Бусалба Дин
Open in Telegram
(Анонимный вопрос дала лууш волчунна) https://f3.cool/nekaxo?hl=ru&stid=nysegMa&theme=7KI5e • АгӀо лелош вериг : Ӏабдуррохьман @busalba_din_bot
Show more532
Subscribers
No data24 hours
No data7 days
No data30 days
Posts Archive
532
#student
قال الإمام الحافظ ابن حجر العسقلاني (رحمه الله) :
«كل داع يستجاب له ، لكن تتنوع الإجابة، فتارة تقع بعين ما دعا به، و تارة بعوضه»
«АллахӀе доӀ деш волчунна хӀоранна жоп лур долуш ду , амма и жоп далар баш-башхал хуьлу , наггахьа АллахӀо ахь дехначунца жоп ло хьуна , наггахьа цун метта кхиъ гӀолехь дериг даларца... .»
[Имам Хьафиз Ибну Хьажар Аль-Ӏаскъоланий - Фатхьуль Барий]
532
#student
قال الإمام الآجري (رحمه الله):
«ينبغي لمن رزقهُ الله حُسن الصوت بالقرآن أن يعلم أن الله قد خصّه بخيرٍ عظيم فلْيعرف قدر ما خصّه الله به ولْيقرأ لله لا للمخلوقين»
Имам Ааджурийс (Аллахӏа къинхетам бойл цунах) :
«Къуран доьшуш АллахӀа шен хаз аз дел волчунна там болш дукх хаар , АллахӀа цхьа боккхачу дика балхаца и схьа къастийна хилар , цундела шен делла долу ниӀматна хам бойла цо и Къуран АллахӀан доьхь дешарца , шаш кхоьллина долу адамашна доьхь ца доьшуш... .»
[أخلاق أهل القرآن]
532
#student
قال شيخ الإسلام إبن تيمية [رحمه الله]
«الرجال إذا اختلطوا بالنساء كان بمنزلة اختلاط النار والحطب... .»
Ибну Таймияс (رحمه الله)аьлла: «Боьрш нах хийра болу зударашца цхьанакхетар ,йовха йолу цӀе дечигаца цхьанакхетарах тер ду хьуна... .»
[الإستقامة | ١/ ٣٥٧]
532
#student
СагӀа далархьама киснара механ уггаре кӀеззиг долу бен сом луш дац вай , хӀетте а Фирдавс ялсамане йоьхуш ду вай Аллахӏе.
Ма кӀеззиг ду вай дӀалуш дериг , ма доккха ду вай доьхуш дериг.
Шайх Ӏалий Ат-ТӀантӀовий (رحمه الله)
532
#student
Хьайн ламазехь ахьа сихо ечу хенахь, хьуна хоийла ахьа шега сихо мел еш долу хIума, хьо Шена хьалха дӀахӀоьттин волчунна керахь дуйла
532
#student
«ХӀокху умматана цӀе, тарийх(истори) юккъера дӀаяккхича , дӀаихин долу бӀен шерашкахь хил йолу тарийхах дуьсура дац хьуна , десса кӀайн кехаташ бен, шайна тӀехь яз йин хӀумма а йоцуш.
АллахӀа вайн елла оццула сийлалла а йолуш , бусалб стага cтен гӀерта те , керстанахах тар вала... !?»
علي الطنطاوي [رحمه الله]
@busalba_din
532
#student
•Суннат Ӏамал кхочуш яр суннат ду , ваджиб дац , масала цхьаммо суннат марх кхобуш хилчи , и Ӏамал йоха ярна къа хир дац цунна , мелхо суннатехь дитинарг хир ву и , АллахӀа аьлла «Аш ма йоха йойла шайн Ӏамалаш» [Мухьаммад :33]
Амма , суннат ду ша йохийна Ӏамал юха меттa хӀотта яр , масала суннат марх кхаба вола а велла и марх дохийча , суннат ду и марх доькъуш кхабар кхидолу деношкахь , иштта а хьал , ламазехь ду... .
الله أعلم
@busalba_din
532
#student
لا تَظن أن دُعاءك لا يُستجاب ، الله يسمعك ، يُدبر أمرك ، يكتب لك كل خير ، ويصرف عنك الشر برحمته ، اطمئن ، الله لا ينساك .
Хьуна ма хеталахь хьан доӀа жоплуш дац аьлла. АллахӀана хьо хезаш ву. Хьан болх низаме балош а, хьуна гӀолехь хиндерг а йаздеш, Шен къинхетамца хьох вон йухатухуш ву хьуна и АллахӀ. СапаргӀат хила хьо, АллахӀана хьо вицлур вац хьуна
[Шайх Ӏалий Ат-ТӀантӀовий رحمه الله]
532
#student
Ламаз дин ваьлчи тасбихь аьтто куьгаца даккхар гӀолехь ду, йа шинна куьйгаца даккхар гӀолехь ду те?
Цу хьокъехь деана коьрта шиъ сахьихь долуш хьадис ду
• 1) ӀабдуллахӀ ибн Ӏамригара رضي الله عنه: «Шен гира Делан Элча ﷺ аьтто куьйгаца тасбихь доккхуш... .»
[Сунан Аби Давуд]
«аьтто куьйгац» – цу йуккъера хӀара дешнаш Пайхамара ﷺ къамелах дац, ибну Къудамас رحمه الله ша хьадис схьадуьйцуш , шегара йуккъе тоьхна дешнаш ду.
Цундела хӀара хьадис бух ца лерина, аьтто куйгаца тасбихь даккхар дез ду бохуш долчу къамелан.
• 2) Ӏаишас رضي الله عنها дийцина : Пайхмара ﷺ массо хӀумангахь аьтто агӀо хьалха йаккхар дезаш вара... .»
ХӀокху хьадийсана тӀе а тевжина аьлла ду «аьтто куьйгаца тасбихь даккхар деза ду.»
Цу хьокъехь Пайхмара ﷺ аьтто куьйгаца тасбихь доккхур аьлла деана хӀумма дац, вай хьахийна шолагӀа хьадис доцург. Тасбихь даккхар хӀокъехь деана долу кхи-долу хьадийсашкахь, Пайхмара ﷺ билгала даьккхина дац, аьтто куьйгаца даьккхар деза хилар, мухле а цхьа кеп билгал ца йоккхуш деана ду и хьадисаш.
Дукхах болу Ӏеламнаха и шолагӀа хьадис тергаме а лаьцца, гӀолехь ду аьлла аьтто куьйгаца тасбихь даккхар, иштта а бидӀат хира дац аьрро куьйгана тӀехь тасбихь даккхар.
الله أعلم
@busalba_din
532
- Ирс вайн хьалха маьл ду, хӀунда лоьху вай и ирс кхечунгахь... .?
- И ирс вайн юххехь маьл ду , хӀунда гӀерта те вай и вайх ген даккха... .?
[Шайх Ӏалий Ат-ТантӀовий رحمه الله ]
@busalba_din
