Бусалба Дин
Open in Telegram
(Анонимный вопрос дала лууш волчунна) https://f3.cool/nekaxo?hl=ru&stid=nysegMa&theme=7KI5e • АгӀо лелош вериг : Ӏабдуррохьман @busalba_din_bot
Show more532
Subscribers
No data24 hours
No data7 days
No data30 days
Posts Archive
532
#Хаттар
ДжамаӀат ламаз дина ваьлча , имамо тасбихь чӀогӀа даккхаран хьукма хӀу ду?
#Жоп
«ДжамаӀат ламаз дина ваьлча , имамо тасбихь чӀогӀа даккхар суннат ду , къаьсттина тӀехьахӀиттийна болчарна оцу тасбихьан кеп йовзийта.
Цу хӀокъехь деана Ибну Ӏаббасера а(رضي الله عنه) , иштта кхидолу бух болуш хьадисаш ду.
И суннат ду аьлла , цу хӀокъехь къамел дина болу цхьаболу Ӏеламнах: Имам Аш-ШафиӀий , Имам Ан-Нававий, Ат-ТӀобарий, Ибн-Хьазм, Ибну-КъудамахӀ, Ибну ТаймийахӀ , Ибну-Баз , Ибну-Ӏусаймийн , иштта а дуккхах болу умматан Ӏеламнах [Аллахӏо къинхетам бойла царах] ... .»
والله أعلم
@busalba_din
532
#Хаттар
Борша стаг Ислам дине веача , махьрам лорур буй цуьнан герагал болу зударий , нагахьсанна уьш кериста балахь ?
#Жоп
Махьрам болу зударий уьшша :
Аллахӏо шайца никахь дан цкъа а ца магийна болу зударий бу
Масала: Нана , Йиша , Йишин бераш , Вешин бераш... .
Умматан дукхах болу Ӏеламнеха бина сацам, цхьа а башхалла ца хилар ду, уьш бусалба хилчи а, йа кериста хилчи а.
Масала :цхьан бусалба стеган йиша цуьнан махьрам лорур йу , и йоӀа кериста йалахь а .
والله أعلم
@busalba_din
532
#Хаттар
• Кешнашкахь адам дӀадуллуш, вай нохчийн Ӏадат ду , делла долу адам каш чу даьккхичи , оц кашан тӀоьхула верта(бурка) лацар , малха чу ца кхетийта олий , и бух болуш дуй?
#Жоп
«Стага йа зуда дӏадуллуш , Ӏеламнаха суннат лерина оцу кашан тӀоьхула верта лацар , делахь а , и верта лацаран бахьана малха ца кхетийтархьама аьлла дац[дуккха нахана ма моьтту] мухле а, оц адмийн цхьадолу марчо цу каш чохь схьадаьстича , цуьнгахь кхечарна га там боцуш долу хӀума гондхьа болу нахана ца гайтита ду , нагахьсанна дӏайуллуш зуда йалахь, къаьсттина чӀогӀа ларо дезаш хӀума ду.
Тахана гал даьллаг , шаш и верта схьалоцу олий , каша гондахьа охьахевшина болу нах, уьш шаш хуьлу оцу каш чу хьоьжуш... .»
[المنهاج النووي و المغني لابن قدامة]
@busalba_din
532
«Хьуна хиъча, Аллахla хьан белхаш муха леладo, хьан дог дешар ма дара И везарца... .»
@busalba_din
532
• Имам Ан-Нававийс (رحمه الله) :
«ДжамаӀат ламаз деш , имаман суннат ду ша рукуӀе вахчи жимма собар дар , тӀаьхьа висина ламазе чу веанарг, ракаӀатан тӀехьакхиийта.
- Нагахьсанна чу веанарг ламазан тӀе ца хуттуш дукха вах веллехь , имаман суннат хир дац рукуӀехь цуьнга хьоьжуш Ӏар... .»
[المجموع النووي]
@busalba_din
532
• Шайх ӀабдуллахӀ Аш-ШанкъитӀийс(رحمه الله) аьлла :
«Да ма деззара АллахӀан шукар дар иза : Хьуна АллахӀа делла долу ниӀматашца АллахӀан новкъахь харжа йар а, иштта АллахӀа хьарам дина долу хӀуманах гена валар а ду.... .»
(من درس الشيخ عبد الله بن محمد الامين الشنقيطي)
@busalba_din
532
Ламаз дӀадихкина, фатихьат дешале хьалха деш долу доӀа
وَجَّهْتُ وَجْهِي لِلَّذِي فَطَرَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ حَنِيفًاً مُسْلِمًا وَمَا أَنَا مِنَ الْمُشْرِكِينَ إِنَّ صَلَاتِي وَنُسُكِي وَمَحْيَايَ وَمَمَاتِي لِلَّهِ رَبِّ الْعَالَمِينَ لَا شَرِيكَ لَهُ وَبِذَلِكَ أُمِرْتُ وَأَنَا مِنَ الْمُسْلِمِينَ
«Ваджахту ваджхия лиллез'и фатӀара-с-самавати валь-ардӀа ханифан муслиман вама ана миналь-мушрикина. Инна солатии ванусукии вамахьяя вамамаатии лиллaхӀи раббиль-Ӏаламин. Ла шарика лахӀу вабиз'алика умирту ва ана миналь муслимина».
@busalba_din
532
Муьлха ламаз дӀадихкича , фатихьат дешале хьалха , истифта́хь доӀа дар суннат ду, кхо меттиг йоцург.
• 1) Дакъ ламаз деш хилча а , суннат дац
• 2) Ламаз хан дӀатуьлуш хилчи а дешар суннат дац , нагахьсанна и дешар бахьан долуш, ламазан хан ара ера йалахь.
• 3) ДжамаӀат ламазехь лаьтташ волуш , фатихьат деша кхуьар вац аьлла кхерам балахь (масала: имам рукуӀе вахарца) тӀаккха и доӀа дар суннат хир дац
*Истифтахь доӀа - иза ВаджахӀту цӀарца нахана дойзуш доӀа ду , ламаз дӀа ма дихкина , фатихьат дешале хьалха ша деш долу
سعيد الجابري الشافعي
@busalba_din
532
Туфлеш лелоран хьукм мегаш хилар ду , цхьа керла бахьана тӀе деана маьл доцу.
Масала , когашна зе хилар , уьш лелош царах зе хиларна кхерам балахь, тӀаккха хьукма карахӀате доьрзур ду, йа зудбераш и туфлеш йоьхчи цар еш йолу гӀовгӀано , нех боьрша стеган бӀаьрг шайн тӀе хьийзош балахь , тӀаккха а уьш лелоран хьукм хьараме доьрзур ду , цар еш йолу гӀовгӀа бахьан долуш.
Тахана цхьаболу Ӏеламнаха хецна хьарам йина уьш йохар
Амма дуккхах болу Ӏеламнаха цу хӀокъехь бина сацам вай лекхахь хьагӀийна долу хьукм ду.
و الله أعلم
@busalba_din
532
•Пайхамара ﷺ доӀа дина: «Дала йуьхь нуьре йойла шегара къамел хаза а хезна, шегара махаззара и нахана дӀакхачийначун»
[ الترمذي 265 ]
• Цу хӀокъехь Имам Ибнуль Къаййимас(رحمه الله) аьлла :
«Деригге Ӏилманан дозалла, Пайхамара ﷺ дина долу доӀа бен дацахьара , и кхачаме хир ма дара , Ӏилманан дозалла дийца. ХӀунда аьлчи, ойла ейша , Ӏилма ларош волчунна и доӀа деш хилларг ша Пайхамар ﷺ ма ву...!!»
[مفتاح دار السعادة]
@busalba_din
532
Цхьа мутаӀелам хилла шен хьехархочунга Шайх Абу ГӀуддахӀ (رحمه الله) нахана юккъехь и гича, шен и муха вевзар вара хоьттуш.
Хьехархочо аьлла : Шен Аллахӏо елла нуьре йолу йуьхь хьуна га ма гинна, схьакъаьсташ хир ву хьуна и , кхиболу нахах.
Цо иштта цуьнан куц хӀотторан бахьана :
•Пайхамара ﷺ доӀа дина: «Дала йуьхь нуьре йойла шегара къамел хаза а хезна, шегара махаззара и нахана дӀакхачийначун»
*Шайх Абу ГӀуддахӀ (رحمه الله) дӀадахана долу шерашкахь къаьсттина хьадис Ӏилмангахь воккха Ӏеламстаг ву , хьадис Ӏилма даржош а , цу тӀехь къахьоьгуш хилла.
Цул тӀехьа дика хан йаьлчи , оцу мутаӀелама дуьйцу :
«Цхьан дийнахь Дамаск гӀалахь цхьан йоккха Ӏеламнеха мажлисе кхечира со , оцу йоккха йолу мажлисехь ВаЛлахӀи Шайх Абу ГӀуддахӀ(رحمه الله) схьакъаьсташ ма вара кхиболу Ӏеламнахах, шен нуьре йолу йуьхьца.»
«من محاضرة في مسجد جامع البشير»
@busalba_din
532
• Хьадис : «Ашa Ӏилма лохийла, Китай махка вахна а... »
«اطلبوا العلم ولو بالصين»
– ХӀарa хьадис нахана юккъехь даьржина ду , амма хӀокхунна бух гӀийла бу , Пайхамаре дилла мегар дац хӀар къамел , цо элира бохуш.
ХӀокху къамеланa бух бац аьлла болу Ӏеламнахах цхьаберш :
(Имам Аль-БайхӀакъий) (Имам Аль-Мунавий)
(Имам Ибн Аль-Джавзий)
(Ибну Хиббан)
(Насыруддин Альбаний)
رحمهم الله جميعا
@busalba_din
532
Repost from Хьекъале Дош
«lеламстагана жехlал стеган хьал дика девза, хlунда аьлча иза хилла цу даржехь. Амма жехlал стагана ца девза lеламстеган хьал, хlунда аьлча иза цкъа а ца хилла цу даржехь».
https://t.me/Dosh_tv
532
«АллахӀан дин тӀехь къахьегарехь ахь маьл чӀогӀа мало йарх , хьо маьл чӀогӀа эшна хиларх Ислам дина дойр дац хьуна. Хьоьга Ислам дин дӀа ца дахь делчи а , АллахӀо хьа меттан кхи къонахой бохкуьйтур бу хьуна, хӀокх Ислам динан гӀоьнчий хилла, хьо санна гӀийла хира боцуш хӀокх динан гӀо дарехь , ахь санна хӀар дин духкур доцуш дуьнен доьхьа .
ТӀаккха ца кхоьру хьо , АллахӀан хьалха хоттарх оццулла сийсаз хилла... .»
[محمود شعبان]
@busalba_din
532
«АллахӀан дин тӀехь къахьегарехь ахь маьл чӀогӀа мало йарх , хьо маьл чӀогӀа эшна хиларх Ислам дина дойр дац хьуна. Хьоьга Ислам дин дӀа ца дахь делчи а , АллахӀо хьа меттан кхи къонахой бохкуьйтур бу хьуна, хӀокх Ислам динан гӀоьнчий хилла, хьо санна гӀийла хира боцуш хӀокх динан гӀо дарехь , ахь санна хӀар дин духкур доцуш дуьнен доьхьа .
ТӀаккха ца кхоьру хьо , АллахӀан хьалха хоттарх оццулла сийсаз хилла... .»
[محمود شعبان]
@busalba_din
532
«АллахӀан дин тӀехь къахьегарехь ахь маьл чӀогӀа мало йарх , хьо маьл чӀогӀа эшна хиларх Ислам дина дойр дац хьуна. Хьоьга Ислам дин дӀа ца дахь делчи а , АллахӀо хьа меттан кхи къонахой бохкуьйтур бу хьуна, хӀокх Ислам динан гӀоьнчий хилла, хьо санна гӀийла хир боцуш хӀокх динан гӀо дарехь , ахь санна хӀар дин духкур доцуш дуьнен доьхьа .
ТӀаккха ца кхоьру хьо , АллахӀан хьалха хоттарх оццулла сийсаз хилла... .»
[محمود شعبان]
@busalba_din
532
Имам Ибнуль Джавзийс аьлла (رحمه الله) :
«Шуна хоийла, шух цхьа а вац , Мухьаммадан ﷺ дуккха салаваташ дохкуш , АллахӀа цуьнан дог нуьре дийра долуш бен... .»
[بستان الواعظين- لإبن الجوزي ]
@busalba_din
532
«ПӀераскан дийнахь(Ӏуьйра ламаз динчул тӀаьхьа) цхьанхьа новкъа валар хьарам ду , ша дӀакхаьчча рузбанна тӀе кхуьур вац, йа новкъахь дан ницкъа кхочура бац аьлла хеташ валахь , ламаз дар хир ду аьлла хеташ валахьа, тӀаккха мегар ду новкъа вала ... .»
[التقريرات السديدة]
@busalba_din
532
[Сахьихь Бухари жайнина тарийх.]
• Имам Бухарис(رحمه الله) дуьйцу: «Пайхмарна ﷺ йуххе а хӀоьттина айса и ларош гӀан дайнера суна, гӀенаш туьллуш болу Ӏеламнахе ас цу хьокъехь хаьттича, цара элира : «Пайхмарна ﷺ тӀекхуллур долу къамел йуха тухуш хира ву хьо... .»
Оцу балхо со вигира Сахьихь жайна йаздаре.
Тахана Имам Бухарис йаздина долу жайна Къуръан дӀадаьлча уггаре бух болу жайна лоруш ду умматехь , АллахӀа къинхетам бойла цунах.
(هدي الساري - لابن حجر العسقلاني)
@busalba_din
