cookie

Utilizamos cookies para mejorar tu experiencia de navegación. Al hacer clic en "Aceptar todo", aceptas el uso de cookies.

avatar

Враги Иблиса

Вайга хаттар дала йиш ю кху чохь: vk.com/yalsaman Youtube: youtube.com/@Vragiiblisa

Mostrar más
Publicaciones publicitarias
1 045
Suscriptores
Sin datos24 horas
Sin datos7 días
+1730 días

Carga de datos en curso...

Tasa de crecimiento de suscriptores

Carga de datos en curso...

Photo unavailableShow in Telegram
Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Официант болх бар къа-м дац? Боьрша стагехь догӀуш дац и? ДогӀуш дац алахь, хӀунда дац? Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl! Боьрша стагехь богӀуш болх бац. Стеган сий дойур долу, стеган мах хадор болу хӀума ларде олу Ӏеламнаха. Шен сий ша лардан дезаш ду стага, болх бахьанехь шен сий довр долу хӀума тӀелаца мегар дац, болх кхин а карор бу лехча и боцург. https://t.me/Vragi_iblisa
Mostrar todo...
Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Ахь элира-кх, маьждиг чохь дуьненан къамел дар хӀума дац аьлла, цунна далил хӀун ду хьан? Маьждиг чохь къамел дар тӀаьххьара заманан билгало ю олуш хезнера суна, бух болуш дуй и? Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl! Далил - и мегар дац аьлла цхьа а далил цахилар ду-кх. Пайхамара а (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) цуьнан асхьабаш а деш хилар а ду. Ткъа иза тӀаьххьара заманан билгало ю бохург бух болуш къамел дац. https://t.me/Vragi_iblisa
Mostrar todo...
Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. ИбрахӀим пайхамара (Делера салам-маршалла хуьйла цунна) жаӀарш юхкуш ахча даьккхина бохург бух болуш хӀума дуй? Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl! Бух болуш хӀума дац дера-кх! АллахӀан Пайхамарна тӀе харцо кхоллар ду-кх! Мелхо а, и жаӀарш йохийна кхоьссина вац иза цӀерга?! https://t.me/Vragi_iblisa
Mostrar todo...
Photo unavailableShow in Telegram
Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Зударшна лаьттах текхаш йолу коч йоха мегаш дац бохург бакъ дуй? Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьмауллахlи ва баракатухl! Бакъ дац, мелхо зударийн коч лаьттах текхаш хила езаш ю, ткъа божаршна хьарам ду хьорканал охьаялийтар. https://t.me/Vragi_iblisa
Mostrar todo...
Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Хастам баран сужуд муха до? Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьмауллахlи ва баракатухl! Хьайна цхьа хазахетар хилча деш ду иза. Къилбехьа воьрзий, «АллахӀу акбар» олий сужуде воьду, ламаз доьхкуш санна куьйгаш ца ойбуш, деккъа сужуде воьду «АллахӀу акбар» олуш, тӀаккха ламазехь сужудехь олуш дерг олий хьалагӀотту, салам ца ло, сужуд цхьаъ бен ца до. https://t.me/Vragi_iblisa
Mostrar todo...
#Хаттар: Ассаламу 1алайкум варахьматуллах1и вабаракатух1 Анонимно Хаттар:Ткъес(гром)стенна туха аьлла хьахийна дуй къуръан чохь йа суннатехь? Жоп: ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl! хьадисехь хьахина ду, жуьгтиш т1е бехкина Пайхамаре хаьттича, и ткъес ху ю аьлла, Пайхамар жоп делла, иза Малайк ду марханашна т1е хоттина, цо и марханаш д1а лоьхкуш Аллах1ан лиинчу аг1ора
Mostrar todo...
Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Салаваташ дехкича цамгар, бала, декхар тӀерадолу бохург бакъ дуй? Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl! Бакъ ду, ахь уьш дукха мел дохку а Дала хьоьгара гӀайгӀа, бала дӀаойбу, къиношна а гечдо, декхар дӀатакха а аьтто нисбо. https://t.me/Vragi_iblisa
Mostrar todo...
Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Ламаз хан ма-хиллина ца деш, жима Ӏийна дича къа хуьлий? Масала, делкъа ламаз хан малхбуза хан хиллалц хилча, делкъа ламаз малхбуза хан тӀекхачале цхьа сахьт ахсахьт дисинчу хенахь дан мегаш дуй? Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl! Ламаз шен хенна дан дезаш ду. Делкъа ламаз хан малхбуза хан хиллалц дӀайолуш яц бохург дац и, хан хиллалц иза дӀатетта мегар ду бохург а дац иза. Мухха делахь а, цхьана бахьанца данза виснехь, хьан ламаз тӀаьхьа ца дисна бохург ду. Ткъа Дала боху Къуръан чохь ламаз шен хенна ца деш, дӀатоьттуш волчун хьокъехь: «Ма дакъаззала ю-кх ламазаш деш болчарна, и ламазаш мало еш дӀатоьттуш болу». Ламаз ца деш болчарна дакъазалла ю ца боху Дала, делахь и ламаз шен хеналла дӀатоьттуш болчарна ю боху дакъазалла. Цхьаболчу Ӏеламнаха и «дакъазалла» аьлла цу аятехь деъна долчу дешан маьӀна даьккхина, иза жоьжахати чохь цхьа боьра ю аьлла. И хьал ламаз деш болчарна ду, амма шен хенна ца деш, мало еш дӀатоьттуш болчарна ду. https://t.me/Vragi_iblisa
Mostrar todo...