en
Feedback
Бусалба Дин

Бусалба Дин

Open in Telegram

(Анонимный вопрос дала лууш волчунна) https://f3.cool/nekaxo?hl=ru&stid=nysegMa&theme=7KI5e • АгӀо лелош вериг : Ӏабдуррохьман @busalba_din_bot

Show more
532
Subscribers
No data24 hours
No data7 days
No data30 days
Posts Archive
Ша дӀахӀоьттина маьркӀаж ламаз деш волуш , фатихьат чӀогӀа дешаран хьукм?
Anonymous voting

• МаьркӀаж-ламаз хьалхара ши ракаӀат суннат ламаз дар , бух болуш сецна ду , амма раватиб долу чӀагӀдина суннат-ламазашха ца лору иза. Цу хьокъехь Пайхамаран ﷺ къамел ду: «Шена луучо маьркӀаж-ламаз дале хьалха , суннат ламаз дойла» [أخرجه البخاري ١١٨٣] (Цуьнах раватиб(чӀагӀдина суннат) ца алар бахьана , Пайхамара ﷺ шен къамелехь «шена луучо» алар ду , оцу дешнаша тӏе нисво , иза чӀагӀдина суннат ламаз ца хиларна) Имам Ан-Нававийс رحمه الله аьлла: «МаьркӀаж-ламаз дале хьалха , дайн ши ракаӀат ламаз дар суннат ду... .» [منهاج الطالبين] Ибну Таймийа رحمه الله аьлла: «Цу хьокъехь даьхкина кхиндолу хьадийсашца билгала долу маьркӀажа а , малхбуза а ламазна хьалхара ши ракаӀат ламаз дар хаза хилар... .» [مجموع الفتاوى] Имам Аш-Ширбинийс رحمه الله аьлла: «Дайн ши ракаӀат ламаз дар суннат ду , маьркӀаж-ламаз дале хьалха , цуьнан бух - Имам Бухарис а , Муслима а схьадалийна, Анас ибн Малика (رضي الله عنه) дийцина хьадис ду : «Шайна азан хезча , Сахьабаш маьждиге сихо йеш хуьлура , маьркӀаж-ламаз хьалхара ши ракаӀат суннат дархьамма... .» [ الإقناع ] @busalba_din

МаьркӀаж ламаз хьалхара ши ракаӀат ламаз даран хьукм?
Anonymous voting

Пайхамар ﷺ гӀенах ва веан цо цхьа хӀум важиб дичи , важиб хир дуй цунна муьтӀахь хилар , ша сама ваьлча ? Цу хӀокъехь Ӏеламна
Пайхамар ﷺ гӀенах ва веан цо цхьа хӀум важиб дичи , важиб хир дуй цунна муьтӀахь хилар , ша сама ваьлча ? Цу хӀокъехь Ӏеламнахан юккъехь къовсам бу , амма гӀолехь дег , цӀенна охьа диллина долу ШариӀате верзар ду , гӀенаш Ӏада а дитина [فتح الباري لابن حجر العسقلاني] @busalba_din

"Адман ца езаш йолу цlерш (клички) тахкар хьарам ду" [المعتمد في الفقه الشافعي] @busalba_din
"Адман ца езаш йолу цlерш (клички) тахкар хьарам ду" [المعتمد في الفقه الشافعي] @busalba_din

• Ламазехь деш долу нийат Ламазехь волуш , ламазера ар вала дага деача, ламазехь эццехь духур ду цунна. Башхалла яц , цунна д
• Ламазехь деш долу нийат Ламазехь волуш , ламазера ар вала дага деача, ламазехь эццехь духур ду цунна. Башхалла яц , цунна дага деанарг [«хӀиццехь ар вера ву со ламазера» : алар далахь, йа «цхьа ракаӀат ма динна ара вер ву» : алар далахь а] ламаз цунна духур ду , цунна дага дарца , оцу минотехь. Масала , цхьаъ ламазе дӀахӀуттуш ву , цо олу : «нагахьсанна хьенех схьа кхачахь, ламаз доха а дина , цунна дуьхьала гӀур ву со» и тайп ойла йолуш ламаз дан дӀахӀуттуш волчунна, дуьххьара дуьйна ламаз хир дац. Хьенех схьакхачале и ламаз дина ваьллехь а , цунна ламаз юха дан дезар ду. ХӀунда аьлча, ният кхочуш хиларна бехкмашха ду : [нийат Ӏибадаталла арахь долчу хӀуманца ца хоттар] [غاية المنى] @busalba_din

ЛО ДОГIУШ ЙОЛУ ХАН - ДОIАН ЖОП ЛУШ ЙОЛУ ХАН Ю. Хаттар: ДогIа догIучу хенахь динчу доIан жоп хуьлу аьлла деан хьадис ду-кх, иштта ло догIучу хенахь а хуьлий доIан жоп луш йолу хан? Жоп: ХIаъ, хуьлу. ХIунда аьлча ло а, догIа а цхьа терра ду. Шайх Халаф аль-МутIлакъ аш-ШафиIий (АллахIа къинхетам бойла цунах). @busalba_din

Важиб дуй йукъанеккъара кхетам шен болчунна¹ , Ӏеламстага шена делла долу шариӀатехь жоьпана, далил лахар ? [ Жоп ] Ӏилмангахь цхьа а кхетам боцу нахана, АллахӀа хьарам дина шариӀатехь къамел дан. Цу тайпа болу нахана важиб ду, шайн ца хуург Ӏилман охӀлунга хаттар . АллахӀ Дала (عز و جل) аьлла : «Шаьш ца хууш делахь , аша хатта Ӏилманан охӀлунга... .» Цу айатан хьокъехь Имам Мухьаммад Аль-Амийн Аш-ШанкъитӀийс (رحمه الله) аьлла : «ШариӀатехь шен хьукам девзаш ца хилчи , важиб ду Ӏеламстаге верзар а , цо дин долу къамелана тӀехь вазар а... .» • Важиб дуй тӀаккха, Ӏеламстагера далил лахар ? Важиб дац , хӀунда аьлча, АллахӀ Дала хьуна важиб динарг [- хууш волчунга хаттар ду - ], цул совнаха хӀумма а , АллахӀа важиб дина дац , хьоьга хоттур долуш дац , амма далил хаттарх, цхьа а новкъа хӀумма а дац. Тахана, тайп-тайпана болу нах хуьлу , шариӀатехь жоьпаш луш , цундела делла долу жоьпаш а хуьлу тайп-тайпана, тӀаккха хаттар кхоллало Нийсон тӀехь мила ву , муха хуур ду? АллахӀа хьайна важиб динарг ахьа кхочуш дича, хьо жоьпаллехь хира вац , хьо нийсонна тӀехь хира ву , бакъду, шариӀато бакъо ца ло , хьам-хьамма делла долу жоп схьаэца. Ӏеламнаха цунна хӀоттина коьрта болу бехкам бу [-хьун гергахь тешаме волуш хилар а , иштта а Ӏилманах кхетам болуш хилар-] ¹Иза Ӏеламстаг а , мутаӀелама воцуриг ву. @busalba_din

photo content

Имам Ахьмаде [رحمه الله] хаьттина : «Хьуна ца го хӀай Ахьмад , бакъонна тӀехь харцо тулуш !?» Имам Ахьмада аьлла : «ХӀанхӀа,
Имам Ахьмаде [رحمه الله] хаьттина : «Хьуна ца го хӀай Ахьмад , бакъонна тӀехь харцо тулуш !?» Имам Ахьмада аьлла : «ХӀанхӀа, вайн дегнаш бакъонна тӀехь лаьтташ маьл ду , харцо цкъа а толамехь хир йац... .» [ رسالة د. أحمد أريد ] @busalba_din

Ассаламу Ӏалайкум варахьматуллахӀ, Вай дӀадолина керла жайна ду «АрбаӀувна ан-Нававий» цӀе йолуш. Дехар ду хӀара агӀо йаржа йарца! https://t.me/Arbaiyna

Дукха хьолахь хьайца нах цатарлуш бу моьттуш хьо 1ачу хенахь, дикка хьаьжча, нахаца цатарлуш верг хьой караво… Шайх Али Митаев : «Нахаца маьрша хила хьо, нах хьайца маьрша бевлла карор бу хьуна... .» @busalba_din

يـٰۤأَیُّهَا ٱلَّذِینَ ءَامَنُوا۟ ٱذۡكُرُوا۟ ٱللَّهَ ذِكۡرࣰا كَثِیرࣰا Аллахӏ (عز و جل) аьлла: «ХӀай ийман диллина болу нах ,
يـٰۤأَیُّهَا ٱلَّذِینَ ءَامَنُوا۟ ٱذۡكُرُوا۟ ٱللَّهَ ذِكۡرࣰا كَثِیرࣰا Аллахӏ (عز و جل) аьлла: «ХӀай ийман диллина болу нах , Аллахӏ дукха хьегӀа войла аша» (سورة الأحزاب : ٤١) Оцу аят хӀокъехь шег хаьттича , Имам Ибн Солахьа (رحمه الله) аьлла: «Къуранаца а , суннатца а сецца долу азкараш ларийнаг, Аллахӏ дукх хьегӏийнчарах лорур ву... .» • Царах ду, Ӏуьйранна-суьранна а , дӀавижале хьалха а , иштта хӀора ламаз дина ваьлча, доьшуш долу азкараш. [ الأذكار للنووي ] @busalba_din

• ТӀехь йиллина са долу хӀум йолуш бедар лелор хьарам ду , цхьа а башхал йац , зударашна а , божаршна. ХӀора а , лар вала вез
• ТӀехь йиллина са долу хӀум йолуш бедар лелор хьарам ду , цхьа а башхал йац , зударашна а , божаршна. ХӀора а , лар вала веза иштта йолу бедарах, хӏунда аьлча , Аллахӏа доӀана жоп далар юх тохар бахьанашха, цхьа бахьана ду , хьарам йолу бедар йохар Аллахӏан Элчано ﷺ шен къамелах билгал ма даккхара : «Къие волуш, миска лай хил тарло АллахӀе доӀа деш, амма шен тӀехь хьарам йолу бедар йолуш а...... тӀаккха мух лур ду цунна жоп !?!?» [وليد بن راشد السعيدان] @busalba_din

Харцонца, нахана такфираш деш болчу нахана хьо тӀенислахь, цигара вадар важиб ду аьлла цхьаболчу Ӏеламнаха. Жимма Ӏилманца гергарло доцуш волчу стагана-м, муххале важиб ду. @busalba_din

• Вайн юккъехь даьржина хӀум ду , жимчу бере ахча делла иза туькана дахийтар . Ӏеламнеха цу хӀокъехь къамел : «Йохк-эцар лело
• Вайн юккъехь даьржина хӀум ду , жимчу бере ахча делла иза туькана дахийтар . Ӏеламнеха цу хӀокъехь къамел : «Йохк-эцар лелош волчунна (цхьа хӀум юхкуш хуьлийла иза, йа оьцуш) бехкам бу иза пхийтара ваьлла хилар. Бераца йохкаэцар хуьлуш йац... .» Цундела шен ницкъ кхочуш кепара , бер туькан дахийтарх, лар вал веза вайх хӀора а , шен чохь. [مغني المحتاج] @busalba_din

#student «Хьесап де шайн догӀмаш тӀехь, шайн тӀехь хьесап далле хьалха... .» Хаттаб кӀант Ӏумар (رضي اللّه عنه) @busalba_din

#student • Хечийн ког шен хьакъарголлала охьахецар, карахӀат боьрша нехан хӀокъехь ду, зударшна хӀокъехь дац !! Тахана, цхьад
#student • Хечийн ког шен хьакъарголлала охьахецар, карахӀат боьрша нехан хӀокъехь ду, зударшна хӀокъехь дац !! Тахана, цхьадолу зудбера , цу хӏокъехь даьхкина долу деригге хьадисаш, шен хӀокъехь ду моьттуш , боьрша нахала чӀогӀа и лело ара бевла. Имам Ан-Нававийс (رحمه الله) аьлла : «Массо Ӏеламнеха барт хилла , бедар йистош шен хьакъарголлала охьахецар зударшна мегаш хилар , карахӀат ца хилар... .» شرح صحيح مسلم للنووي @busalba_din

#student • Цхьамма хьоршам тоьхна , АльхьамдулиллахӀ аьлча , суннат ду цунна «ЙархьамукаЛлахӀ» алар. Цу хӏокъехь Пайхамаран ﷺ
#student • Цхьамма хьоршам тоьхна , АльхьамдулиллахӀ аьлча , суннат ду цунна «ЙархьамукаЛлахӀ» алар. Цу хӏокъехь Пайхамаран ﷺ къамел ду : «Цхьамма шух хьоршам тоьхна , [АльхьамдулиллахӀ] аьлчи, цунна доӀа дойла юххехь волчо, [ЙархьамукаЛлахӀ] аларца , нагахьсанна цо «АльхьамдуллилахӀ» ца алахь , аш ма олийла цунна «ЙархьамукаЛлахӀ» ХӀокху Пайхамаран ﷺ къамелан тӀе доьгӀна, Ӏеламнаха карахӀат ду олу [АльхьамдулиллахӀ] цо алале хьалха «ЙархьамукаЛлахӀ» алар Имам Маликс (رحمه الله) аьлла : Цунна «ЙархьамукаЛлахӀ» эр дац , къеггина цуьнгара хезза дацахь «АльхьамдулиЛлахӀ» олуш , юххехь волчо цуьнга «ЙархьамукаЛлахӀ» олуш хезчи а , кхачаме дац, шен къеггина хьоршам тоьхна волчо [АльхьамдулиллахӀ] алар хез дацахь شرح صحيح مسلم للنووي @busalba_din

#student • Новкъахь саца ца оьшуш , некъахочунна мегар ду суннат ламазаш дан. Цхьа а башхал йац, цхьана тӀе хиъна хуьлийла из
#student • Новкъахь саца ца оьшуш , некъахочунна мегар ду суннат ламазаш дан. Цхьа а башхал йац, цхьана тӀе хиъна хуьлийла иза , йа гӀаш хуьлийла. Къилбана тӀе верзар , бехкам бац ишт йолу меттехь. Цо схьа лаьцна болу некъ цун къилба лоруш ду Цу хьокъехь Ибн Ӏумарера къамел ду : «Пайхмара ﷺ шен эмкал тӀе хиина воьдуш волуш, суннат ламазаш дора , и дӀа йирзина йолчу кепара... .» Иштта , тахана машенахь новкъахь волчунна да аьтто хир бу суннат ламазаш, ду-кх совнаха меженаш меттах ца йохуш [كفاية الأخيار] @busalba_din