Бусалба Дин
Open in Telegram
(Анонимный вопрос дала лууш волчунна) https://f3.cool/nekaxo?hl=ru&stid=nysegMa&theme=7KI5e • АгӀо лелош вериг : Ӏабдуррохьман @busalba_din_bot
Show more532
Subscribers
No data24 hours
No data7 days
No data30 days
Posts Archive
532
• ӀабдуллахӀ ибн МасӀуд (رضي الله عنه) аьлла:
«Неха шариӀатехь долу массо хаьттаршна жоп луш вериг Ӏовдал стаг ву... .»
[إعلام الموقعين ١١٩/٢]
@busalba_din
532
•Шайх Ӏалий Ат-ТӀантӀавий (رحمه الله) :
«Хьоьга цхьа зама кхочура йу хьуна, нахах дӀакъастарехь бен хьун синпаргӀато карор йоцуш... .»
@busalba_din
532
• ТӀолхьат Аль-БагӀдадийс (رحمه الله) дуьйцу :
«Имам Ахьмадац хӀордкеман тӀехь хилла ву со.
«Йа Аллахӏ хӀокху Ислам дин тӀехь волуш, суннатехь волуш
кхалха ве ахь со...» — и алар доцуг, кхи виста хуьлуш хезаш вацар Имам Ахьмад (Аллахӏо къинхетам бойла цунах)
[طبقات الحنابلة ١/١٧٩]
@busalba_din
532
• Шайх Ибну ТаймияхӀс (رحمه الله) аьлла:
«ЖехӀил наха Ӏеламнахана такфирш даран тӀехь алсам тидам бахийтар, оцунна алсам терго йар – уггаре баккхийчу бохамех цхьа бохам бу. Цуьнан бух, и дерриге схьадалар ду - Шииташха болу Рофидиташкара иштта а, Хаваридж нахера.
ХӀунда аьлча, уьш бу Ӏеламнахана такфирш деш, шайн уьш динехь гӀалат бойла аьлла хетар бахьан долуш. Ахӏлу Суннатах болу Ӏеламнеха барт хилла - деккъа цхьа гӀалат бахьан долуш Ӏеламнахана такфир дан мегаш ца хилар. Муьлхачуьнгара къамел ШариӀатехь къобал дан йиш йолуш ду, иштта цхьадолу къамел юха тоха йиш йолуш хуьлу, Пайхамаран къамел доцург.
Амма шена цхьан Ӏеламстег къамел нийса ца хеташ хилча, хьан-хьанна мегар дац цунна такфир дан... .»
[مجموع الفتاوى 100/35]
@busalba_din
532
•Ибн МасӀуд (رحمه الله)
«Къуранан хатма¹ йина ваьлча, дина долу доӀанна жоп доцуш вуьсур ма вац... .»
¹- (къуран деригге доьшуш чекха даккхаp)
[مختصر منهاج القاصدين 53:1]
@busalba_din
532
• Хьасан Аль-Басрий (رحمه الله)
«Шен бусалба вешийна Ӏосалла тӀехетташ вериг Аллахӏо вуьтур ма вац и, оцу Ӏосаллийца и ша зе ца зуьш... .»
(الزهد للإمام أحمد ١٦١٠)
@busalba_din
532
•Хьафиз Ибну Раджаб (رحمه الله)
«АллахӀан новкъахь деш долу джихӀадах цхьа дакъа ду хьуна – маьждиге гӀаш лелар... .»
[مجموع الرسائل 4/35]
@busalba_din
532
• Пайхмара ﷺ аьлла: «Вайха ма вац кхечарах тарвала гӀертаг, шух цхьа а тарвала ма гӏоьртийла оцу керстанахах. Жуькти наха вовше маршал далар(приветствие) – пӀелгашца хуьлу, керстанеха вовше маршал далар - куьйгашца хуьлу... .»
[جامع الترمذي]
• ХӀокху къамелан тӀе тевжина Ӏеламнаха сацам бина, ШариӀатехь мегаш ца
хилар – маттехула [Ассаламу Ӏалайкум...] олуш доцуш деккъа куьйгаца геннара ишарш йар.
https://t.me/busalba_din
532
• Ибну Хьажар (رحمه الله)
«ДжамаӀатехь тӀаьхьахӀоьттинаг Имамалла жимма хьалха ваьлла цо ламаз динехь – тӀаьхьахӀоьттина волчунна ламаз доьхна хира ду, цо ламаз юх дан дезар ду....»
[المنهج القويم]
@busalba_din
532
Хьалхар этхьаг деша вицца велла, кхозлагӀ ракаӀате хьала ваханехь – цул тӀаьхьа цунна мегар дац ша диц дина долу сужуд метта хӀотто
@busalba_din
532
Хьалхар этхьаг деша виц веллехь – ламаз духар дац, суннат хир ду цо салам далале хьалха, шиъ вицваларна сужуд дар.
@busalba_din
532
«Къунут доьшуш Имам волуш, нах [Амин] олучара сецича, дуккха нах шайн дагахь меллаша «Амин» олуш хуьлу.
– Оцу меттехь цо олург цунна тӀаьхьа ала хьажар, йа хӀумма ца олуш Ӏад Ӏар гӀолехь ду(Амин йа олуш)... .»
[مغني المحتاج]
@busalba_din
532
Къунут доьшуш Имам волуш, нах [Амин] олучара сецича, дуккха нах шайн дагахь меллаша «Амин» олуш хуьлу.
•Шайх Аш-Ширбиний (رحمه الله) аьлла:
«Къунут доьшуш заманчохь, гӀолехь дерг – Имам доӀа деш заманчохь цунна тӀехь [Амин] алар ду
Амма ДоӀа деш воцуш, АллахӀан и хьесталуш валахь – цо олург цунна тӀаьхьа ала хьажар, йа хӀумма ца олуш Ӏад Ӏар гӀолехь ду... .»
[مغني المحتاج]
•Хаттар
Мух хуур ду Ӏарбо мотт ца хууш волчунна, Имам доӀа деш, цхьаъ доьхуш ву АллахӀе йа хьесталуш ву Цунна (хастам барца)?
•Жоп
[ إنك تقضي ولا يقضى عليك، إنه لايذل من واليت ولا يعز من عاديت، تباركت ربنا وتعاليت]
[Иннака такъдыы ва лаа йукъдӏоо Ӏалайка... .]
Имам Къунут доьшуш юккъехь, хӀар деша вола велчи хуур ду – имам доӀа деш воцийла. Ӏадатехь оцу меттиге кхаьчча, тӀаьхьахӀиттинчара «Амин» чӀогӀа олучара саца до.
@busalba_din
532
Repost from HADISI.TV
Пайхамара ﷺ доӀа дина:
«Дала йуьхь нуьре йойла шегара къамел хаза а хезна, шегара махаззара и нахана дӀакхачийначун»
Ткъа хьуна ца лаьа цу доӀанна йуккъехь хила!?
ТӀаккха нахана дӀайовзийта хӀара агӀо.
♻️https://t.me/hadisi_tv
532
• Имам Ан-Нававий аьлла (رحمه الله)
«Хьарам ду, Аллахӏе доӀа дар – кериста нахана къинош геч дар дехарца... .»
АллахӀо عز وجل аьлла :
[ Там болуш дац-кх , Пайхамарана а, иштта ийман диллина болчарна мушрик нахана гечдар дехар, уьш шайн гергара хиллехь а, шайн уьш жоьжахатин дай хирг хилар билгалдаьллачул тӀаьхьа 9:113]
[فتاوى الإمام النووي رحمه الله]
@busalba_din
532
•Имам Аз-Заркаший (رحمه الله)
«Ӏилма , кхетам , АллахӀах кхерар , ойла йар и деригге шегахьа доцуш волчунна, Къуран марзонех чам хаъ белла бац... .»
[البرهان في علوم القرآن]
@busalba_din
532
• Имам Ан-Нававий (رحمه الله)
«Цхьанна шен накъост гӀайгӀане воьжна, сингаттаме гуш валахь, юххехь волчунна суннатах ду-кх цуьнан самукъа даккха бахьанаш лелор... .»
[شرح صحيح مسلم للنووي]
@busalba_din
532
• Нахана шариӀатехь жоьпаш далар
Салафшах волу Ибну ӀуйайнахӀ (رحمه الله) аьлла:
«Нахах тӀех алсам Ӏилма дериг – нахах уггаре кӀеззиг шегара къамел долуш верг хуьлу, амма нахах уггаре Ӏилма кӀезиг долуш верг хуьлу уггаре чӀогӀа къамеле вуьйлуш... .»
[الفقيه و المتفقه الخطيب البغدادي]
@busalba_din
532
• قال تعالى :
{ إِنَّ اللّهَ يُحِبُّ التَّوَّابِينَ وَيُحِبُّ الْمُتَطَهِّرِينَ }(سورة البقرة - 222)
• العز بن عبد السلام (رحمه الله)
إذا أحب مولاك المتطهرين من الأحداث الأنجاس فما الظن بمن تطهر من الذنوب والأدناس
Аллахӏ Дал (عز وجل) аьлла:
[Боккъалла Аллахӏан дукха беза дохкобуьйлурш а, цӀанойийраш... . 2/222]
• Ӏиззуд-Ддин Ӏабдуссалама (رحمه الله) аьлла:
«Боьхаллех шайн догӀмаш цӀанойийраш хьан Элана дукха безаш хилча, тӀаккха шайна Ӏосаллах дӀацӀанбелла болчеран хьал муха хира ду аьлла хет хьуна !?... .»
[ شجرة المعارف والأحوال]
@busalba_din
532
قال السيوطي رحمه الله :
ضابط : قال الاسنوى في ألغازه : ليس لنا صلاة تدخل الكفارة في تركها استحبابا إلا الجمعة فإنه يستحب لمن تركها بغير عذر أن يتصدق بدينار أو نصف دينار، لحديث بذلك . قاله الماوردى
نص الحديث الذي أشار اليه الاسنوى
عن سمرة بن جندب عن النبي ﷺ قال : "من ترك الْجمعة من غير عذر فليتصدق بدينار، فإن لم يجد فبنصْف دينار " [رواه أبو داود واحمد والنسائي وابن ماجه]
Имам Аснавий(رحمه الله) аьлла:
«Цхьа а ламаз дац, ша дитича цунна тӀера каффарат далар суннат долуш, рузбанна ламаз доцург.
Цхьа а бехказло йоцуш рузбанна ламаз дитина волчунна суннат ду сагӀан хӀума йалар, цу хӏокъехь иштта къамел дина Имам Аль-Маавардийс а (رحمه الله)
Пайхмара ﷺ аьлла : «Цхьа а бехказло йоцуш рузбанна ламаз дитина волчо дийнар барамехь сагӀан хӀума лойл – нагахьсанна дийнар ца карадахь, ах дийнар лойла... .»
•ХӀар хьадис схьадалийна [Абу Давуд / Ахьмад / Ан-Насаий / Ибну МажахӀ]
•ХӀар дерриге къамел Имам Ас-СуютӀыйс (رحمه الله) схьадалийна шен «Аль-АшбаахӀ ван-Назооир» цӀе йолу жайнийн чохь.
[الأشباه والنظائر للسيوطي]
@busalba_din
