ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ
Open in Telegram
3 305
Subscribers
No data24 hours
+227 days
+11830 days
Posts Archive
3 305
Repost from N/a
Нагахь санна, цхьана хاусамехь ден-ненан а, вежарийн а иман гулделча, йоا наггахь бен ца йолу гал: ﴾Хاай, Хاарунан йиша! Хьан да вон стаг вацара, хьан нана а яцара телхина лелаш﴿ 19:28.
диканехь а, вонехь а цунна масал ду уьш.
Шайх lабдул-lазиз Тlарифий
3 305
Repost from N/a
Дицделла суннат – буьйсанна аль-Ихлас (Къулха) сурат дешар ду, кхузза.
«(Хاокху) «Ала: «И - Аллахا - Цхьаъ ву» бохучу дешнех лаьцна Пайхамара ﷺ аьлла: Боккъалла а, (шайн дозаллехь) Къуръанан кхоалгاачу декъаца нислуш ду уьш».
Шайх lабдул-lазиз Тlарифий
3 305
Цхьа дика нах хуьла-кх, доьххьара схьагушшехь, Аллахاан дуьхьа хьуна уьш дукхабезалуш, лела хууш, оьзда болуш, эсала болуш. Шайгахь дозалла делахь а, и дозалла хьоьгахь, хьан ду хьуна моттийта хууш.
3 305
«Шен дегا химарца дاахьулдина йолу зудчуьнга хьо хьаьжча, хьуна карор йу и маьрша а, кхерамазаллехь а, лерамехь а, шен сий лардина а. Зударех хьоьгуш берш цунах хьоьгуш хир бац, йа сийсаза нах цунна гондахьа хьийзаш а хир бац.»
Шайх Ибн lусаймин
3 305
Хийлаза со-суо а гاийла йолу хاуманна тاехь инзаре вас-васаш хуьлура суна, цу хьокъехь хьехам баржо а хала долуш, айса ца дийриг, йа халла дийриг муха хьоьхур ду аса нахана бохуш
дуккха а диканах со юхатоха кайолура шайтاанан
цул тاаьхьа цхьа инзаре дешнаш дийшира аса:
«шегара гاалат ца долучо бен хьехар деш ца хилча, Пайхамарал ﷺ тاаьхьа цхьаммо а дийр ма дацара и..»
3 305
Зударшца майраниг – къонах ца хилар билгало ю. Къонахчунна ша ларийта хаа деза, шех кхерийта а, кхеро а ца гاерташ. Вон стаг бен зудчуьнца а, берашца а къиза хир вац.
3 305
Стаг дуьненчохь дан ницкъ кхочу диканиг деш хила веза. И ду цо шен тاаьхьенна дуьтуш долу совгاат.
3 305
Дуьненан дахар иштта бен хуьлийла дац.
Массо хIума ша ма-бохху хила деза моьттуш верг – хьекъална кIезиг ву. Цундела, зуда ялочунна а, маре йоьдучунна а хаа деза, дахар шайна ма-тов, цхьана эшшара ца лаьттий. Хало йолуш а, собар оьшуш хан а йогIу. ПаргIато гуттар а лаьтташ яц.
