Ӏилманан Аманат
Ir al canal en Telegram
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Mostrar más345
Suscriptores
Sin datos24 horas
-37 días
-230 días
Archivo de publicaciones
Repost from N/a
Шен лайно дина доӏ, цӏа а жоп ца луш дуьташ дац Аллахӏа, делахь а, доӏан жоп далар кхан кепехь ду:
Хьалхарниг - ахьа деххарг хьуна далар,
Шологӏниг - ахьа дехначул сов даьккхина далар,
Кхоалоӏаниг - эхартан и дӏадиллар, (и бохург ду, эхартахь хьуна йалсамане ваха цхьа дика тӏе ца тоьучу хенахь, и доӏ схьадалийна, диканшан тӏе тоьхна, хьо йалсамане вахийтар)
Оц кхоалгӏачо гойту вайна, доӏ ӏибадат хила
Repost from N/a
Доӏ дар - иза ӏибадат ду, мелхо оц дерриге ӏибадатши - бух бу и, оц дерриге ӏибадатши - тӏум ю и доӏ
Цундела хӏора а, оц доӏах, оц ӏибадатах, шен кхетам кхелашцани тасалойлакх, мел доккханиг а, мел жиманиг а, шен Деле доьхийлакх!
«Хьекъал ойла еш ду, ткъа Аллахӏ Шайна луург деш ву!»
Ма хаза дукх и дешнаш...
Аллахӏан кхел ца лелча ца йола...
Repost from sʜɪsʜᴀɴ
«Ас дина...со ца хиллехь... ас ца динехь...суна дага ца деънехь...» - ахь кху тайпа къамелаш дан хьо хӀумма а вац! ХӀунда аьлча хьоьга и дайтинарг а АллахӀ вара, хьо хилийтинарг а АллахӀ вара, хьуна и дан дагатеснарг а АллахӀ вара. ТӀаккха хуьлий цигахь ахь хьайх тамаша бан а, дозалла дан а, кхечунна хьалха куралла ян а хӀумма а?! Муьлхха а айхьа деш долу дика хьайга ма дилла, АллахӀе дилла, Цунна хьалха эсала а хила, Цунна хастам беш а хила, Цо хьайга и дайтарна.
Цӏаьххьана дага даьхкина дешнаш дара, коьрта хӏума тоьхча санна, иштта хӏума хуьла))
Аьлла дукх, Аллахӏа, Шен дукха везначун гар а, хазар а, куьг а, ког а, хира ву!
Субхьаналлахӏ, кхузахь луур хӏун ду хьуна аьлча;
Аллахӏ хьан хазар хилахь, Аллахӏан дезарг бен хезар дац хьуна,
Аллахӏ хьан гар хилахь, Аллахӏан ган луург бен гура дац хьуна,
Аллахӏ хьан куьг хилахь, Аллахӏан луучу бен ахьа иза кховдор дац, йаӏне хьанал долчун лелор ду,
Аллахӏ хьан ког хилахь, Аллахӏан лууче бен ахьа и боккхар бац, йаӏне хьанал долчун лелор бу,
Ткъа кхин хӏун доккха ирсан сатуьйсу ахь?
Кхин хӏун боккхачу къинхетаман сатийсар ахь?
Кхин хьенан реза хиларе сатийсар ахь?
Субхьаналлахӏ
Хӏара дуьне - къуй ву!
Вайн ӏамалаш къол деш волу!
Вайн хӏаранне а тӏорказ хила деза, вай хӏораммо а, и тӏорказ доха тухуш лело а деза, эхартехь бен шен догӏа дӏа даьстина, цу чура жовхӏарш схьаоьцура доцуш...
