en
Feedback
Бусалба Дин

Бусалба Дин

Open in Telegram

(Анонимный вопрос дала лууш волчунна) https://f3.cool/nekaxo?hl=ru&stid=nysegMa&theme=7KI5e • АгӀо лелош вериг : Ӏабдуррохьман @busalba_din_bot

Show more
532
Subscribers
No data24 hours
No data7 days
No data30 days
Posts Archive
photo content
+2

• ӀабдуллахӀ ибн Хьарис(رضي الله عنه) «Цхьа а ма ца гина суна Пайхамаралла сов шен йоьхь тӀехь велакъежар долуш... .» [سنن الترمذي] @busalba_din

•Ибн МасӀуд (رضي الله عنه): «ВаллахӀи лайна АллахӀаца дик ойла хир ма йац, Аллахӏо цунна цо доьхург деллий бен... .» [شعب الإيمان ٩٨٣] @busalba_din

•Бетта юккъехь зударша кхаба йиш йоцуш дисина долу марханаш – тӀе кхаба деза , шолгӀа мархийн бутт тӀе балале. Амма дисина до
•Бетта юккъехь зударша кхаба йиш йоцуш дисина долу марханаш – тӀе кхаба деза , шолгӀа мархийн бутт тӀе балале. Амма дисина долу ламазаш – доькъуш дан дезаш дац , царна геч деш ду. بشرى الكريم في مسائل التعليم ١٦٤ @busalba_din

Имам Абу Хьанифате (رحمه الله) цхьам шега аьлча: «АллахӀах кхера хӀай Абу ХьанийфахӀ» Абу ХьанифахӀ корта охь таӏа а бина, йоьхь тӀера бос байна кхера велла эгош волуш цо элира: «Массо хенахь нах ма хьашт бу-кх тахан , цу тайп дешнаш шайг аларе... .» سير اعلام النبلاء 400/6 @busalba_din

•Тесна дитина суннат – Ибну Ӏаббасера ду (رضي الله) «Пайхамара ﷺ шура мелла цул тӀаьхьа бага хи а кхерзина цо элира : цуьнгахьа хьоналла йу... .» [متفق عليه] – Хьафиз Ибну Хьажар(رحمه الله) аьлла: «Оцу Пайхамаран ﷺ къамело тӀе нисса во – муьлха хьена хӀума йиъча, йа мелча бага хи кхарзар суннат хилар... .» فتح الباري لابن حجر @busalba_din

•Яхья ибн ХӀубайрахӀ (رحمه الله) «ШайтӀанийн мекарлонах ду - АллахӀан лайша шаш доьшуш долчу Къуръанна ойла йарха уьшша дӀахьовза бар... .» [طبقات الحنابلة لابن رجب] @busalba_din

• Ӏумар ибн Хаттаб (رضي الله) «Цхьа а дика дац , вовше хьехар ца деш долу къомехь, иштта цхьа а дик дац къомехь нагахьсанна и къам шен хьехар дан дезаш дацахь» [الإستقامة للشبخ تقي بن عبد الحليم] @busalba_din

• Хьасан Аль-Басрий (رحمه الله) «Хьо хьай ненан йоьхь тӀехьежар Ӏибадат хилча, цуьнца дик хилар мух хир дац тӀаккха Ӏибадат !?... » مسند ابن المبارك ١٤٦ @busalba_din

• Салафш Къуранаца лела йина йолу юкъаметтиг. «Ибну Идрис валарна герга вахчи , юххе хиина йоьлхуш Ӏаш йолу шен йоӀе элира цо: Ма елхахьа хӀай сан йоӀ, хӀокх хуӏсам чохь диъ эзарзза (4000раз) Къуран чекх даьккхина хьун ша... .» تاريخ البغداد @busalba_din

photo content

Repost from N/a
«Аьхкенан йовхоно, гуьйренан тlуналло, lаьнан шелоно хьун зен деш хилча, бlаьстенан хазалло хьо йуккъара воккхуш хилча, алахь соьга, ахьа lилма lамора мац хира ду?!» ⠀ قيمة الزمن عند العلماء 📚

Repost from N/a
photo content

Шайх аш-ШанкъийтIис (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Хьо делкъа ламазе воьдуш хьан хьаж тIера долуш долу хьацар, терхьа ламазашкахь хьан бIаьргара долуш долу тIадамелла а дезох ду хьуна. ХIунда аьлча, хьалхарниг – парз ду, ткъа шолгIаниг – суннат ду. Мархийн баттахь делкъа а, малбуза а ламазаш ца деш вижина а Iуьллуш, юха терхьа а, Iуьйкъа а ламазашка оьхуш хьайна гуттура а хало яр – харцо ю. Иза, вайна тIе хIиттиначу яккхийн харцонех цхьа харцо ю. Цхьа парз ламаз – берриг мархийн баттахь деш долчу суннат ламазелла а гIолехь, тоьлуш ду хьуна!». https://t.me/isa_hehamash

•Нахан тесна дитина суннат عن أبي بن كعب رضي الله عنه قال: كان رسول الله ﷺ إذا سلم من الوتر قال : «سبحان الملك القدوس» ثلاث مرات Убаййа ибн КаӀб (رضي الله عنه) дуьйцу : Пайхамара ﷺ ша витр ламаз дина ваьлчи «Субхьаа‌наль Маликиль Къуду‌с» кхузза олура (أخرجه أبو داود في سننه ١٤٣٠) @busalba_din

photo content

• ШариӀатехь Ӏеламнаха луш йолу фатва хийца йала йиш йолуш йу. «الفتوى يختلف بحسب الزمان و المكان» • Цхьаболу Ӏеламнаха шайн махкашкахь елла йолу фатва и мохк тергал бина оцу махкаца схьакъаьстина хуьлу. Масала СаӀудехь йа Мисрехь ар хецна цхьайолу фатваш , нохчийчохь и еригге фатваш шариӀатехь схьаэца йиш ца хуьлу. ХӀунда аьлча Ӏеламстага шег хаттар делчи цо тергал йо меттиг , зама , гондахьа долу хьал... . Уьшша Ӏеламнах бац бохург дац вай !!! •Имам Ибнуль-Къаййимс(رحمه الله) аьлла: «Зама , Ӏадат , меттиг иштта а цу тайп кхидолу хӀума тергал ца деш нахана шариӀатехь жоьпаш луш верг - тиллар чу воьжна, кхиболу нах тиллош ву ... .» «من أفتى الناس بمجرد المنقول على اختلاف عرفهم وعوائدهم وأزمنتهم وأحوالهم وقرائن أحوالهم : فقد ضل وأضل... .» [إعلام الموقعين 78/3] •Цундела само йан еза вай , архьа Ӏеламнаха елла йолу фатва , и вайна йогӀуш йу те, йа йац те. الله أعلم @busalba_din

• Юсуф Аль-Къардовий(رحمه الله) «Мотт кӀела дуьллуш долу молхано марха дох ца до... .» @busalba_din

• Ламазан хан хилла моьттуш, хенал хьалха марха даьстина волчунна , и марх доькъуш кхаба дезар ду. غاية المنى شرح سفينة النجاة @busalba_din