cookie

We use cookies to improve your browsing experience. By clicking «Accept all», you agree to the use of cookies.

avatar

Умматна пайда

Вайн кхин агӀо ⤵️ https://t.me/zudariy

Show more
Advertising posts
512
Subscribers
No data24 hours
No data7 days
No data30 days

Data loading in progress...

Subscriber growth rate

Data loading in progress...

Photo unavailableShow in Telegram
Зуччун духар дег1а меженаш т1е йохуш, йа хьул ял ма еззаре зуд хьул еш дацахь, иза юкъ йоьда духарш дуьхна а болш берзан болчарн… Духар дуьхна а болуш, берзана а болуш, йа цхьа йолу меженаш шай гуш йолуш,шай хазалша гуш йолуш зуьдри лелар, даккхи къиношах дукх вай заманчохь держан долу…
Show all...
Photo unavailableShow in Telegram
«Шаьш т1е духарш доьхна болш, берзан а болуш….» Т1аьхь духарш долш,1оврат хьулдина доцуш.. «…. Ялсмане чу а г1ур бац уьш,йа ялсмане хьожа йог1ар яц цунна..»
Show all...
Repost from SUNNA_HEHAM
IMG_3213.MP41.74 MB
IMG_3214.MP41.60 MB
IMG_3215.MP41.72 MB
IMG_3216.MP41.60 MB
IMG_3217.MP41.60 MB
IMG_3218.MP41.60 MB
IMG_3219.MP41.60 MB
IMG_3220.MP41.60 MB
Repost from sʜɪsʜᴀɴ
Мил-милла ца хуьлуьйту Аллахlа шен дин дуьйцуш верг, я шен динан гlоьнча а, цундела ойла е, хьан къинош дуй те оццула болчу аьттонах хьо юхатоьхнарг алий! Ойла е, дийнахь бlозза лаххара Ватсап чу хьуо волучу хенахь, цкъа мукъне а бусалба динах дерг ас дlаса ца дахьийтар хьайн къинош бахьана дуй те алий! Дикка ойла е, хlора дийнахь чу волуш лелош Инстаграм, Вконтакте, Одноклассники, Фейсбук я кхиерг йолшехь, оцу хьайн агlо тlе Аллахlан динах дерг ахь дийнахь цхьа хlума мукъне ца диллар, хьан къинош бахьана долуш дуй те, хьан къинош дуй те хьо юхаветтарг, хьан къинош бахьанехь Аллахlа ваьккхи те хьо оццула дан атта а, дича лаккхара дарж а долчу диканах алий ойла е! Иза бен кхин хила йиш яц хьуна цу гlуллакхан бахьана!
Show all...
Repost from Такфир
Photo unavailableShow in Telegram
Тахана вайна цхьаннена а къайлах ма ца хиллара такфир боху лазар ду вайна чӀогӀа даьржина. Ша такфир деш вац а бохуш такфираш деш, суннатехь нийса ламаз эца ца хууш верг а, Ӏеламнах а цхьана ларлуш долу такфир дан хууш хуьлу. Ма-дарра аьлча, шена хаа моьттуш Ӏехавелла, АллахӀан динна тӀе харцо кхуллуш хуьлу. Ткъа дуккха нах цу лазарах Ӏехабалар бахьана а лара мегар ду, и лазар кхеттачара дуьйцуш долу шайна ца хуучух, яржочу харцонах тешар, хьенеха иштта аьлла, минеха вуьштта аьлла бохуш, шайна дезачу кепара Ӏеламнехан дешнаш, я видеош тӀера къамелаш хедош даржор, я цара цхьана хьокъехь, я цхьана къастийначу махкан, я хьолан дина къамел кхечу махкана тӀе доссор, иштта кхидӀа а. Цундела, вай кху чохь болх дӀахьур бу ницкъ кхочучу барамехь цу тайпа харцонаш билгалъеш! Аллахlа диканца бекхам бойла хlара яржош дакъа мел лаьцначунна. https://t.me/Takfirrr
Show all...
1). Аллах1 - И Дела ву и Ша цхьаъ бен воцуш. 2) Ар-Рохьма́н- Къинхетамбешверг. 3) Ар-Рохьи́м- Къинхетамеверг. Къематан дийнахь къинхетам бусулбанех бенверг. 4). Аль-Малик - дерриге а паччахьалла шегахь дерг. 5) Аль-Къудду́с- Сийлахьверг 6) Ас-Сала́м - Кхоччуш маршо Шегахь ерг. 7. Аль-Муъмин - Тешамеверг. 8) Аль-Мух1аймин -1уналладешверг, Лардешверг, 1алашдешверг. 9. Аль-'ази́з - Ницкъ болуш а, Шен лаам цхьанна а хьолехь а, цхьаьнга а бохалур боцуш ч1ог1аверг. 10. Аль-Джaббàр - Уггаре а ницкъ кхочушверг, Шен лаам кхочушбан ницкъ кхочушверг. 11. Аль-Мутакаббир - Шен луъург дан ницкъ кхочушверг. 12) Аль-Хо́ликъ - Х1ума кхуллушверг. 13) Аль-Бáри' - Х1ума кхуллуш, хулуьйтушверг. 14) Аль-Мусоввир - халкъ тайп-тайпанчу куьцашкахь, суьрташкахь кхуллушверг. 15) Аль-Г1оффáр - Гечдешверг. 16. Аль-Къохх1áр- Массо а х1уманна т1ехь ницкъкхочушверг. 17. Аль-Вахх1àб- Совг1аташ лушверг. 18. Ар-Роззáкъ- Ризкъанаш лушверг. 19. Аль-Фаттáх- Толам луш, аьтто бешверг. 20. Аль-1алúм- Хуушверг. 21. Аль-Къаабид- Кеззиг деш, хьаббошверг. 22. Аль-Бáсыт1- Даржошверг, Дукха дешверг. 23. Аль-Хóфид- Кураниш сийзазбеш, охьата1ошверг. 24. Ар-Рóфи1- Сий ойбушверг. 25. Аль-Му1из- Ницкъ а, толам а лушверг. 26. Аль-Музылль- ницкъ д1аоьцушверг. 27. Ас-Самú1- Хезашверг. 28. Аль-Басы́йр- массо х1ума гушверг 29. Аль-Хьакам Кхелъешверг. 30. Аль-1адл- Нийсоешверг. 31. Ал-Ллат1ы́йф- Лайшна дика деш волу Дела. 32. Аль-Хобúйр- Массо а х1ума довзарца а, хаарца а Шена чулоцушверг. 33. Аль-Хьалúйм- Собаре, к1еда-мерза волуш, гечдешверг. 34. Аль-1азыйм- Сийлахьа, Веза-воккха верг. 35. Аль-Г1офуур- Моссо а х1уманна т1ехь гечдешверг. 36. Аш-Шаку́р- Диканца бекхамбешверг. 37. Аль-1алий- Уггаре а Сийлахь лекханиг. 38. Аль-Кабúйр- Веза-Воккханиг. 39. Аль-Хьафи́з- Лардешверг. 40. Аль-Мукъúйт- Рицкъанаш латтош, даошверг. 41. Аль-Хьáсийб- Массо х1уманна а хьесапдийриг. 42. Аль-Джалúйл- Веза-Сийлахьверг. 43. Аль-Карúйм- Лераме а, комаьрша а верг. 44. Ар-Рокъúйб- Тергамбешверг. 45. Аль-Муджúйб-Жоплушверг. 1алашдешверг, лардешверг. 46. Аль-Вааси1- Шортоешверг. 47. Аль-Хьакúйм- Хьекъале, кхетаме, говзаверг. 48. Аль-Вадууд- Шен лайш безашверг. 49. Аль-Маджúйд- Шен сийлалехь Сийлахьверг. 50. Аль-Бá1ис- Къемата дийнахь дерриге а духа дендина г1аттонверг. 51. Аш-Шах1úйд-Доллучу х1уманан тешверг. 52. Аль-Хьаккъо- Ц1енна бакъо Шегахь ерг. 53. Аль-Вакúйль- 1алашдешверг, лардешверг. 54. Аль-Къавий- Ондаверг, ницкъберг. 55. Аль-Матúйн- Г1о оьшушвоцург, ч1ог1аверг. 56. Аль-Валий- Гергарниг, тешамлург. 57. Аль-Хьамúд- Массо а хастамашна хьакъверг. 58. Аль-Мухьсы-Дерригенна а хьесапдешверг. 59. Аль-Мубади- Х1ума д1адолошверг. 60. Аль-Му1úйду-Духадерзошверг.
Show all...
Бусалба динца долу, вайн гlиллакхаш: 4) Хаттар: Нагахь бусалба зударий шайга lаьрбийн маттахь салам дала марзбелла бацахь, цаьрга маршалла муха хоттур ду? Жоп: «Аллахlера маршо хуьлда шуна, Цуьнан къинхетам а, Цуьнан беркаташ а хуьлда шуна» - эра ду. https://t.me/ehartan_hons
Show all...
Стага шен чохь гlо дар Хаттар: Ассаламу lалайкум. lаишата гlуллакх дечу хенахь, Пайхамара (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) цунна гlо деш хилла бохург бакъ дуй? Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl! Бакъ ду, делахь и бохург дац зуда йижина lуьллуш Пайхамара чохь зударийн гlуллакхаш деш хилла, я цуьнан хlусамнаноша иштта цуьнга дойтур дара бохург а дац, шен чохь борша стеган гlуллакх дина хир ду, я зуда цомгуш йолуш, я масане хуьлу, иштта хьал нисделча гlо дина хир ду. Ткъа зудчо ларо дезаш ду шен хlусамде сий, хlусамнанас сий дича бен борша стеган нахана хьалха сий ца хуьлу! Хьекъал долчу зудчо, кхетам болчу зудчо, дика зудчо шен хlусамда паччахь саннна лело везаш ву! Нахана хьалха а, мелхо шен чуьра доьзална хьалха а, ша цунна сий дина леш ю, ша цунах кхоьруш леш ю моттуьйтуш хила еза иза иштта дацахь а! Иштта цуьнан къайленаш цхьанна а йовзийта ца еза цо, шен цlерачаьрга а йийца ца еза цуьнан ледарлонаш. Шен хlусамден къайленаш юьйцуш, цуьнан ледарлонаш юьйцуш, цунах лаьцна я вон дош олуш уллера адам хила а ца деза зудчун! Шен хlусамдас шена чохь гlо динехь а, я кхин муьлхха хlума цо динехь а, нахана и хиъча эхь долуш хlума делахь, я нахана цу стеган мах лахара хетар болуш хlума и делахь, я хlусамдена нахе дийца луур доцуш хlума и делахь, иза хилла доцуш санна къайладахьа деза. Зуда кхеташ хила еза, хlора хlума хlара нахе ма дийцалахь, хlара цхьанна а ма хаийталахь баха дезаш доций хlусамдас, мелхо, цунна шена хаьа деза, кхета еза ша хlун дийца деза а, ша хlун ларо деза а! Дукхахболу зударшкахь уггар вон дерг хlун ду аьлча, оцу хlора зудчун хуьлу шен дагара дуьйцуш цхьа зуда, ткъа шен чуьра хlума ша оцу цхьана зудчуьнга бен ца дийцича ша и цхьаьнгге а дийцина ца хета цунна. Тlаккха, вай олуш ма-хиллара, цхьана зудчунна хиънехь-м маьждигехь кхайкхо оьшуш ма ца хуьлий, хьан санна шен дагара дуьйцуш оцу зудчунна а ма яй кхиерг, вукхунна ю кхиерг, иштта дуьнен тlера зударий берриш вовшаххотта белла бу аьлча харц хир дацара. Цундела шен хlусамера хlума дуьйцуш уллера адам зудчун хила дезаш а дац, шен нана, я йиша, я доттагl цхьа а хила ца еза, иштта ларо дезаш ду шен чуьра хlума иза цу хlусамдегара ледарло елахь, я цуьнан сий довр долуш хlума и делахь, я цуьнан наха лахара мах хадор болуш хlума и делахь, я цунна жимма дезар доцуш хlума и делахь! Хlара дерриг нагахь ша хила ма-езза зуда хила гlерташ и елахь ду! Амма, мухха хилча шена мегаш ду, хlусамден хьаккъаш шена оьшуш дац, и хlуманаш лардина ялсамане яккха ша дагахь яц бахахь-м шена ма хетта дlалелар ю иза. Ткъа оцу дерригенах а цунна хуьлуш ял ю, Аллахlан дуьхьа аьлла и лелаш хилчхьана. https://t.me/Vragi_iblisa
Show all...
sticker.webp0.06 KB