ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ
Open in Telegram
3 283
Subscribers
+424 hours
+357 days
+17630 days
Posts Archive
3 283
Наб кхетта волчунна ца хаьа, шена гуш дерг гӏан дуйла, ша самаваллалц.
Иштта ву эхарт дицдинарг а. Ӏожалла тӏекхаччалц ца кхета иза, ша стенах ваьлла.
Йа Аллахӏ, гӏопал ма де Ахь тхо.
3 283
Цхьаболчу Iеламнаха олу:
«Нагахь санна стаг шена хьарам болчу зударшка дlахьежа волалахь, шайтlанан хlилланех ду цунна уьш хаза бу аьлла дагатийсар, кхечу агlора аьлча:
цунна хаза йоцург а хаза ю моьтту, тlаккха цаьрга дlахьежар совдолу цуьнан, иман гlелло, шен чуьра дика а, хьанал а йолу зудчух безам бов, уьйр гlелло, мел хаза елахь а, ирча хета волало и».
3 283
تمَّ الكاتب
والحمدلله الذي بنعمته تتم الصالحات.
АллáхӀана пурбанца хӀара жайна
[ 📚الأربعون النووية]чекх дели,АллахӀ Дáла пайдехь долу Ӏилмангахь сов дохийла вай массо а, шайн доӀанашкахь тхо диц ма де! 🤩Пайдехь урокаш
3 283
Шун уггар хьалхара тlеман майда - шун догlмаш ду, царна тlехь аша толам баккхахь, кхиниг кхин а атта эшалур ву шуьга.
3 283
Repost from N/a
Нехан хьокъехь ахь дина къа, Делан хьокъехь диначу кхузткъе итт къинал а вон ду, хӀунда аьлча, къемат дийнахь АллахӀа хьуна гечдан тарло, ткъа наха, шеко а йоцуш, нийсо йоьхур ю хьоьгара.
Шайх Ӏабдул Ӏазиз ат-ТӀарифий
3 283
Хьуна бале дера долу самукъа - хьо къа лато вуьгуш долу самукъа ду. Оцу самукъо тlаьххье хьо велхор ву хьуна.
3 283
Иблис а, дуьне а, сан дегl а, дегlан лаам а...
Кlелхьара муха вала веза те, уьш берриге а сан мостагlий а болуш..?!
3 283
КЪЕМАТ ДИЙНАН БИЛГАЛОНЕХ:
Iимра̀н ибн Хьусайна дийцина АллахIан Элчано ﷺ элира аьлла: «Уггар дика чкъор Со шех верг ду, тIаккха цул тIаьхьа догIург, тIаккха цул тIаьхьа догIург, тIаккха цул тIаьхьа догIург,…» - Iимра̀на элира: суна ца хаьа билггал АллахIан Элчано ﷺ «тIаккха цул тIаьхьа догIург» шозза элира, йа кхузза элира.
- «…цул тIаьхьа цхьа нах хир бу, шайгара цхьамма а ца доьху тоьшаллаш деш, шайна тIе ца дехкинчу белхашна а йамарт хуьлуш, чIагIонаш а еш, уьш кхочуш а ца еш, царна юккъахь даьржира ду варстар.»
[Буха̀рий, Муслим].
3 283
Repost from N/a
Суна тарихехь (исторехь) цхьа а стаг ца вевза, шегахула бакъдолчуьнца АллахӀа умматана пайда бина, цул тlаьхьа иза зен ца зийна – кӀезиг долчуьнца делахь а, дукха долчуьнца делахь а. Зер – иза хӀора даггара лелаш волу стаг чекхвала везаш йолу неӀ ю.
Шайх Ӏабдул Ӏазиз ат-ТӀарифий
3 283
САЙН ШИРАЧУ ДОТТАГlЧУЬНГА КЕХАТ!
Салафшах цхьаммо шен доттагӏчуьнга кехат яздина хьехар деш:
«Суна хьо иман долуш войзуш вара, делахь а, хӏинца хьо хийцавелла аьлла хабар кхаьчна соьга.
ﻓَﺈﻥ ﻛﻨﺖ ﻋَلى ﻣَﺎ ﻋَﻬﺪﺗﻚَ ﻓَﺎﺗﻖ ﺍﻟﻠﻪَ ﻭﺩُﻡْ!
Нагахь санна, хьо хӏинца а суна ма-вовзар велахь, Делах кхера, хьайн некъа тӏехь чекхвала!
ﻭﺇﻥْ ﻛﻨﺖ ﺗﻐﻴﺮﺕ ﻓَﺎﺗﻖ ﺍﻟﻠﻪَ وعُدْ!
Амма хьо хийцавеллехь, Делах кхера, хьайн некъа тӏе юхаверза»!
Ахьмад/аз-Зухд.
3 283
дийлина дуккха а гاалаташ ду,
шен хеннахь ца йина ойланаш йу,
дан дезаш дисина дехха некъаш а ду..
