу мутаlеламан ма дика гlоьнча ву-кх "къахьо"! (Жайна доьшуш верг со вац).
577
7
Дукха къамелаш деш верг чу эгар волу цхьадолу гlалаташ: гlийбат дар, пуьттуш боттара жим-тlам боьттина, ша хьеста вар, ца оьшуш йолу тlех сов забарш яр.
541
8
ВАЙНА ЮКЪАРА ДIА ДАККХА ДЕЗАШ ДОЛУ ИРЧА ХIУМА Машенахь цхьаъ тlех волуш хенахь гондахьа воьдург-вогlург, болх беш верг воцург, къамел деш пхьоьханехь лаьтташ берш, шаверг шайн гlуллакхашха юкъара бовлий лерийна машен чу хьоьжура бу аьрзонан хьажарца, моьттур ду уьш оцу машен чохь набахтий чу воьллийна волу шайн цlа ван везаш волу герга стаг лоьхуш бу. Хьайн бала боцучига дlа ма хьежа! Хьуна луара дарий машенахь хьайн нанийца, я хьайн йишийца, я хьайн йоlанца, я хьайн хlусам-нанаца хьо воьдуш хенахь лом детташ воллуш волу Бож-lела шен балхан юкъара ваьлла хьан машен чу хьаьжча?! Тlаккха хьо а ма хила нехан машен чу хьоьжуш волу Бож-lела!
491
9
Хьо гlалат волуш хенахь, я хьо гlиллакхах вухуш хенахь, я ахь цхьа къилахь дерг деш хенахь хьуна уллехь хаза само яьш дика накъост хилар инзаре доккха дика ду хьуна хьоьга кхаьчнарг.
513
10
Кху заманахь, питаншха дуьзна заманахь бусулба динан lильманах таса бала беза-кх бусулба нах шайн кlомсаршца ницкъ ма кхоччу. Адамийн дин а, гlиллакх а, амал а, психика а цхьана, гала яккха гlерташ къахьоьгуш ду иблисан эскар. Цундела царна дуьхьал уггаре дика герз иза lильма ду! Сийлахь волчу АллахIа бусулба долуш бен далар ма лойла вайна.
1 041
11
Хьо вузош волу ялтан ахь сурташ даьхна югlа уьш нахан меран кlела lиттаро уьш буза ца бой хаа деза хьуна! Тlаккха ахь хlу дан деза, я уьш схьа балийна хаза хьайцани буза бан беза ахь, я царна меран кlела lуьттуш долу даарийн сарташ дlа даьхна, хьой волчехь хаза хьай бисмал-алхьам аьлла хlума кхалла еза ахь. Нах хьега бар иза бусулба нехан амал яц.
517
12
Бlаьрг негlар тухучу хенан юкъана массо хlуманах довла йиш йолуш ду вай, муьлххачу хенахь кхераме цамгаро метта эго йиш йолуш ду вай, дагахь доцучу меттахь lожалло лаца йиш йолуш ду вай, тlаккха хаа деза вайна къеггина: адам Шен Кхоллархочунах даьлча мел гlийла, мел декъаза хlума ю.
471
13
- Цхьа гуттара сой чlогlа хетйита гlерташ аса хlуманаш лелийча, чlогlа хетар вари шуна со? - Хета та-м бу, ахь хlу лелийра ду хьаьжжина. - Тlаккха цигахь (эхартахь) пайда бахьар буй суна цо? - Гена ду! - Тlаккха lад lийра ву со!
1 391
14
Бусулба нехан хазхеташрца хазхетар, бусулба нехан халхетаршца халхетар - ма хаза куц ду-кх иза бусулба адамас лелош хенахь. Цуьнах схьа хуьулу: баланехь волчу бусулба стеган дог эцар хазачу даггара олуш долчу дашца, цунна далучу кепара гlо дарца, цунна орцаха валар гlо эшначу сохьта. Тlаккха цул тlаьхьа оцу баланехь долчу адаман даган беш болу там мел онда бу ма хетта ахь! Хийланза шайн инзаре чlогlа де эшна де деъанча хенахь шайна бусулба нах орцаха бевла гlо дича дукха хаза хетта нах боьлхуш меттигаш га гина вайна, хаза хезна вайна.
551
15
Шен хьацарца доккхуш долу рицкъанал мерза цхьа а рицкъ дац! Шен хьанал къинхьегамца доккхуш долу рицкъанал дика цхьа а рицкъ
Шен хьацарца доккхуш долу рицкъанал мерза цхьа а рицкъ дац! Шен хьанал къинхьегамца доккхуш долу рицкъанал дика цхьа а рицкъ дац! Доккхуш долу ахчанна тlера хlора баттахь сагIийна цхьа дакъа луш долу рицкъанал чlогlа лардина цхьа а рицкъ дац!
509
16
Дуьненахь вайх цхьаммо дика lамал яш хенахь цуьнан Ялсаман чохь АллахIа лакха доккхуш долу даржанашна хьокъехь жимма хоьттийн
Дуьненахь вайх цхьаммо дика lамал яш хенахь цуьнан Ялсаман чохь АллахIа лакха доккхуш долу даржанашна хьокъехь жимма хоьттийна сурт хотта дан вай хьовса хьара ма хадданза дика lамал ячера югlа девра дацар-кх вай!
464
17
Жим-жима къанлуш ду вай. Жим-жима тишлуш ду вай. Хьалхаралераниш дац вай. Дlа лацар а, тlе кхиар а дац хьалха санна. Даьlахка
Жим-жима къанлуш ду вай. Жим-жима тишлуш ду вай. Хьалхаралераниш дац вай. Дlа лацар а, тlе кхиар а дац хьалха санна. Даьlахкаш лаза йиларо цхьана хаам бо вайн новкъа довларан де гена ца хилар. Жималла уггаре чlогlа дикачу хlуманна катуху хан а ю шен берте дlа гlерташ. Югlа хьаьжча йина кlезиг бен lамал ца го. Хьалха хьаьжча вайга хьожуш долу бодане каш го. Тlкъа дуьсуш дерг хlу ду теша? Къинхетаме волчу АллахIан къинхетамах деган йовхо ю-кх!
2 196
18
Соьмаш тlе кхетаран, лахадаларан сагатдеш вай lашшехь, вайн дахаран оьмар-м йоьдуш lожаллан герга гlерташ ю шуна. Бакъ волу вехаш волу стаг иза эхартахь декъала хира верг ву.
444
19
Мусан книшкаш чlогlа хаза чулацам болуш хуьлу, цундела цуьнан белхашха пайда оьцуш хилалаш.
Мусан книшкаш чlогlа хаза чулацам болуш хуьлу, цундела цуьнан белхашха пайда оьцуш хилалаш.
513
20
Хьо хьой висанчу хенахь хьайна тlехь къахьегнарг ву хьо!
537