Аллахlан цlерш
Open in Telegram
Аллахl веза - И вовза веза, Цуьнан цlерш а, куьцаш а lамош. Вайца зlе: @Alasmaulhusna_bot
Show moreThe country is not specifiedThe category is not specified
1 896
Subscribers
No data24 hours
No data7 days
No data30 days
Posts Archive
1 896
«Со санна Дела къинтIера волийла хьуна!» - аларехь, ца мегаш хIумма а дац. Цхьана адам хьаккъах тасалуш ахьа къа латийнехь, цо ши хIума чулоцу: Цу адамана зулам дар а, Далла Iеса валар а. Адамо шена диначу зуламах гечдича, цунна зулам дар бехк тIера болу хьуна, амма хьо Далла Iеса хилар дисина ма ду. Вовшашна вай къинтIера довларах, вовше зуламаш ма де аьлла нехIю дина Волучу АллахIан хьакъ ма диссина хьуна тIехь. Шена лаахь Дала гечдийр долуш, Шена лаахь Iазап лура долуш. Муххале а, и алар хаза доIа дар ду-кх.
1 896
Repost from ИСЛАМАН ТАРИХ
Шайх Махьмуд ШаIбан. Шен тIоьрмаг кечбина телевидени вахан, бакъ дош аьлла, цигара дIа набахте вахан къонах ву шуна хIара.
1 896
Ассаламу Iалайкум!
Аллахlа марханаш къобал дойла, массо дика Iамал Шен дуьхьа йойла!
1 896
Ассаламу Iалайкум!
Аллахlа марханаш къобал дойла, массо дика Iамал Шен дуьхьа йойла!
1 896
Марха дасатаран lийде вахале цхьаъ кхаллар суннат ду, тарлуш делахь хурма, гlурбана lийде вахале хlума ца кхаллар суннат ду.
1 896
Тховса маьркlиж ламаз дича,
кхана lийда ламаз даллалц
такбир дар - суннат ду.
АллáхIу акбар,
АллáхIу акбар,
АллáхIу акбар,
Лá илáхIа иллаллóхI.
АллáхIу акбар,
АллáхIу акбар,
ва лиллáхIил-хьамд.
1 896
Мархийн сахь хьалххе дlало, гlолехь дерг ду иза, кхано вицвеллера, ца кхиира
бохучул атта ду.
1 896
Бутт го-ца го кхана сарахь бен хуур дац, суббота сарахь нисло иза. Кханлера суьйре кхаччалца, аша хьаьнгга хаьттича а хуур дац, кlиран де марха хуьлу де ду, я досту де ду. Цундела, шайн Деле собар дехе, хьоьжуш lе, Аллахlа къинхетам бойла шух!
1 896
الصَّمَدُ ﷻ
[Массо хlума Шега хьашта долуш, Ша цхьаьннега хьашт воцург ву И]
Лекха-Сийлахь волчу Аллахlа боху:
Шех тоам болу АллахI ву И. [Ихлас]
Эла ву И, Шен Делалла дуьззина волу; Хьикматениг ву И, Шен хьикмат дуьззина волу; Къинхетамениг ву И, Шен къинхетам буьззина волу; Комаьршаниг ву И, Шен комаьршалла юьззина волу; Хьал дерг ву И, Шен массо кхолламаш шега хьашта мел долучу хlуманга, хlуммане а хьашта воцу, мелхо, массо кхолламаш, шайн дерриге хьаштонаш Шега дерзош верг ву И. Дегнаш Шега кхерамца а, дог-йовхаллийца а туьйжург ву И.
«ас-Самад» аьлла йолу Аллахlан цIе Къуръан чохь цкъа хьахийна.
https://t.me/Asmaul_husna
