fa
Feedback
Аллахlан цlерш

Аллахlан цlерш

رفتن به کانال در Telegram

Аллахl веза - И вовза веза, Цуьнан цlерш а, куьцаш а lамош. Вайца зlе: @Alasmaulhusna_bot

نمایش بیشتر
کشور مشخص نشده استدسته بندی مشخص نشده است
1 896
مشترکین
اطلاعاتی وجود ندارد24 ساعت
اطلاعاتی وجود ندارد7 روز
اطلاعاتی وجود ندارد30 روز
آرشیو پست ها
sticker.webp0.41 KB

Проверка связи

«Со санна Дела къинтIера волийла хьуна!» - аларехь, ца мегаш хIумма а дац. Цхьана адам хьаккъах тасалуш ахьа къа латийнехь, цо ши хIума чулоцу: Цу адамана зулам дар а, Далла Iеса валар а. Адамо шена диначу зуламах гечдича, цунна зулам дар бехк тIера болу хьуна, амма хьо Далла Iеса хилар дисина ма ду. Вовшашна вай къинтIера довларах, вовше зуламаш ма де аьлла нехIю дина Волучу АллахIан хьакъ ма диссина хьуна тIехь. Шена лаахь Дала гечдийр долуш, Шена лаахь Iазап лура долуш. Муххале а, и алар хаза доIа дар ду-кх.

Iедалш а, такфира охIла а.mp310.09 MB

Шайх Махьмуд ШаIбан. Шен тIоьрмаг кечбина телевидени вахан, бакъ дош аьлла, цигара дIа набахте вахан къонах ву шуна хIара.

Repost from Дика lамал
photo content

Ассаламу Iалайкум! Аллахlа марханаш къобал дойла, массо дика Iамал Шен дуьхьа йойла!

.

Ассаламу Iалайкум! Аллахlа марханаш къобал дойла, массо дика Iамал Шен дуьхьа йойла!

Марха дасатаран lийде вахале цхьаъ кхаллар суннат ду, тарлуш делахь хурма, гlурбана lийде вахале хlума ца кхаллар суннат ду.

Тховса маьркlиж ламаз дича, кхана lийда ламаз даллалц такбир дар - суннат ду. АллáхIу акбар, АллáхIу акбар, АллáхIу акбар, Лá илáхIа иллаллóхI. АллáхIу акбар, АллáхIу акбар, ва лиллáхIил-хьамд.

Мархийн сахь хьалххе дlало, гlолехь дерг ду иза, кхано вицвеллера, ца кхиира бохучул атта ду.

#Саlудия 🌙 Кханалера кlиран де, мархан де ду. lийдан де: 02.05.2022 шо.

Бутт го-ца го кхана сарахь бен хуур дац, суббота сарахь нисло иза. Кханлера суьйре кхаччалца, аша хьаьнгга хаьттича а хуур дац, кlиран де марха хуьлу де ду, я досту де ду. Цундела, шайн Деле собар дехе, хьоьжуш lе, Аллахlа къинхетам бойла шух!

Жимма Мадийнат гайти шуна)

الصَّمَدُ ﷻ [Массо хlума Шега хьашта долуш, Ша цхьаьннега хьашт воцург ву И] Лекха-Сийлахь волчу Аллахlа боху: Шех тоам болу АллахI ву И. [Ихлас] Эла ву И, Шен Делалла дуьззина волу; Хьикматениг ву И, Шен хьикмат дуьззина волу; Къинхетамениг ву И, Шен къинхетам буьззина волу; Комаьршаниг ву И, Шен комаьршалла юьззина волу; Хьал дерг ву И, Шен массо кхолламаш шега хьашта мел долучу хlуманга, хlуммане а хьашта воцу, мелхо, массо кхолламаш, шайн дерриге хьаштонаш Шега дерзош верг ву И. Дегнаш Шега кхерамца а, дог-йовхаллийца а туьйжург ву И. «ас-Самад» аьлла йолу Аллахlан цIе Къуръан чохь цкъа хьахийна. https://t.me/Asmaul_husna

photo content