ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ
Open in Telegram
АллахIан Элчано (соллаллохIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «ДIакхачаде соьгара, цхьа айат бен из дацахь а» [Бухари: 3461]
Show more1 312
Subscribers
No data24 hours
-107 days
-5630 days
Posts Archive
1 312
Repost from Ӏилманан Аманат
САН ДОТТАГӀИЙ...
Дуьненахь вайн хӏусмашан юккъехь дукха беха некъ хиларха;
Аллахӏ ву ницкъа болуш, Йалсаменехь, бакъдолчу дахарехь, вайн хӏусмаш ул-уллехь хилита!
Аллахӏа вовшийх хьеха ца хьегош, вовшийн бӏаьрг бузо, дог эца аьтто беш, вовшийн тӏедагӏа некъаш маьрша догӏуш, дахар лойла вайна!
Кху дуьненахь а, эзарз сов эхартехь а!
Везачух хьега дац атта, дог гӏайгӏане долуш ваха дац атта, дог те деш, дойла вай ирсе, Веза-Сийлахь волчу Дала!
Вовшах кхечча, ванз йиш йоцург виц ца веш, вовшах къаьстича, хӏоранне сагаттош, и шун нуьре йуьхьсибаташ гуш, дог доьлуш, ирсан чам кхетта, баланаш биццош, веха шуца, хӏора а минотехь!
Дала делла ниӏмат дуй хууш, хастам бар соввадолуш, доцуриг диццош, дуьне сайн карахь долуш санна, веха со, шуца ханна мелла йоккха!
Довзаран тамаш беш, сой хьакъ ца хилар гуш, ойлане воьжна, Далла къинхетаман, комаьршан доза доций кхеташ, веха со, шуна уллехь ца вахарах!
1 312
Repost from Враги Иблиса
1942-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Новкъахь волучуьнан доӀа жоп ца луш ца дуьсу аьлла хезнера суна, и маца, муха дан деза?
Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Некъахочуьнан доӀанна жоп луш ду аьлла Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам). Ткъа маца дан деза бохург, хьо новкъа ваьллачул тӀаьхьа мичча хена а дийр ду-кх ахь, юха цӀа валлалц. Муха дан деза аьлча, ахь мухха кепара хьайн багахь Деле доьхуш аьлла дешнаш доӀа лоруш ду-кх, хьо воьдуш лаьтташехь я АллахӀ, гечде Ахь суна, я АллахӀ аьтто бе Ахь сан аьлча доӀа ду-кх иза.
https://t.me/Vragi_iblisa
