en
Feedback
Бусалба Дин

Бусалба Дин

Open in Telegram

(Анонимный вопрос дала лууш волчунна) https://f3.cool/nekaxo?hl=ru&stid=nysegMa&theme=7KI5e • АгӀо лелош вериг : Ӏабдуррохьман @busalba_din_bot

Show more
532
Subscribers
No data24 hours
No data7 days
No data30 days
Posts Archive
#student •Ибну МасӀуда (رحمه الله) аьлла: «Шегара къа дожарна кхоьруш , леккха лам буьххьера ша чу вожарна кхоьруш санна хьал хуьлу хьуна, боккъала ийман диллина волу бусалба стеган кийрахь. Амма Ӏеса волчунна , шен тӀе хиина болу моз санна, кхи цхьа а новкъарло ца хуьлу цунна шен къиношха... .» [جامع العلوم والحكم] @busalba_din

#student «حكم سجود الشكر حكم صلاة النفل في القبلة و الطهارة و الستارة... .» • АллахӀан шукар деш долу сужудан кхидолу суннат ламазан санна хьукм ду(ламаз карахь хилар , къилбана тӀе вирзина хилар... .)» [Ахьмад ибн Накъииб Аль-Мисрий] @busalba_din

#student • АллахӀан дин тӀехь къахьегарехь ахьа маьл чӀогӀа мало йарх а, хьо маьл чӀогӀа эшна хиларх а Ислам дин довра дац хьуна. Хьоьга Ислам дин дӀа ца дахьа делчи, АллахӀо хьа меттан кхи къонахой бохкуьйтура бу хьуна хӀокху Ислам динан гӀоьнчий хила, хьо санна гӀийла хира боцуш хӀокху динан гӀо дарехь, ахь санна хӀар дин духкур доцуш дуьненан дуьхьа. ТӀаккха ца кхоьру хьо АллахӀан хьалха хоттарха оццулла сийсаза хилла!? [Махьмууд ШаӀба́н] @busalba_din

#student • АллахӀан Элчано ﷺ аьлла : Къемат дийнахь АллахӀа эр ду : «Стенгахь бу шен сийлаллин доьхьа гӀовше баьззарш ? Тахан
#student • АллахӀан Элчано ﷺ аьлла : Къемат дийнахь АллахӀа эр ду : «Стенгахь бу шен сийлаллин доьхьа гӀовше баьззарш ? Тахан цхьаннена ӀиндагӀ доцучу дийнахь ша ӀиндагӀ латтор ма ду царна ... .» [مسلم ٢٥٦٦] @busalba_din

#student Шайх Мухьаммад lаввама(حفظه الله) аьлла: «Баккъалла а шен тарийх цайевзаш долчу цхьана а умматан, йа цхьана а къоман
#student Шайх Мухьаммад lаввама(حفظه الله) аьлла: «Баккъалла а шен тарийх цайевзаш долчу цхьана а умматан, йа цхьана а къоман ницкъ кхочур ма бац шен тlаьхье кхио Цундела вайна тlаьхь важиб ма ду д1адахна долу къаьмнийн лорах вайн тlаьхье кхиор Хlунда аьлча, цхьа а уммат ма дац лаьттан букъа тlехь сийлахь тарих йолуш, вайн хастаме долу уммат доцург... .» https://t.me/busalba_din

#student ‏«لو علِم المؤمنون فضل الصلاة على النبي ﷺ لما كفّت ألسنتهم عنها كل حين" اللهم صلِّ وبارك وسلم على نبينا وسيدنا محمد» Имам Ибн Аль-Джавзий «Бусулба нахана хаьъхьари АллахӀан Элчан салават диларан дозалла , цкъа цер мотт юх боьрзур ма бацара салаваташ дохкучар... .» @busalba_din

#student Хубайб кӀантера ӀабдулллахӀа дийцина хьадис ду , Аллахӏан Элчано шег олуш хезира : «Кхузза [Аль-Ихлас] [Аль-Фалакъ]
#student Хубайб кӀантера ӀабдулллахӀа дийцина хьадис ду , Аллахӏан Элчано шег олуш хезира : «Кхузза [Аль-Ихлас] [Аль-Фалакъ] а [Ан-Нас] сураташ дешлахь хӀор Ӏуьйранна а , суьйранна . Уьш дешаро хьун кхачам бийр бу массо хӀуманах... .» @busalba_din

#student Хаттар – Ламазехь лаьтташ волуш , дас йа нанас мохь тоьхча , цу шинне жоп дала мегаш дуй? Жоп • Ламазехь волуш цу шинна жоп далар важиб дац , мухле хьарам ду , ламаз духар ду фард ламаз деш валахь. • Суннат ламаз деш волуш хьарам хир дац жоп далар , амма ламаз духар ду , мухле а волехь ду ламазер ара а ваьлла цу шинна жоп далар, нагахьсанна цу шинна дазлахь ахь жоп ца далар. [ قول للإمام الشربيني ، الإقناع] @busalba_din

Имам Ахьмад везар Къутайбат ибн СаIи́да аьлла: «Имам Ахьмад везаш хьайна цхьаъ гича, хоийла хьуна иза суннатан охIланах вуй». [Муснад Ахьмад, агIо: 1/46] @busalba_din

#student ПӀерскан дийнахь «КахӀф» сурат дешар сецца суннат ду. •Къаьсттина муьлх хан ю те цунна шен чохь дешар суннат хир долш ? Цуьнан хан пӀерскан буьйсанна(четвергехь) малх чу буьзначул тӀаьхьа йола луш ю , пӀерскан дийнахь малх чу буззалца лаьтташ ю. Имам Аль-Мунавийс(رحمه الله) аьлла : «Суннат ду [КахӀф] сурат пӀерскан дийнахь дешар, иштта а пӀерскан буьйсанна , Имам Аш-ШафиӀийс шен къамелехь къеггина билгал ма даккхара и суннат хилар... .» [فيض القدير ٦/١٩٨] @busalba_din

#student Ассаламу lалайкум лераме Шайх, Дала дика дойла хьуна. Тхан лераме Шайх, кху тlаьхьарчу хенахь, цхьаболу мутаlелмашна а, иштта нахана а юккъехь даьржина цхьацца хаамаш ду, Пайхамаран ﷺ маьждиге Къуръан дилла луучунна а, иштта Саlудехь хурман дитт де луучунна а оха гlо дийра ду бохуш, иштта цара Мусхьафийн а, хурман диттийн а, Саlудехь болучу мехалла а лакхара мехаш хlитта до, масалан: Цара олу: Маьждиге мусхьаф охьадуьллург мах 1000 сом бу, амма оцу мусхьафан мах 500 соьмел а лекхара бац, ткъа Мусхьаф эцначул тlаьхьа буха диссинарг шайна дуьту цара, цара шайга и ахча деллачунна хаа ца хоуьйту, шаьш и Мусхьаф эцначул тlаьхьа, оцу ахчанах кlеззига дакъа хуьлийла иза, я дукхах долу дакъа хуьлийла иза, шайна буха дуьтуш хилар. И ахча долучу дена а ца хоьйтуш, иштта долу хlума лело мегар дуй? Жоп луш верг Шайх Мухьаммад аз-Зухьайли: Хlара пуьчаш бу, Динах йохка-эцар яр ду, Делан Элчан ﷺ Маьждиг хьашта дац чу Къуранаш эца. Мелхо, массарна дlайсадоькъуш ду цара уьш. Иштта Саlуди хьашта яц дитташ ден а, Саlудин ахча дуккха ду, хlара шайтlан болх бу, Динаца са‌ яккхар ду. @busalba_din

#student Къуран а , гӀайгӀа а цхьана хил йиш йолуш хӀум дац , хӀунд аьлчи , АллахӀа аьлла Къуран чохь : «ХӀай Мухьаммад , Оха хьоьга хӀара Къуран ца доссийна хьуна, хьо гӀайгӀане хилийта... .» ﴿ما أنزلنا عليك القرآن لتشقى ﴾ طه :٢ @busalba_din

#student «Эшна волчу хьолехь Аллахӏе верза , АллахӀо боккхачу толамца сийлалла лур ю хьунa... .» [علي الطنطاوي رحمه الله] @busalba_din

#student Стигланан неӀарш шен чохь схьайоьллуш йолчу хенан тӀе нис ве ас хьо? •ӀабдулллахӀ ибн Саибс дуьйцу , Пайхмара ﷺ делкъан хан хилле диъ ракаӀат ламаз а дина , цо элира : «Боккъалла шен чохь стиглан неӀарш схьайоьллуш хан ю хӀар , цундела хӀокху хен чохь сайгар дик Ӏамал йожийтар дезаш ву со... .» [ الترمذي ٤٧٨ ] @busalba_din

#student قال رجل من العباد لابنه: «يا بني، لا تكن ممن يرجو الآخرة بغير عمل، ويؤخر التوبة بطول الأمل» • Лайшхах волу цхьан дас шен кӀанте хьехар деш элир: «ХӀай сан кӀант , хьо ма хилалахь, шаш еш Ӏамал йоцуш эхартана са а туьссуш , шайн сатийсам дукх чӀогӀа хилар бахьана долуш, дохко валар(тоба дар) тӀаьхьа тоттуш болчарах. [وهب بن منبه رحمه الله] @busalba_din

#student Саlид бин lамир аль Джумахьийс дуьйцу(Дела реза хуьйла цунна). Ша жима волуш теш(свидетель) хилла ву, Къурайший Элан
#student Саlид бин lамир аль Джумахьийс дуьйцу(Дела реза хуьйла цунна). Ша жима волуш теш(свидетель) хилла ву, Къурайший Эланаш, иштта Маккара кериста наха а, Ямартлонца схьа а лаьцна Хьубайб бин lадий, цунна таlзар деш, иза цара вуьш а. Саlидас боху: Цара йиттан, этlийна,цистан, цlийх вуьзна лаьтташ вара Хьубайба, тlаккха Цара элара цуьнга: Хlай Хьубайб, хьайн меттана кхузахь Делан Элча(صلى الله عليه وسلم) хилийта лаьарий хьуна, ткъа хьо хьайн хlусамехь, маьрша волуш, хьайн доьзалца цхьана волуш? Хьубайбас жоп делар: Валлахlи, Со сайн хlусамехь, маьрша, сайн доьзалца волуш, Делан Элчан(صلى الله عليه وسلم) когаха Кlохцал lотдалар а ма ца деза суна. Тlаккха цара маьхьарий деттара "Ве иза" богlуш. Хьубайбас стигла хьала а хьежна доlа дира: - Хlай сан Дела, царех хlора а, цхьацца веш хlаллак ве ахьа, цхьа а кlелхьара ма валийта ахь царех. Иштта дlекхелхара Хьубайб бин lадий(Дела реза хуьйла цунна) @busalba_din

#student قال بعض أصحابنا : من دخل المسجد فلم يتمكن من صلاة تحية المسجد - إما لحدث أو لشغل أو نحوه - يستحب أن يقول أربع مرات : «سبحان الله ، والحمد لله ، ولا إله إلا الله ، والله أكبر » فقد قال به بعض السلف ، وهذا لا بأس به Цхьаболу ШафиӀийн мазхӀабехь болу Ӏеламнаха аьлла : «Маьждига чоьхьа ваьлчи, хьурмат ламаз дан йиш йоцуш валахь(ламаз карахь доцуш йа кхин муьлха бахьанца) цунна суннат ду , доьазза(4) хӀара дешнаш алар : [СубхьаналлахӀ , ВальхьамдулиллахӀ, ва ла илахӀа илла-ЛлахӀ ва АллахӀу Акбар]. - ХӀара тайп къамел дина иштта цхьаболу салафша [الأذكار للنووي] @busalba_din

#student •ДоӀиф(гӀийл) долу хьадийсац Ӏамал йан мегар дуй? - ДоӀиф долу хьадийсац Ӏамал йа мегар ду Ӏеламнаха хӀиттина болу бехкамаш лара а беш. Аллахӏан Элчанна ﷺ къамел гӀийл дар аьлла , цуьнца Ӏамал йан мегар дац бохуш, дӀатаса мегар дац. Тахана дуккхачу неха кхетам бу : Хьадис гӀийл хилчи иза цхьанна кепара къобул деш дац бохуш , иза нийса дац Имам Аз-Заркашис (رحمه الله) аьлла : «Массо Ӏеламнеха барт хилла , гӀийл долу хьадийсац дика Ӏамал еш хилар... » [النكت على مقدمة ابن صلاح] Имам Ахьмада (رحمه الله) шен мазхӀаб охьа дуьллуш лелийна хил йолу бакъонаш юьйцучохь , Имам Ибн Къаййимс (رحمه الله) хьагӀа до , Имам Ахьмада гӀийл хьадис хьа оьцуш хилар иза даиманна дӀатесна дуьтуш ца хилар [إعلام الموقعين] Имам Ибн Ӏабдиль Барр (رحمه الله) аьлла: «ГӀийла хьадис , ша гӀийла дар аьлла тесна дуьтуш дац.... » [التمهيد] Иштта и тайп къамел дина Ӏеламнах шортта бу, царех цхьаберш : Ибн Хьажар Аль-Ӏаскъоланий Суфьян ибн ӀуйайнахӀ Ибн Раджаб Аль-хьанбалий ; Имам Ан-Нававий ; Ибну Таймия ; Ибн Къудама Аль-Макъдисий ; Аль-Хьафиз Аль-Ӏирокъий... . [رحمهم الله تعالى جميعا] @busalba_din

• قال الحافظ ابن حجر (رحمه الله) «ما أحسن قول القائل : من علامة السـعادة : أن تطيع ، وتخاف ألا تقبل ومن علامة الشقاوة : أن تعصي ، وترجو أن تنجو ... .» • Ибну Хьажар Аль-Ӏаскъоланий (رحمه الله) Ма хаза дешнаш ду аьлла волчунна : «Хьо ирсе хиларна билгало ю хьуна , хьо Аллахӏана муьтӀахь волуш , хьайгара Ӏамал къобал ца йарна кхоьруш хьо хилар. Хьо дакъаз ваьлла хиларна билгало ю хьуна , хьо АллахӀан даиманна Ӏеса волуш, хӀетте а декъал хила хьо сатуьйсуш хилар... .» [فتح الباري ١١/٣٠١] @busalba_din

#student • قال الْإمام ابن القيم(رحمه اللّه) «العلم يرفع صاحبه في الدنيا والآخرة ؛مالا يرفعه الملك ولا المال ولا غيرهما ، فَالْعِلْم يَزِيد الشّريف شرفا، ويرفع العبد المملوك حتى يجلسه مجالس الملوك  Ибн Къаййим аьлла : (رحمه الله) «Дуьненахь а , эхаратахь а , Ӏилм Ӏамош болу къонахой оц Ӏилмано лекха бохуш айа беш бу. Дуьненан пачхьиш цер пачхьалло ца ойбучу кепара. Нахана юккъехь сий долуш верг , кхиъ шен сийлаллехь са а воккхуш , цхьаннена долахь хил волу миска лай , пачхьийн гӀант тӀе охьа а хаа веш... .» [مفتاح دَار السّعادة ، ٢٥٦/١] @busalba_din