ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ
Open in Telegram
АллахIан Элчано (соллаллохIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «ДIакхачаде соьгара, цхьа айат бен из дацахь а» [Бухари: 3461]
Show more1 312
Subscribers
No data24 hours
-107 days
-5630 days
Posts Archive
1 312
Repost from ЯЛСАМАНЕ
Халкъашлахь Аллахlа дуккха къаьмнашшан ца делла доьналла, къонахалла, къинхетам бел къам ду хьо, хlай Нохчийн къам!
Хьо хьай хазачу амалех дохо къахьоьгуш берш, Аллахlа Шена луъачу бахьанца хlаллак бойла!
1 312
Repost from Серлонан тоба
Сийлахь Везачу АллахӀа эхартан пайде войла хьо, хӀай тхан жима къонах! АллахӀа фирдавс ялсаманехь хьайн деца-ненаца цхьанатухийла хьо! Хьайга сатуьйсуш, шен са хьуна дӀалура долчу хьан ненал хьайца къинхетаме Волчу хьайн Деле вирзи хьо! АллахӀа хьоьх бахьан дина эзарнашкахь неха цхьа барт бира! Къаьмнаш а вовше тӀехӀуьттуш! Хьоьх бахьан дина вежарийн вежаралла кхин а чӀагӀдира, мостагӀийн дегнаш дохош! Хьоьх бахьан дина эзарнашкахь адам сам даьккхира! ХӀай Джабраил, хаа дезара хьуна мела дукха везаш хилла хьой, хьайн вежаршна а йижаршна а!
АллахӀан бу беригге хастам! АллахӀа фирдавс ялсаманца бекхам бойла Джабраил лохуш дакъа мел лаьцначунна! ДоӀанца а, дегӀаца, даьхнийца а!
1 312
Repost from N/a
Тобанан низам:
● Хӏора а дийнахь 2 кехат (4 агӏо) доьшур ду, дуьххьара Ӏарбойн маттахь, тӀаккха маьӀнаш.
● Дешначо билгало йийр ю.
1 312
Repost from 𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐
цхьа кхерам, сингаттам я хало тlееъча, керста нах дагабогlу суна
муха лов-те цара кху дуьненан баланаш, куьйгаш хьала а лаьцна, «Йа АллахI» ала йиш йоцуш… и ала АллахI вевзаш а воцуш! Йа АллахI, керстанаш бусалба дине балабе Ахь! Йа АллахI, бусалба нах шайн динехь чlагl а бе Ахь!
1 312
Repost from Враги Иблиса
1950-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Маршрутки чохь мархийн баттахь я кхечу беттанашкахь эшар лоькхуьйтуш хилча дӀаяккха ала мегий и?
Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Ала дезаш дара иза да-м, делахь а, иштта ала долийча маслахьат тӀера дӀадаларна кхоьру иза, тӀаьхьало дика цахиларна кхоьру, цундела уггар дика агӀо Шайх Мухьаммад Хьусайн ЯӀкъуба дарсехь тхоьга олуш хилла агӀо ю, даима хьайца наушникаш лелор, эшар йолчехь хьайн Къуръан, хьехам латор бу ахь. Делахь а, ишттачехь хьуна хезначух хьан дог-ойла цу тӀе яхана, дагна хьуна там хилла эр дуй цунах, иштта хӀума ца хилчхьана хьуна къа хуьлуш-м дац.
https://t.me/Vragi_iblisa
