Бусалба Дин
Open in Telegram
(Анонимный вопрос дала лууш волчунна) https://f3.cool/nekaxo?hl=ru&stid=nysegMa&theme=7KI5e • АгӀо лелош вериг : Ӏабдуррохьман @busalba_din_bot
Show more532
Subscribers
No data24 hours
No data7 days
No data30 days
Posts Archive
532
•فلو صلى بنجس لم يعلمه أو علمه ونسي ثم تذكر وجبت الإعادة لكل صلاة صلاها متيقنا فعلها مع ذلك النجس
•Абу Бакр Ад-ДимйаатӀый (رحمه الله) :
«Нажас йуйла хаа ца хууш шен бедар тӀехь, йа хууш хиллехь амма диц деллехь и хилар , цо ша дина хилла долу ламазаш йух дан дезар ду – [и нажас шен тӀехь йолуш ша дина долу билгала хууш долу ламазаш]... .»
[إعانة الطالبين الدمياطي]
@busalba_din
532
من السنة أن تخرج إلى العيد ماشيا ) هذا له حكم الرفع ، وفيه دليل على أن الخروج إلى العيد ماشيا من السنة
• Ӏабдуррохьман Мубарокфуурий (رحمه الله) аьлла :
«Суннатах ду , Ӏийд ламазе гӀаш вахар... .»
[تحفة الاحوذي شرح جامع الترمذي]
532
lийдан дийнахь кеч валар ду суннат, цlенниг, хазниг бедар йохар.
(Бакъ ду кечлуш тlе юхуш йолу хlуман суннат кхоч да аьлла нийат хила деза, и ца хилча кеч веллаг хира ву хьо, суннат кхочуш динаг хира вац)
@busalba_din
532
Ӏийдан ламаз ши ракаӀат ду
Ламаз дӀадоьхкур
Хьалхарчу ракаӀатехь 7 такбир дийр ду (Такбир: ламаз дӀадоьхкуш санна, куьйгаш хьала айдеш, АллохӀу акбар алар)
ХӀора такбир моссаза до "субхьаналЛохӀи
валь хьамду лилЛахӀи ва ла илахӀа иллалЛохӀу валЛохӀу акбар" эр ду
7 такбир динчул тӀаьхьа Фатихьат сурат дешна, цул тӀаьхьа рукуӀе воьдуш, дисина ламазаш санна цхьа ракаӀат ламаз дийр ду
ШолгӀа ракаӀатехь изза хьал ду
7 такбир меттана 5 такбир деш.
@busalba_din
532
فإِذا رأوا هلال شوالٍ أَحببت أَنْ يكبر النَّاس جَمَاعَة , وَفُرَادى في المسجد وَالأسواقِ , وَالطرق، والمنازلِ, وَمسافرينَ , ومقيمين في كل حال
• Имам Аш-ШафиӀий رحمه الله
«Ӏийд буьйсанна бутт гина аьлла хаам хилчи , суннат ду – [Аллахӏу Акбар] дуккха бийхар , цӀахь волчо , новкъахь волчо , джамаӀатац йа ша ша , урамашкахь а , шен шен цӀахь... .»
[كتاب الأم]
@busalba_din
532
قال الشرواني الشافعي رحمه الله : " ويؤخذ من قوله في يوم العيد أنها لا تطلب – أي : التهنئة - في أيام التشريق وما بعد يوم عيد الفطر ، لكن جرت عادة الناس بالتهنئة في هذه الأيام ولا مانع منه ; لأن المقصود منه التودد وإظهار السرور ، ويؤخذ من قوله يوم العيد أيضاً : أن وقت التهنئة يدخل بالفجر لا بليلة العيد خلافا ، لما في بعض الهوامش ا هـ ، وقد يقال : لا مانع منه أيضاً إذا جرت العادة بذلك ؛ لما ذكره من أن المقصود منه التودد وإظهار السرور ، ويؤيده ندب التكبير في ليلة العيد "
«Марх достуш нах вовше декъала беш , кхаъ боккхуш, цуьнан гӀолехь йолу хан – Ӏуьйр ламаз диначул тӀаьхьа дӀайолалуш йу , маьркӀаж ламаз хан хилла чул тӀаьхьа йац , амма хьалхе вовше декъала барх цхьа а гал даьлла хӀумма дац , мегар ду... .»
"حواشي الشرواني على تحفة المحتاج" (2/57)
@busalba_din
532
•قال سفيان الثوري (رحمه الله)
«إنما سمي المال مالا لأنه يميل القلوب»
الحلية (تهذيبه ٢/٣٧٠)
@busalba_din
532
•Ибн Джавзий (رحمه الله)
«Боккъалла деган еригге цамгар къинош бахьана долуш йу , цуьнан коьрта дарба ахь тоба дар , хьо Аллахӏе верзар ду... .»
[التبصرة ١/٥١]
@busalba_din
532
• Ибну Таймия (رحمه الله):
« Аллахӏ дуккха хьегӀор а, массо хенахь доӀа деш хилар – массо диканна догӀа ду »
تاريخ الدمشق ١٢٣-٤٩
@busalba_din
532
•Ӏамир ибн Къайс (رحمه الله) аьлла шен де вешийга:
«Хьайн болха АллахӀе билле , паргӀат хилахь... .»
حلية الأولياء
@busalba_din
532
Имам Ан-Нававий (رحمه الله)
« Муьлхачо ша маьждиг чоьхьаволуш иӀтикафан нийат дичи хаза хира ду , цу чохь и хьелур волуш валахь а , вацахь... .»
( хӀунд аьлчи и цу чохь маьл ву , цо иштта ниййат дахь , цунна йал йазор йолуш йу ин ша Аллахӏ )
[التبيان ٨٦]
@busalba_din
532
Хьафиз Ибн Касир (رحمه الله)
«Хьайна цхьамма во динехь , хьайн дикаллица цунна и дӀадекъа»
[التفسير ٧/١٨١]
@busalba_din
532
• Ибн Раджаб Аль-Хьанбалий (رحمه الله):
«Уггаре Аллахӏан езаш йолу суннат Ӏамал – Къуран дешар ду , къаьсттина оцу айатшкахь ойла еш, ша доьшуш хен... .»
[اختيار الأولى ١٣٠]
@busalba_din
532
#Хаттар
Майрчо шен зудчунга аьлча :
«Лайлатуль-Къадри буьйсанна хьо йитина йу хьун» и зуда йитина лоруш йуй ? ХӀунда аьлча вайн цхьаннена ма ца хаьий и буьйса муьлхарг йу.?
#Жоп
Нагахьсанна майрчо шен зудчунга иштта къамел дина хиллехь хьожур ву, цо и къамел маца дина .
• ТӀаьххьара итта буьйса тӀе йалале хьалха цо и къамел дина хиллехь – мархийн бутт чекха баларца и зуда йитина лоруш хир йу
• Нагахьсанна рамадан бутт дӀа баьлчи цо иза аьлла далахь - юх шар тӀе богӀуш болу рамадан бутт чекх ма баьллина йитина лорур йу
[المجموع شرح المهذب]
@busalba_din
532
«Миск хьокхий ахь са ваш»
• Масане хезза вайна иштта къамел гӀалахь беркатехь воьдуш-вогӏуш. МаьӀ маьӀне дӀа а хӀиттийна миск духкуш лаьтташ хуьлу вай шортта вежарий. Делахь цар и дохкар дац новкъ догӀуш дерг , йа цар тӀехь волчунга «миск хьокхий ахь са ваш» алар дац новкъ дерг.
ХӀинца ас тидам бина , цхьаболчара(массо вац) тӀехь йолуш йолу йоӀе «мискне хьажа са йиш» олу.
Аллахӏо хьарам ма дина зудчунна Ӏатар тоьхна ар йалар. Шен чохь хӀусамдена хьалха, цунна кечлуш бен магийна ма дац, зударшна хаза хьожа йоху хӀума тохар.
Пайхмара ﷺ аьлла :
«Муьлха зуд шех хаза хьожу йогӀу хӀума тоьхна, цхьан къоман юххехула тӀех йалахь(царна хьожа хаалуш) , и зина деш йу шуна... .»
[النسائي 5126]
Пайхмара ﷺ иштта дина къамел долуш, вай ваьшша оц хӀуманна тӀе муха буьгу уьш !??
Аллахӏо (عز وجل) аьлла:
«و لا تعاونوا على الإثم » (مائدة-٢)
Аш вовше гӀо ма лоцийла къинош латоран тӀехь
И миск хьокхуш йолчо ша къа латийна ца Ӏаш, и миск дӀакховдош верг ма хуьлу иштта къа латош.
Тахан цхьаволчунна и доккха хӀума ца хетахь а, АллахӀан Ӏеса хиларехь цхьа а дац жим хӀума.
@busalba_din
532
Давуд Ат-ТӀоийй (رحمه الله) бепиг дууш ца хилла цунах цуьргаш диний бен, и цуьргаш хи чу тосий и хи дӀа молура цо.
Цхьамма хаьттина цуьнга : «нах санна хӀунд ца дуу ахь и бепиг ... .!?»
Давуд Ат-ТӀоиййс жоп делла: «Бепиг Ӏовшарна а, иштта цуьргаш хи чу а тесна, и хи маларна юккъехь шовзткъе итт(50) айат дешал хан йу... .»
[ مجالسة و جواهر العلم ١/٣٤٦ ]
@busalba_din
532
•Ибн Раджаб Аль-Хьанбалий(رحمه الله)
«ТӀаьххьара итта буьйсан чохь суннат ду , хӀор буьйсанна – шен дегӀах хи кхарзар , Ӏатар тохар , хаза бедар йохар... .»
[لطائف المعارف ١٦٩]
@busalba_din
532
• Пайхмара ﷺ ша суджудехь волуш хӀар доӀа дора:
«اللهم اغفر لي ذنبي كله دقه و جله وأوله و آخره و علانيته و سره»
[АллохӀумма игӀфир лии з'анбии куллахӀу: диккъахӀу ва джиллахӀу ва аввалахӀу ва аахирохӀу ва ӀалаанийатахӀу ва сиррахӀу]
МаьӀна:
[Йа Аллахӏ сан дерриге къиношна геч де ахь : жимнаг а, доккханиг а, – доьххьарниг а, тӀаьххьарниг а – гуччахь латийна долу къа а, къайлахь латийнарг а]
(صحيح مسلم)
Пайхмара ﷺ иштта доӀа суджудехь дина хилчи , вайн тӀехь там болуш дац ткъа, иштта доӀа дар !?
https://t.me/busalba_din
532
Аллахӏа عز وجل аьлла :
وَلَا تَقُولُوا۟ لِمَا تَصِفُ أَلۡسِنَتُكُمُ ٱلۡكَذِبَ هَـٰذَا حَلَـٰلࣱ وَهَـٰذَا حَرَامࣱ لِّتَفۡتَرُوا۟ عَلَى ٱللَّهِ ٱلۡكَذِبَۚ إِنَّ ٱلَّذِینَ یَفۡتَرُونَ عَلَى ٱللَّهِ ٱلۡكَذِبَ لَا یُفۡلِحُونَ } { مَتَـٰعࣱ قَلِیلࣱ وَلَهُمۡ عَذَابٌ أَلِیمࣱ }
[Аш ма олийла шайн харц луьш долчу метнашца , хӀара хьанал ду , хӀара хьарам ду ,цу дешнашца аш АллахӀана тӀе харцо а кхуллуш, боккъала АллахӀан тӀе харцо кхоьллинарш хир ма бац декъал , кӀеззиг хӀума ду иза, хӀокху дуьнен чохь, амма бакъдолуш чӀогӀа хира долу Ӏазап хира ду царна]
(Ан-Нахьл 116-117)
Тахана йаьржина йу хӀар тайпа видеош, хӀар хӀума хьанал йу, хӀар хӀума хьарам ду олий йазош.
Хьарам долуш долу хӀума хьанал ду аларе терра кхераме ду , хьанал долуш долу хӀума хьарам ду алар.
И шиэ цхьатерра ду АллахӀанна тӀе харцо кхолларехь.
КӀеззига хӀума дац и , цундела и тайпа видеош ма йаржа е , и хьарам йа хьанал долуш долу хӀума билгала доккхуш Ӏеламнах бу , блогерш бац!! Дуккха гӀалаташ хуьлу царна тӀехьа. Шайн тешаме хеташ, Ӏилманах кхеташ волчуьнга хат деза динехь долу хӀума,
Цхьа шеко йоцуш , лара валар гӀолехьа ду, амма хьукм дар кхин хӀума ду. ШариӀатехь цхьанненна бакъо йац цхьан хӀуманна тӀехь хьукма дар , шен хьа бало бух боцуш.
@busalba_din
