en
Feedback
Враги Иблиса

Враги Иблиса

Open in Telegram

Вайга хаттар дала йиш ю кху чохь: vk.com/yalsaman Youtube: youtube.com/@Vragiiblisa

Show more
1 045
Subscribers
+124 hours
-87 days
-1530 days

Data loading in progress...

Tags Cloud
No data
Any problems? Please refresh the page or contact our support manager.
Incoming and Outgoing Mentions
---
---
---
---
---
---
Attracting Subscribers
December '24
December '24
+29
in 24 channels
November '24
+39
in 16 channels
Get PRO
October '24
+66
in 16 channels
Get PRO
September '24
+84
in 12 channels
Get PRO
August '24
+100
in 19 channels
Get PRO
July '24
+127
in 16 channels
Get PRO
June '24
+181
in 21 channels
Get PRO
May '24
+199
in 25 channels
Get PRO
April '24
+239
in 23 channels
Get PRO
March '24
+374
in 30 channels
Get PRO
February '24
+312
in 28 channels
Get PRO
January '24
+323
in 20 channels
Get PRO
December '23
+566
in 25 channels
Get PRO
November '230
in 21 channels
Get PRO
October '230
in 25 channels
Get PRO
September '230
in 0 channels
Get PRO
August '23
+74
in 0 channels
Get PRO
July '23
+267
in 0 channels
Get PRO
June '23
+84
in 0 channels
Get PRO
May '23
+91
in 0 channels
Get PRO
April '23
+57
in 0 channels
Get PRO
March '23
+162
in 0 channels
Get PRO
February '23
+106
in 0 channels
Get PRO
January '23
+96
in 0 channels
Get PRO
December '22
+30
in 0 channels
Get PRO
November '22
+26
in 0 channels
Get PRO
October '220
in 0 channels
Get PRO
September '220
in 0 channels
Get PRO
August '22
+15
in 0 channels
Get PRO
July '22
+26
in 0 channels
Get PRO
June '22
+18
in 0 channels
Get PRO
May '22
+42
in 0 channels
Get PRO
April '22
+36
in 0 channels
Get PRO
March '22
+43
in 0 channels
Get PRO
February '22
+19
in 0 channels
Get PRO
January '22
+29
in 0 channels
Get PRO
December '21
+32
in 0 channels
Get PRO
November '21
+31
in 0 channels
Get PRO
October '21
+23
in 0 channels
Get PRO
September '21
+36
in 0 channels
Get PRO
August '21
+68
in 0 channels
Get PRO
July '21
+26
in 0 channels
Get PRO
June '21
+11
in 0 channels
Get PRO
May '21
+12
in 0 channels
Get PRO
April '21
+31
in 0 channels
Get PRO
March '21
+27
in 0 channels
Get PRO
February '21
+51
in 0 channels
Get PRO
January '21
+38
in 0 channels
Get PRO
December '20
+828
in 0 channels
Date
Subscriber Growth
Mentions
Channels
11 December+1
10 December+5
09 December+2
08 December+2
07 December+1
06 December+1
05 December+14
04 December+1
03 December+1
02 December0
01 December+1
Channel Posts
2
Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Официант болх бар къа-м дац? Боьрша стагехь догӀуш дац и? ДогӀуш дац алахь, хӀунда дац? Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl! Боьрша стагехь богӀуш болх бац. Стеган сий дойур долу, стеган мах хадор болу хӀума ларде олу Ӏеламнаха. Шен сий ша лардан дезаш ду стага, болх бахьанехь шен сий довр долу хӀума тӀелаца мегар дац, болх кхин а карор бу лехча и боцург. https://t.me/Vragi_iblisa
0
3
Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Ахь элира-кх, маьждиг чохь дуьненан къамел дар хӀума дац аьлла, цунна далил хӀун ду хьан? Маьждиг чохь къамел дар тӀаьххьара заманан билгало ю олуш хезнера суна, бух болуш дуй и? Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl! Далил - и мегар дац аьлла цхьа а далил цахилар ду-кх. Пайхамара а (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) цуьнан асхьабаш а деш хилар а ду. Ткъа иза тӀаьххьара заманан билгало ю бохург бух болуш къамел дац. https://t.me/Vragi_iblisa
0
4
Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. ИбрахӀим пайхамара (Делера салам-маршалла хуьйла цунна) жаӀарш юхкуш ахча даьккхина бохург бух болуш хӀума дуй? Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl! Бух болуш хӀума дац дера-кх! АллахӀан Пайхамарна тӀе харцо кхоллар ду-кх! Мелхо а, и жаӀарш йохийна кхоьссина вац иза цӀерга?! https://t.me/Vragi_iblisa
0
5
No text...
0
6
Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Зударшна лаьттах текхаш йолу коч йоха мегаш дац бохург бакъ дуй? Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьмауллахlи ва баракатухl! Бакъ дац, мелхо зударийн коч лаьттах текхаш хила езаш ю, ткъа божаршна хьарам ду хьорканал охьаялийтар. https://t.me/Vragi_iblisa
0
7
Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Хастам баран сужуд муха до? Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьмауллахlи ва баракатухl! Хьайна цхьа хазахетар хилча деш ду иза. Къилбехьа воьрзий, «АллахӀу акбар» олий сужуде воьду, ламаз доьхкуш санна куьйгаш ца ойбуш, деккъа сужуде воьду «АллахӀу акбар» олуш, тӀаккха ламазехь сужудехь олуш дерг олий хьалагӀотту, салам ца ло, сужуд цхьаъ бен ца до. https://t.me/Vragi_iblisa
0
8
#Хаттар: Ассаламу 1алайкум варахьматуллах1и вабаракатух1 Анонимно Хаттар:Ткъес(гром)стенна туха аьлла хьахийна дуй къуръан чохь йа суннатехь? Жоп: ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl! хьадисехь хьахина ду, жуьгтиш т1е бехкина Пайхамаре хаьттича, и ткъес ху ю аьлла, Пайхамар жоп делла, иза Малайк ду марханашна т1е хоттина, цо и марханаш д1а лоьхкуш Аллах1ан лиинчу аг1ора
0
9
Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Салаваташ дехкича цамгар, бала, декхар тӀерадолу бохург бакъ дуй? Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl! Бакъ ду, ахь уьш дукха мел дохку а Дала хьоьгара гӀайгӀа, бала дӀаойбу, къиношна а гечдо, декхар дӀатакха а аьтто нисбо. https://t.me/Vragi_iblisa
0
10
Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Ламаз хан ма-хиллина ца деш, жима Ӏийна дича къа хуьлий? Масала, делкъа ламаз хан малхбуза хан хиллалц хилча, делкъа ламаз малхбуза хан тӀекхачале цхьа сахьт ахсахьт дисинчу хенахь дан мегаш дуй? Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl! Ламаз шен хенна дан дезаш ду. Делкъа ламаз хан малхбуза хан хиллалц дӀайолуш яц бохург дац и, хан хиллалц иза дӀатетта мегар ду бохург а дац иза. Мухха делахь а, цхьана бахьанца данза виснехь, хьан ламаз тӀаьхьа ца дисна бохург ду. Ткъа Дала боху Къуръан чохь ламаз шен хенна ца деш, дӀатоьттуш волчун хьокъехь: «Ма дакъаззала ю-кх ламазаш деш болчарна, и ламазаш мало еш дӀатоьттуш болу». Ламаз ца деш болчарна дакъазалла ю ца боху Дала, делахь и ламаз шен хеналла дӀатоьттуш болчарна ю боху дакъазалла. Цхьаболчу Ӏеламнаха и «дакъазалла» аьлла цу аятехь деъна долчу дешан маьӀна даьккхина, иза жоьжахати чохь цхьа боьра ю аьлла. И хьал ламаз деш болчарна ду, амма шен хенна ца деш, мало еш дӀатоьттуш болчарна ду. https://t.me/Vragi_iblisa
0
11
Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Борз лело мегаш дуй? Цуьнан шеташ нажас юй жӀаьлин санна? Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl! Къонахий болчу хенахь хилла берзалоша шаьш ца лелаяйтар, ткъа тахана ерш таханлерачу хьоле хьаьжжина берзалой ю! Вайн байракх тӀехь борз хаьржина хир яцара барзр ша лелайойтуш хиллехь! Нажас яц, далил - иза нажас ю аьлла далил цахилар ду-кх. https://t.me/Vragi_iblisa
0
12
Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Берийн хӀуманаш тӀехь цхьацца мультикаш чуьра суьрташ хуьлу, иштта йолу хӀуманаш цу берана тӀейоха мегаш дуй? Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl! Мага-м мегар ду, вуьштта сурт санна лорур дац, делахь, бер жима долуш дуьйна сурт чохь дӀатохар, дӀахӀоттор бохуш долчу хӀуманах къахкийта, иза нийса доций хаийта ца йоьхча дика хир ду. Ахь жима долуш дуьйна цунна чудиллинарг дӀалоцуш ду цо, цо доккха хилча кхидерг лелийча а жимчохь шена чудиллинарг атта дагара дӀа ца долу цунна. Цундела муьлхха дан дезаш долу хӀумане марздеш, дан мегар доцу хӀуманах и къахкош кхио деза. Доккха хилча тӀаьхьа хуьлу и хӀуманаш. Ткъа беро жима долуш дуьйна и суьрташ тӀехь долу хӀуманаш лелийча, цунна ма ца хаьа мультик ерг, я баккъал сурт дерг къасто, цуьнга хаьттича и дерриге цхьа сурт ду, тӀаккха и мегаш ду моьттуш хьалакхуьу иза, юха хӀара мегаш дац шега цхьаммо аьлча - «сан дас-нанас», - олий къамел долало. https://t.me/Vragi_iblisa
0
13
Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. ЙоӀанна линзыш лело мегий? Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl! Шен чохь-м мегар ду, араяла мегар дац уьш доьхкина, нагахь кечлуш лелош делахь. https://t.me/Vragi_iblisa
0
14
Хаттар: Ассаламу lалайкум. Спиннер ловзо мегий? Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl! Мегар ду 7 шо кхачаза долчу берана, я цу 7 шо кхачаза долчу берийн кхетамехь висинчунна а мегар ду! Амма 7 шо кхаьчнехь кху бусалба динан уггаре коьрта долу, бусалба динан шозлогlа бlогlам болу ламаз тlе а дожош воккха лоруш ву, кlант велахь - иза стаг хилла дlахотта везаш, йоl елахь - иза зуда хилла дlахотта езаш. Цул тlаьхьа «ловзар» аьлла цlе мел йолу хlума дита доло дезаш ду, цунна дита ца лаахь, дас-нанас дитийта деза, нагахь шайн доьзал хьекъалца, кхетамца нахал тlаьхьабисна а боцуш, лартlахь доьзал цунах шайна хила лаахь! Нагахь цу хенахь дуьйна и хlуманаш дита ца долийча, пхийттара ваьлча «ловзар» цlе йолчу хlуманах цхьа а хlума цуьнца хир доцуш, тlаккха тахана вайна ма-гарра кегийрхой кхуьур бу-кх! https://t.me/Vragi_iblisa
0
15
No text...
0
16
Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. 1000-зза хӀора дийнахь «АллахӀ» аьллачунна дагчуьра шеко дӀаер ю бохург бакъ дуй? Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl! Бух болуш къамел дац. Мелхо а, кхин хӀумма тӀетухуш доцуш деккъа «АллахӀ» бахар цхьа а бух болуш хӀума дац, я иза Дела хьехор а дац. Ахь деккъа «АллахӀ» баьхча хьо Делан цӀе ягаръеш ву, ткъа иза ял йолуш хӀума дац, я Дела хьехор дац. Ахь, масала, «АллахӀу акбар» аьлча ял ю хьуна, хӀинца шен цхьа маьӀна хили цунах, «АллахӀ массо хӀуманал воккха ву» аьлла, ткъа ахь деккъа «АллахӀ» баьхча цхьа а маьӀна ца хуьлу, мелхо а, Ӏеламнаха иштта хӀума лелор бидӀат ду боху. https://t.me/Vragi_iblisa
0
17
Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. АллахӀан цӀе язйина зӀе кочахь лело мегаш дуй? Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl! 79-гIа хаттар: Арахь некъашца АллахIан цIерш я Къуръан тIера а‌йаташ язъян мегар дуй? Жоп: Мегар дац. 80-гIа хаттар: ТIехь язйина АллахIан цIе йолу я Къуръан тIера муьлхха а цхьа а‌йат долу духар лело мегар дуй? Жоп: Мегар дац. ТIехь язйина АллахIан цIе я Къуръан тIера муьлхха а цхьа а‌йат долу духар лело мегар дац, куча тIе язйина хуьлийла иза, я коьрта туьллучу хIуманна тIелатийна, я тIеяздина хуьлийла иза, я коча уллучу хIуманна тIехь хуьлийла иза, я суьлхьанаш тIехь хуьлийла иза, я сахьтан тIехь хуьлийла иза. Иштта мегаш дац АллахIан цIе я Къуръан тIера муьлхха а яздина цхьа а‌йат тIехь долу хIума хIусамехь хазаллина аьлла дIахIоттийна латто а, я хIума юучу пхьегIан тIе язъян а, я арахула хIусаман пена тIе язъян а, я кевна тIе язъян а, я арахула туьканна тIе язъян а, я машен тIе язъян а, я машен чу олла а. Иштта мегаш дац АллахIан цIе, я Къуръан тIера муьлхха а цхьа а‌йат, маьждиг чу пенаш тIетоха а, я маьждиган арахьара пенашна тIе язъян а. 81-гIа хаттар: ТIехь язйина АллахIан цIе йолу, я Къуръан тIера муьлхха а цхьа а‌йат долу духар лело, я уьш машен тIе, я кевна тIе, я туьканна тIе, иштта кхийолчу язъян ца магаран бахьана хIун ду? Жоп: АллахIан цIе, я Къуръан чуьра муьлхха а а‌йат, ларамбеш, сийлахь, деза лело дезаш ду, ткъа АллахIан цIе, я Къуръанчуьра муьлхха а а‌йат, духарна тIе яздина хилча, стаг и духар тIехь долуш боьхачу меттехула лела, и тIехь долуш дIавижар нислур ду, тIаккха АллахIан цIарна, я оцу Къуръан чуьра а‌йатна тIехула дIасакерчар ву, и духар тIехь долуш охьахаар нислур ду, тIаккха АллахIан цIарна, я оцу Къуръан чуьра а‌йатна тIе букъ таIийна Iийр ву, тIаккха и духар бехделча, дитта а дезар ду, и коьрта туьллург бен яцахь а, тIаккха АллахIан цIе, я и Къуръан чуьра а‌йат цхьа а ларам сийдоцуш, хьерчаеш, йитта езар ду. Иштта АллахIан цIе, я Къуръан чуьра а‌йат машен тIе яздина хилча, и машен боьхачухула лела, оцу тIе хатташ кхета, боьха ерг кхета, ткъа иза АллахIан цIе, я и Къуръанан а‌йат сийсаздар ду, я оцу машен чу дIаоьллина хилча, цу машен чохь сигаьрка узу, я эшар локхуьйту, я машен дIайоьдуш цхьа а сийдоцуш дIасаетта АллахIан цIе, я и Къуръанан а‌йат. Иштта АллахIан цIе, я Къуръан чуьра а‌йат хазаллина арахула хIусаман пенаш тIе, я маьждиган пенаш тIе, я туьканаш тIе, я кевнаш тIе язйича, цу тIе боьхалла кхета, цхьа а сийдоцуш арахь дIатоьхна латтош хуьлу иза, ткъа АллахIа шен цIераш а, я шен Къуръан чуьра а‌йаташ а цаьрца кечвала диссийна дац, цаьрца Iамал яйта диссийна ду. Иштта и дерриге АллахIан цIеран, я оцу Къуръанан а‌йатан сий дайарна юкъадогIуш ду, цундела уьш мегар дац. https://t.me/Vragi_iblisa
0
18
Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Аьтто хуьлуьйтуш долу доӀа алахьара аша. Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl! Аьтто хуьлуьйтуш долу доӀа - къинош совцадар, айхьа диначарна Деле гечдар дехар ду, къаьсттина «астагӀфируллахӀ» дукха бахар ду, кхин доӀа дац. https://t.me/Vragi_iblisa
0
19
Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Нохчийчохь хьан хадийна ца хууш долу жижиг даа ца мега олуш хезнера, бакъ дуй и? Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl! Даа мегаш ду дера, бакъ дац даа мегар дац бохург! Цхьа а бух болуш къамел дац. Бусалба махкахь жижиг оьцуш хӀара урс хьаькхна юй-яций бохуш хеттарш дан дезаш а вац хьо, цхьана кепара урс хьокхуш яц аьлла билгалдалахь, тӀаккха къаьсттина цуьнгара кхин оьцур дац ахь, амма вуьштта тӀаьхьаваьлла лела везаш вац бусалба нахана юккъехь. https://t.me/Vragi_iblisa
0
20
Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Хьаж-цӀа ваханчух, масала «Турпал хьаж» олу-кх вай, и ала мегаш дуй? Жоп: ВаӀалайкумуссалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ! Ала мегаш-м ду, делахь дика-м дац. Хьаж дар кхидолу Ӏибадат санна Ӏибадат ду, шена тӀехь долу важиб ду стага кхочушдеш, ламаз санна долу, ткъа и дича цунах оццул къастош цӀерш еттар, я и дӀавоьдуш, цӀа вогӀуш вазвар - иза оцу хӀуманах реклама яр ду. Цо шена тӀера диначу хьажжах оццул доккха хӀума дан оьшуш дац. Дала шена тӀедиллина долу ламаз санна хьаж а дина-кх цо, ткъа иза оццул нахаладаьккхича-м иза къобал ца хила а, цунах рияъ хила а герга ма ду. Цундела Ӏеламнаха шаьш хьаж-цӀа боьлхуш хаа ца хоуьйту, царна уллера нахана бен уьш хьаж-цӀа баханий а ца хаало. https://t.me/Vragi_iblisa
0