en
Feedback
Бусалба Дин

Бусалба Дин

Open in Telegram

(Анонимный вопрос дала лууш волчунна) https://f3.cool/nekaxo?hl=ru&stid=nysegMa&theme=7KI5e • АгӀо лелош вериг : Ӏабдуррохьман @busalba_din_bot

Show more
532
Subscribers
No data24 hours
No data7 days
No data30 days
Posts Archive
•Мухьаммад Хьусайн Яlкъу́б [حفظه الله] «Хьайн lалашо – Аллахlан дин толор хилийта. Иза йу-кх и, дахаран lалашо, бан безаш болу болх... .» @busalba_din

•Марха долуш лийчар #Марха_дохош_долу_белхаш – Лабииб Ан-Наджииб (حفظه الله) «Нагахьсанна цуьнан кийра йа хье чу хи кхочуш дацахь марха духар дац , амма цуьнан кийра хи кхачарца марха духар ду , иза ца хууш кхаьчча далахь а... » - Имам Ар-Рамлий (رحمه الله) « Нагахьсанна шен кийра хи кхочур ду аьлла хеташ и валахь , цунна лара ца луш лийчар хьарам хир ду... .» فتاوى الرملي @busalba_din

•Цергаш йуьллуш йолу паста #Марха_дохош_долу_белхаш – Шайх Лабииб Ан-Наджииб «Цергаш йуьллуш йолу паст лела йичи марха духар дац цо и паста йа туй кийра ца дахийтичхьана. Еккъа хьожа (мята) багахь йисар зе дийра дац... .» الله أعلم @busalba_din

• БӀаьрга дуттуш долу молха #Марха_дохош_долу_белхаш Лабииб Ан-Наджииб(حفظه الله) «ШафиӀийн мазхӀабехь гӀолехь а , толийна дег - оц молхано марха дохош ца хилар ду , и дотта доьттина легашкахь молхан чам хаъ белчи а , марх духур долуш дац... .» الله أعلم @busalba_din

• Лерга дуттуш долу молха #Марха_дохош_долу_белхаш – Имам Аль-ХатӀыыб (رحمه الله) «Лерга чу хӀума йахча , марха духар ду , и хье чу ца кхачахь а... .» [مغني المحتاج] «Лерга чу дахан долу тӀадамаш марха доха до» [الففه المنهجي] @busalba_din

• Аллахӏан Элчано ﷺ аьлла : «Шух цхьаъ сама ваьлчи аш олийла : [АльхьамдулилЛахӀи-ллезии родда Ӏалаййа ру́хьии ва, Ӏа́фа́нии фи джасадии ва аз'ина лии биз'икрихӀии]... .» • Цуьнан маьӀна [Хастам букъ оц Аллахӏан сан са суна йухадерзийна волу , сан дегӀехь сун дарба дина , ша хьагӀор суна пурба делла волу] صحيح الجامع - رياض الصالحين @busalba_din

• Аэрозоль для ингаляций [спрей от астмы] — Мухьаммад Нуухь Аль-КъудохӀ Аш-ШафиӀий : «И тайп йолу спрей лела йичи марха духар ду, хӀунда аьлча цу чохь долу молха адамийн пехаш [легкие человека] чу кхочуш ду , цу чу хӀума кхачар , кийра кхачар санна лоруш ду... .» #Марха_дохош_долу_белхаш الله أعلم @busalba_din

#Хаттар • ТӀаьххьара этхьагехь ИброхӀиман عليه السلام салават диллар ваджиб ду йа суннат ду? #Жоп «ИброхӀиман салават диллар суннат ду , ваджиб дац. Ӏеламнахана юккъехь вайн цхьа а ца карийна , и ваджиб ду аьлла , и ца дешчи ламаз хир дац аьлла. •ХӀар тайпа къамел дина болу Ӏеламнах : Имам Ан-Нававий Имам Ад-ДимятӀий Ибн Таймия Ибн Къоййим Аш-Ширбиний Аль-Маавардий Аль-ГӀазалий Аль-Махьалиий Закария Аль-Ансорий Ибну Хьазм Ибну Ӏусаймин Ибну Баз Ибн Джибриин رحمهم الله جميعا Ӏеламнахана йуккъехь йоьжна йолу хилпло Пайхамаран ﷺ салават диллар хӀокъехь йу , ИброхӀиман عليه السلام салават диллар хӀокъехь йац . • Имам Аш-ШафиӀийн а , Имам Ахьмад мазхӀабехь тӀаьххьара этхьагехь Пайхамаран ﷺ салават диллар ваджиб ду , и ца диллича ламаз духуш ду. @busalba_din

• Имам Ибну Сола́хь (رحمه الله): «Къуран дешар доккха карамат ду, АллахӀо шен лайша схьа къастийна, и Къуран дешарца. Вайга кхаьчна маликшана и Къуран дешар, делла ца хилар. Боккъалла и малийкаш ду , и Къуран цхьаммо доьшуш долуш, цуьнга ладогӀа са тесина Ӏаш... .» [الإتقان في علوم القرآن للسيوطي] @busalba_din

•Шайх Лабиб Нажииб (حفظه الله) «Сивак хьакхар суннат ду муьлха ламаз дан дӀахӀоьттича , фардӀ ламаз хуьлийла иза йа суннат ламаз хуьлийла. Тахан цхьаболу нахана моьтту сивак хьакхар суннат хилар фардӀ ламаз деш бен дац , иза нийс дац. АллахӀан Элчано ﷺ аьлла: «Сан умматана хало хиларх со ца кхера-хьара, сивак лела йе аьлла омар дийра ма дара аса, хӀора ламазе дӀахӀиттарна гергахь.» قال رسول الله ﷺ «لَوْلاَ أَنْ أَشُقَّ عَلَى أُمَّتِي لأَمَرْتُهُمْ بِالسِّوَاكِ عِنْدَ كُلِّ صَلاَةٍ.» (مسلم ٢٥٢) @hadisi_tv • Пайхамара ﷺ шен къамелехь билгал дина , сивак хьакхар суннат хилар муьлха ламаз дан дӀахӀоттале хьалха , башхалла йац ФардӀ хуьлийла иза , йа суннат ламаз. [شرح ابن قاسم الغزي] @busalba_din

•Шайх Мухьаммад Аш-ШаӀровий(رحمه الله) «Нийсо дӀакхачо хьа ницкъ ца кхачахь, харцонна тӏараш мукъна ма детта... .» @busalba_din

•Амджад Ар-Рашиид Аш-ШафиӀий (حفظه الله) : «ПӀерскан дийнахь Ӏуьйра ламаз динчул тӀаьхьа новкъа вала хьарам ду , нагахьсанна новкъахь рузба дара хир дац аьлла хеташ и валахь... .» [بغية الأريب] @busalba_din

• ӀабдуллахӀ ибн Джибриин (رحمه الله): «Вайна новкъахь хуьлуш йолу [Ламазан чоьнаш] маьждиг санна лоруш йац , царна тӀехь маьждиг ахькамаш ца лела. Масала царех : маьждиг хьурматан деш долу ламаз суннат дац цу чохь дар , шен цӀано йоьхна волчунна хьарам дац цу чохь сацар иштта а кхидолу ахькамаш... .» [و كذا أفتى بها دار الإفتاء في الأردن] @busalba_din

Ибн Хьажар Аль-ХӀайтамий (رحمه الله) : «КарахӀат ду , цхьа а хьашто йоцуш ламазехь волуш муьлха бедар хьалакарчор ... .» [المنهج القويم]

•Салафш Ӏибадат дарехь сутара хилар Ӏабдурохьаман ибн МахӀдийс(رحمه الله) аьлла: «Хьаммад ибн Саламате цхьамма аьлчи : «хьо кхана лийр волуш ву хьуна» , ВаллахӀи цуьнан ницкъ кхочура ма бацара ша деш долу Ӏибадаталла кхи сов вала... .» [حلية الأولياء ٥/٢٩٦] @busalba_din

• Шайх Cодикъ Аль-гӏорйааний (حفظه الله) : «Керстнеха махкара долу муьлха жижиг хьарам хуьлуш ду , билгал даьлла маьл доцу, бусалба стага хилар, оцу хьайбана урс хьаькхнарг . Кехатан тӀехь (خلال) [Халяль] аьлла йаздина йина дар аьлла , и жижиг хьарам долчура дӀа дера дац ... .» [دار الإفتاء الليبية] @busalba_din

Шайх Мухьаммад Аз-Зухьайлий (حفظه الله): «Хенал хьалха дӀадихкина хил долу фардӀ ламаз , суннат хилла дужур ду ... .» القواعد الفقهيه للزحيلي @busalba_din

• МустӀофа Абу ХьамзахӀ Аш-ШафиӀий(حفظه الله) : «Шайгахь болу пайда хьарам пайда балахь и тайпа йолу хӀумангахь йохкаэцар хуьлуш йац масала , оьрсийн маттахь цу юккъе йогӀу : струна , дудка... иштта кхин йолу хӀума а... .» مؤنس الحليس @busalba_din

#Хаттар Оьрсийн маттахь а, Ӏарбойн маттахь а , нехан шариӀатехь кхоллуш долу хаьттаршна жоьпаш луш шортта агӀонаш йу , тайп тайпана сайташ йу. Цу агӀо лелош волчуьнга хаттар а делла , цо делла долу жоьпан тӀаьхьаваза мегар дуй? #Жоп Валиид ибн Рошид Ас-СаӀайдан (حفظه الله): «Цу тайп йолу сайташ чохь делла долу жоьпан тӀехь ваза мегар дац , и жоп деллаг мил ву хууш маьл доцу. Войзуш воцучуьнга хаьттарш дала а, цо делла долу жоьпан тӀаьхьаваза а шариӀато бакъо ца ло. Жоп делла волчо , шен цӀе йаза йича дика хир дара ша жоп делла ваьлча делахь а, шен цӀе йаза йича а , и войзур волуш вацахь , тӀаккха а мегар дац цуьнан къамелан тӀаьхьаваза... .» محاضرة آداب المفتي و المستفتي لشيخ وليد السعيدان حفظه الله @busalba_din

Меттанашка дирзина долу хьуьнар, вай вайн дегнашка ца дерзадахь, вай боккхур бац шуна толам! © Шоlип