en
Feedback
ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ

ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ

Open in Telegram

Соьх йуьсар йолу лар.. @yurtarayo1_bot

Show more
3 278
Subscribers
-324 hours
+157 days
+15730 days
Posts Archive
sticker.webp0.07 KB

Хьарамчух лар ца валар бахьана долуш, стага ша шен доьзал бохабо.
Зуда а, стаг а Аллахlан муьтlахь хуьлуш, Цунна герга мел хуьлу - вовше герга хир ду. Ишиъ Аллахlан lеса хуьлуш, Цунна гена мел хуьла а - вовше гена дера ду.
Дала боху: «Рoббанá хӏаб ланá мин азвáджинá ва зурриййáтинá къуррота аӏйун, ваджӏалнá лилмуттакъúна имáмá»
رَبَّنَا هَبۡ لَنَا مِنۡ أَزۡوَ ٰ⁠جِنَا وَذُرِّیَّـٰتِنَا قُرَّةَ أَعۡیُنࣲ وَٱجۡعَلۡنَا لِلۡمُتَّقِینَ إِمَامًا
«(Къинхетамечуьнан лайш) уьш бу шаьш олурш: Тхан Дела! Лохьа тхуна тхан хӀусамнанойх а, тӀаьхьенах а тхо даккхий дийрадеш.»
[Аль-Фуркъан: 74].

​​«Нагахь санна, хьо хьайн баланаш дlабаха лууш велахь, цкъа хьалха айхьа летош долу къинош дlадаха».

sticker.webp0.07 KB

Дешнашца хила ца веза хьо Къонах, хьайн леларца гайта дезаш ду ахь иза.
Ислам-дин вайн дахарехь кӀезиг хиларе хьаьжжина декъаза ду вай. И Ислам-дин вайн дахарехь алсам хиларе хьаьжжина ирсе а, декъала а хир ду вай.

Наха дора алий вон къа ма де, селхана динера алий тахана ма де, цхьа вон къа динера алий кхин къа ма де, иблисе Iеха ма вайта хьо!
[«Синошна дарба»]

Voice message00:40

Аллахlа ца магийнарг а, хьарам дерг а - хьарам ду стаганна а, зудчунна а. Аллахlа магийнарг а, хьанал дерг а хьанал ду стаганна а, зудчунна а. Цу хlуман тlехь стеган а, зудчуьнан а кхоллам (фитlрат) тайп-тайпана ю бохуш долу хlума лелаш дац! Вуьшта аьлча, хьоьгара къа доьжча «со Дала иштта гlийла кхоьллан ю (ву), сан кхоллам (фитlрат) кхин ма ю» иштта бехказлонаш цхьанне йогlуш яц! Зудчун къа а, стеган къа а цхьатерра ду. Далла хьалха хоьттича ахь эр ма дац "Со боьрша стаг ву, цундела гечдехьа суна".

Voice message00:56

Нисвалар кхачам бац, и нисвалар дола а деш лардан дезаш ду.
[Нисвала лаьа суна]

sticker.webp0.07 KB

Божарий иман дерг лоьхуш белхьара, зударий шайн иман чlагlдан хьовсур бара, дегlан куц а дитина.

Аллахӏана Шен лай везаран билгалонех ду, Цо цуьнан лерган хазар а, бӏаьрган гар а хьарам долчух лардар.

Хlай, со хилале суна Ялсамане ехнарг, Аллахlе суна гечдар доьхуш вилхинарг, Аллахlера салам маршалла хуьлда хьуна! Аллахlан Элчано ﷺ аьлла: "Суна цхьа салават диллинчунна, Дала итт салават дуьллур ду, цунна тӀера итт гӀалат а дӀадоккхур ду, итт даржехь иза сов а воккхур ву." Сахьихь ал-ЖамиӀ: 6359.

Voice message00:25

Хьой дика стаг ву ма мотталахь, Аллахlа хьайн къинош хьулдеш дара але.
Хьой дика стаг ву ма мотталахь, Аллахlа хьайн къинош хьулдеш дара але.

sticker.webp0.07 KB

Тешнабехк бинарг бусалба хила тарло, амма муъмин вац. Аьшпаш а, тешнабехк а ийманца богӀуш бац.
Шен дош а, къайле а, дог а хьайх тешийна волчунна тешнабехк ма бе. Ӏожалло эзарза лоцийла хьо, амма шен синан цхьа дакъа хьайна чу диллинчунна ямартло ма йе.

Хьайна ма тов ваха хьо, хьо лийра ву хьуна. Хьайна луург дукха веза, хьо къаьстар ву хьуна цунах. Хьайна луург де ахь, ахь ди
Хьайна ма тов ваха хьо, хьо лийра ву хьуна. Хьайна луург дукха веза, хьо къаьстар ву хьуна цунах. Хьайна луург де ахь, ахь динчуьнца бекхам хир бу хьуна.

sticker.webp0.07 KB