es
Feedback
ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ

ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ

Ir al canal en Telegram

Соьх йуьсар йолу лар.. @yurtarayo1_bot

Mostrar más
3 284
Suscriptores
+724 horas
+397 días
+17830 días
Archivo de publicaciones
Mensaje de voz00:40

Цхьаболчу Iеламнаха олу: «Нагахь санна стаг шена хьарам болчу зударшка дlахьежа волалахь, шайтlанан хlилланех ду цунна уьш хаза бу аьлла дагатийсар, кхечу агlора аьлча: цунна хаза йоцург а хаза ю моьтту, тlаккха цаьрга дlахьежар совдолу цуьнан, иман гlелло, шен чуьра дика а, хьанал а йолу зудчух безам бов, уьйр гlелло, мел хаза елахь а, ирча хета волало и».

https://t.me/darsyu1 Пайда эца дехьа а довлий, массо а лекцешка ладоьгlначарна ижазат хир ю.

تمَّ الكاتب والحمدلله الذي بنعمته تتم الصالحات. АллáхӀана пурбанца хӀара жайна
[ 📚الأربعون النووية]
чекх дели,АллахӀ Дáла пайдехь долу Ӏилмангахь сов дохийла вай массо а, шайн доӀанашкахь тхо диц ма де! 🤩Пайдехь урокаш

Mensaje de voz00:25

Шун уггар хьалхара тlеман майда - шун догlмаш ду, царна тlехь аша толам баккхахь, кхиниг кхин а атта эшалур ву шуьга.
Шун уггар хьалхара тlеман майда - шун догlмаш ду, царна тlехь аша толам баккхахь, кхиниг кхин а атта эшалур ву шуьга.

Repost from N/a
Нехан хьокъехь ахь дина къа, Делан хьокъехь диначу кхузткъе итт къинал а вон ду, хӀунда аьлча, къемат дийнахь АллахӀа хьуна гечдан тарло, ткъа наха, шеко а йоцуш, нийсо йоьхур ю хьоьгара.
Шайх Ӏабдул Ӏазиз ат-ТӀарифий

Стаг хийцалуш вац - стаг ша ма варра гучуволуш ву.

Хьуна бале дера долу самукъа - хьо къа лато вуьгуш долу самукъа ду. Оцу самукъо тlаьххье хьо велхор ву хьуна.

Mensaje de voz00:59

Иблис а, дуьне а, сан дегl а, дегlан лаам а... Кlелхьара муха вала веза те, уьш берриге а сан мостагlий а болуш..?!
Иблис а, дуьне а, сан дегl а, дегlан лаам а... Кlелхьара муха вала веза те, уьш берриге а сан мостагlий а болуш..?!

КЪЕМАТ ДИЙНАН БИЛГАЛОНЕХ: Iимра̀н ибн Хьусайна дийцина АллахIан Элчано ﷺ элира аьлла: «Уггар дика чкъор Со шех верг ду, тIаккха цул тIаьхьа догIург, тIаккха цул тIаьхьа догIург, тIаккха цул тIаьхьа догIург,…» - Iимра̀на элира: суна ца хаьа билггал АллахIан Элчано ﷺ «тIаккха цул тIаьхьа догIург» шозза элира, йа кхузза элира. - «…цул тIаьхьа цхьа нах хир бу, шайгара цхьамма а ца доьху тоьшаллаш деш, шайна тIе ца дехкинчу белхашна а йамарт хуьлуш, чIагIонаш а еш, уьш кхочуш а ца еш, царна юккъахь даьржира ду варстар.»
[Буха̀рий, Муслим].

Mensaje de voz00:41

Repost from N/a
Суна тарихехь (исторехь) цхьа а стаг ца вевза, шегахула бакъдолчуьнца АллахӀа умматана пайда бина, цул тlаьхьа иза зен ца зийна – кӀезиг долчуьнца делахь а, дукха долчуьнца делахь а. Зер – иза хӀора даггара лелаш волу стаг чекхвала везаш йолу неӀ ю.
Шайх Ӏабдул Ӏазиз ат-ТӀарифий

САЙН ШИРАЧУ ДОТТАГlЧУЬНГА КЕХАТ! Салафшах цхьаммо шен доттагӏчуьнга кехат яздина хьехар деш: «Суна хьо иман долуш войзуш вара, делахь а, хӏинца хьо хийцавелла аьлла хабар кхаьчна соьга. ﻓَﺈﻥ ﻛﻨﺖ ﻋَلى ﻣَﺎ ﻋَﻬﺪﺗﻚَ ﻓَﺎﺗﻖ ﺍﻟﻠﻪَ ﻭﺩُﻡْ! Нагахь санна, хьо хӏинца а суна ма-вовзар велахь, Делах кхера, хьайн некъа тӏехь чекхвала! ﻭﺇﻥْ ﻛﻨﺖ ﺗﻐﻴﺮﺕ ﻓَﺎﺗﻖ ﺍﻟﻠﻪَ وعُدْ! Амма хьо хийцавеллехь, Делах кхера, хьайн некъа тӏе юхаверза»!
Ахьмад/аз-Зухд.

дийлина дуккха а гاалаташ ду, шен хеннахь ца йина ойланаш йу, дан дезаш дисина дехха некъаш а ду..
дийлина дуккха а гاалаташ ду, шен хеннахь ца йина ойланаш йу, дан дезаш дисина дехха некъаш а ду..

«Оха дуьйцур ду хьуна церан дийцар бакъонца. Боккъалла а, кегийнах бара уьш, шайн Делах тешна, ткъа Оха кхин а совбехира уьш нийсонна тlехь...» 18:13.

«Хlора а хlуманна шен хан ю хьуна, сиха ма лолахь».
«Хlора а хlуманна шен хан ю хьуна, сиха ма лолахь».

sticker.webp0.07 KB

https://t.me/at_tarify Хlара а вайн хьост (канал) ду шуна, керла дина. Вайн маттахь Шайхан фатваш кхидlа цу чохь хир ю.