ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ
الذهاب إلى القناة على Telegram
3 285
المشتركون
-124 ساعات
-67 أيام
-1630 أيام
أرشيف المشاركات
3 286
Repost from N/a
Халонашкахь Аллахاан тاе болх билар - уггаре чاогاа гIо деш дерг ду, уггаре чاогاа Аллахاан тاе болх биларехь лелош долу дешнаш «Хьасбуналла́хاу ва ниاмал-ваки́л» алар ду.
Шайх lабдул-lазиз Тlарифий
3 286
гاу кاорга ю, йа со а вац
Йусуф (عليه السلام), делахь а, Йусуфан а, сан а Кхобуш-Кхиош Волу Эла - цхьаъ Ву.
3 286
+1
Шайн хазаллица бlаьрг белош, хаза хьожа а йогlуш кхоьллина ду Дала зезагаш.. уьш шайн меттехь мел ду. Ткъа шен меттера схьа а даьккхина, ахь зезаг дlадаьхьча, маргӀалдоьлла, лей дlадолу и. Иштта йу зуда а шен хlусамехь латта йезаш.
3 286
Шина стагаца гергарло ларделахь:
хьайн оьгlазло лайначуьнца, сатоьхначуьнца.
хьо воцчехь хьан сий лардиначуьнца.
3 286
Аллахاах кхоьрург, Цо массо а хاуманах ларвийр ву, ткъа Аллахاах цакхоьрург, Цо массо а хاуманах кхоьруьйтур ву.
Имам Ибн Къаййим
3 286
Мискачу нахе йолу хьан хьашто сов ю хьуна, мискачу нехан хьоьга йолчу хьаштонал а.
Царна хьо оьшу, шайн дуьненан хьал тодан. Ткъа хьуна миска нах оьшу, хьайн эхарт тодан.
3 286
«Эхь а, иман а вовшаха хاоьттина ду. Цаьршиннах цхьаъ дاадаьлча, важа а дاадолу.»
ӏабдуллахӏ ибн ӏумар
3 286
«Суннатан охاлунах цхьа стаг дاакхелхина аьлла хезча, сайн цхьана меженах ваьлча санна хета-кх суна..»
Аюб Сахтиян
3 286
«Яхь иманах йу, ткъа хьагl мунепикъаллах йу. Бусалба стаг яхь йолуш хуьлу, хьагl лелош ца хуьлу, ткъа мунепикъ стаг хьагl лелош хуьлу, яхь йолуш ца хуьлу.»
Фудайл ибн lийад
3 286
Repost from N/a
Умматан дуьхьа, пайде а волуш ваха везаш ву стаг, шен тاе муьлхха хало а, зераш а хاиттарх.
Шайх lабдул-lазиз Тlарифий
3 286
«Ӏилма йа гӀиллакх Ӏамош долу маджлисашкахь къонахой кхиабо, ткъа сеттарш а, ловзарш а долу маджлисашкахь къонахой талхабо».
3 286
Шаьш-шаьш хеста ма де, Цунна (Аллахاaна) гاоле хаьа Шех кхоьруш верг мила ву.
сура «Ан-наджм» 32-й аят
3 286
«Хьо lеха ма войла схьагучу суьрташ:
Хlусам го хьуна, амма ца го цу чохь болу баланаш.
Машен го хьуна, ца го хьуна декхарш.
Велар го хьуна, ца го хьуна бlаьрхиш.
Толам го хьуна, ца го хьуна халонан шераш.
Цундела, ларде хьайн дог хьагlнах, хьуна га ма ца го нехан дахарах цхьа кlеззиг дакъа бен».
