en
Feedback
ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ

ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ

Open in Telegram

Соьх йуьсар йолу лар.. @yurtarayo1_bot

Show more
3 278
Subscribers
-324 hours
+157 days
+15730 days
Posts Archive
«Кхетаме волу стаг эмгаралла (ревность) йолуш хуьлу».
Элчано, къинхетам а, маршо а хуьлда цунна Аллахlера, аьлла: «Даййус ялсамане чу гlура вац». сахих ат-таргъиб 2070.
Даййус - иза шен чура зударшца эмгаралла (ревность) йоцург ву, шен хlусам-нана елахь а, я шен йиш, я нана, я йоl. Муьлхха а шен чура зуда духарц мухха ара яьлчи бен ца хеташ, иза хьаьнга йист хилчи, цо хуъ лелийчи а бен ца хеташ. Иштта хьал дерг ялсамане чу гlура вац аьлла-кх шен хьадисехь вайн Элчано, къинхетам а, маршо а хуьлда цунна Аллахlера.

Voice message00:49

Хьан эхартах дог лозуш воцург, хьоьх дог лозуш вац хьуна.

lаишата رضي الله عنها аьлла: «Нисса цхьа де ма ца долура, Аллахlан элчано (ﷺ) сан неlаран ша тlех волучу хенахь, соьга суна хаза хетар долу дош аьллий а бен тlех ца волуш..»

sticker.webp0.07 KB

«Стеган ламазо, мархано ӏеха ма дойла шу! Шена луучо ламаз дойла, шена луучо марха кхобийла, амма дин-ам дац шегахь тешам боцчуьнгахь.» Ӏумар ибн аль-Хаттӏаб | «Сунан Байхӏакъий» Пайхамара (ﷺ) ша шен хутlба дlадоладале хьалха олуш хилла сих-сиха: «Иман дац тешам боцчуьнгахь, йа Дин а дац шен дош лардеш воцчунна». رواه البيهقي في » شعب الإيمان » 4354 . АллахIа лардойла вай цу вочу куьцах.

«Хьо кху латта тlе Аллахlан муьтlахь хилий бен ваийтина вац, цундела хьо ларлолахь цу тlехь бохамаш баржорах!». Шайх Ӏабдур-Раззакъ аль-Бадр (АллахIа Iалашвойла иза)

Шайх Бакр Абу Зайдас (Аллахla къинхетам бойла цунах) аьлла: «Зударий талхаран хьалхара бахьан - божарша мало яр ду». Хьирасат
Шайх Бакр Абу Зайдас (Аллахla къинхетам бойла цунах) аьлла: «Зударий талхаран хьалхара бахьан - божарша мало яр ду».
Хьирасату ал-Фадийла.
Зударий оьзда, могаш, къинхетаме, иманехь болу къам иманехь хуьлу, ткъа зударий оьздангаллех боьхнехь, и къам иманах, оьздангаллех а дохаран коьрта билгало ю. Амма зударий иманах, оьздангаллех ца буху, оцу къоман БОЬРША НАХ хьалха иманах, оьздангаллех а боьхначул тlаьхьа а бен. Нагахь санна, къоман боьрша нах иманехь, оьзда, къинхетаме, собаре, доьналле къонахой белахь, шайн зударийн сий, могшалла, оьздангалла ларъеш белахь, оцу къоман зударий цкъа а оьздангаллех бухур бац. Амма зударийн дай, вежарий, кlентий, хlусамдай оьзда, иманехь бацахь, къонахой бацахь, церан зударшна маршо йолу царех тера хила. Абузар Айдамиров - «Вайн амалш».

Voice message01:19

«Аллахlа хьуна мел йаздинарг дика ду хьуна, хьо цуо lовжавахь а».

sticker.webp0.07 KB

Йа Аллахl, Хьайна со дукхавезар волучу кепар хийца Ахьа со.
‏اللهم غيرني حتى تحبني
Аллохlумма гlоййирни хьатта тухьиббуни

Ибн lусайминс (Аллахla къинхетам бойла цунах) аьлла: «Дуккха а нах питан долу меттигашка лела шеш цу питанах lехалур дац аьлл
Ибн lусайминс (Аллахla къинхетам бойла цунах) аьлла: «Дуккха а нах питан долу меттигашка лела шеш цу питанах lехалур дац аьлла хеташ, делахь уьш юха ца бовлу, цу чу эггалца». Тафсир суры ал-Бакъара

sticker.webp0.07 KB

Пайхамара (ﷺ) аьлла: «ЦӀена хилалаш, хийрачу зударех ларлуш, тӀаккха шун зударий а цӀена хир бу шуна».
ат-Табарани в “аль-Кабир” (1002), “аль-Аусат” (6295).
«Бакъдолуш, зудчун Ӏалам (амал) иштта ду, шен майра кхечу хийра зударшна тӀе гlерташ гича, иза ша а кхечу божаршна тӀе йолало»
«МажмуӀул-Фатавá» (15/318-319, 32/120).

Эхартахь хьой гlайгlане вийра волчу хlуманца, хьайн самукъа ма даккхалахь дуьненахь.

Voice message00:27

къонахий дукха ца беха, амма цара шайна тlаьхьа йоккха лар юьту.
къонахий дукха ца беха, амма цара шайна тlаьхьа йоккха лар юьту.

sticker.webp0.07 KB

Бусалбанаш Пайхамарах (ﷺ) тарбала безаш бу. Нагахь уьш цунах ца тарлахь, кхечунах тарлур бу.
«Бусалба а волуш, кхалхар ло Ахьа суна. Дикачу нахах дlа а тоха Ахьа со!». 12:101