en
Feedback
Ӏилманан Аманат

Ӏилманан Аманат

Open in Telegram

«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot

Show more
345
Subscribers
No data24 hours
-37 days
-230 days
Posts Archive
sticker.webp0.00 KB

Repost from N/a
Шен лайно дина доӏ, цӏа а жоп ца луш дуьташ дац Аллахӏа, делахь а, доӏан жоп далар кхан кепехь ду: Хьалхарниг - ахьа деххарг хьуна далар, Шологӏниг - ахьа дехначул сов даьккхина далар, Кхоалоӏаниг - эхартан и дӏадиллар, (и бохург ду, эхартахь хьуна йалсамане ваха цхьа дика тӏе ца тоьучу хенахь, и доӏ схьадалийна, диканшан тӏе тоьхна, хьо йалсамане вахийтар) Оц кхоалгӏачо гойту вайна, доӏ ӏибадат хила

Repost from N/a
Доӏ дар - иза ӏибадат ду, мелхо оц дерриге ӏибадатши - бух бу и, оц дерриге ӏибадатши - тӏум ю и доӏ Цундела хӏора а, оц доӏах, оц ӏибадатах, шен кхетам кхелашцани тасалойлакх, мел доккханиг а, мел жиманиг а, шен Деле доьхийлакх!

«Хьекъал ойла еш ду, ткъа Аллахӏ Шайна луург деш ву!» Ма хаза дукх и дешнаш... Аллахӏан кхел ца лелча ца йола...

Repost from sʜɪsʜᴀɴ
«Ас дина...со ца хиллехь... ас ца динехь...суна дага ца деънехь...» - ахь кху тайпа къамелаш дан хьо хӀумма а вац! ХӀунда аьлча хьоьга и дайтинарг а АллахӀ вара, хьо хилийтинарг а АллахӀ вара, хьуна и дан дагатеснарг а АллахӀ вара. ТӀаккха хуьлий цигахь ахь хьайх тамаша бан а, дозалла дан а, кхечунна хьалха куралла ян а хӀумма а?! Муьлхха а айхьа деш долу дика хьайга ма дилла, АллахӀе дилла, Цунна хьалха эсала а хила, Цунна хастам беш а хила, Цо хьайга и дайтарна.

Ма боккха хьехам бу хӀара!

Цӏаьххьана дага даьхкина дешнаш дара, коьрта хӏума тоьхча санна, иштта хӏума хуьла))

И мичахь аьлла дара кардан деза аса )

Аьлла дукх, Аллахӏа, Шен дукха везначун гар а, хазар а, куьг а, ког а, хира ву! Субхьаналлахӏ, кхузахь луур хӏун ду хьуна аьлча; Аллахӏ хьан хазар хилахь, Аллахӏан дезарг бен хезар дац хьуна, Аллахӏ хьан гар хилахь, Аллахӏан ган луург бен гура дац хьуна, Аллахӏ хьан куьг хилахь, Аллахӏан луучу бен ахьа иза кховдор дац, йаӏне хьанал долчун лелор ду, Аллахӏ хьан ког хилахь, Аллахӏан лууче бен ахьа и боккхар бац, йаӏне хьанал долчун лелор бу, Ткъа кхин хӏун доккха ирсан сатуьйсу ахь? Кхин хӏун боккхачу къинхетаман сатийсар ахь? Кхин хьенан реза хиларе сатийсар ахь? Субхьаналлахӏ

Аллахӏа Шен дуьхьа дойла, вай доккхуш долу хӏора а са!

Хӏара дуьне - къуй ву! Вайн ӏамалаш къол деш волу! Вайн хӏаранне а тӏорказ хила деза, вай хӏораммо а, и тӏорказ доха тухуш лело а деза, эхартехь бен шен догӏа дӏа даьстина, цу чура жовхӏарш схьаоьцура доцуш...

sticker.webp0.00 KB

Зударийн_питан_Уггаре_доккха_шиъ_питан_2_2.m4a19.58 MB

Repost from N/a
Хьал латийна микрофон 🎙 Чу довла!

Суна чат гуш ю, аса жоп лура ду хьуна

Суна чат гуш ю, аса жоп лура ду хьуна))

➡️ Маьждигера дарсаш -Гlиллакх.

Сан меттан )