en
Feedback
ан-Нур

ан-Нур

Open in Telegram
1 392
Subscribers
-124 hours
+17 days
-730 days
Posts Archive
Шун гуш ду-кх х1ара

Майрчунна хьехар «СовгIат дар, безам хуьлуьйтуш некъ бу хьуна. Цундела, хьайн зудчуьнан дог эца цунна совгIат дарца!». 🔘 https://t.me/islamanserlo

Шайх Мухьаммад Хьассана боху: «Дика хӏусамнана - Аллахӏера ниӏмат ду, мел дукха рицкъанах эцалуш а доцуш». https://t.me/Ramzan_Gendargno

Хаз хет сун и хьадис..)

Дойзари шун хьадис?

photo content

«Хьо lеха ма войла схьагучу сурташ: Хlусам го хуна, амма ца го цу чохь болу баланаш. Машен го хьуна, ца го хьуна декхарш. Вел
«Хьо lеха ма войла схьагучу сурташ: Хlусам го хуна, амма ца го цу чохь болу баланаш. Машен го хьуна, ца го хьуна декхарш. Велар го хьуна, ца го хьуна бlаьрхиш. Толам го хьуна, ца го хьуна халонан шераш. Цундела лар де хьайн дог хьагlнах, хьуна га ма ца го нехан дахарах цхьа кlеззиг дакъа бен».

Ша ламаз динчохь хиина Iар
Ша ламаз динчохь хиина Iар

Сурат Бакъарат дешар

Амин…

Я АллахI! Оха доьха Хьоьга, тхо Ялсаманийн охIланах дар, ЖоьжагIатех тхо гена дахар – баланийн хIусам ша йолучу. Тхо дIакхалхор доьха Хьоьга – иманехь а, тавхьидехь а долуш. Тхо лардар доьха Хьоьга – керистаналлех а, ширкех а, Делаца накъост нисварех а. Боккъала а, сийлахь, комаьрша ву Хьо.

(Цхьанна а адамана ца хаьа, шаьш диначунна дуьхьала шайна совгIатана (бекхамана) къайла яьккхина йолу бIаьргийн марзо) (Сурат ас-саждат, 17) Царна тIе Iанор ду АллахIа Шен реза хилар. Цкъа а оьгIаз гIур вац И царна. Гуча вера ву И царна, Ша царна гойтуш,  ткъа хьоьжур бу уьш цуьнга, АллахIе хьежарел кхачаме, дуьзна, исбаьхьа ниIматаш гур дац царна. АллахIа боху: (Цу дийнахь, цхьа йолу яххьаш, лепаш хир ю, шайн Деле хьожуш). (Сурат ал-къийамат 22,23). Ялсаманийн охIла Ялсаманен чу дахча, мохь тухур бу: «Даима могуш лаьттар ду шу, цкъа а цомгуш а ца хуьлуш». Даима дийна лаьттар ду шу, цкъа а лан а ца леш. Даима къона (кегийра) лаьттар ду шу, цкъа а къан а ца луш. Даима зовкъ хьоьгар ду аша, цкъа а ирсах хадар хlун ду а ца хууш. 

Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шаьш тухучу хенахь - юьхьана тIе ма тоха». (хIара хьадис ал-Бухарис, Муслима далийна).

Хьаким ибн Хьизама (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ТIехулара куьг гIолехь ду бухарачу куьйгал а. Айхьа кхобуш, хьайн Iуналлехь болучарна тIера дIаволало хьалха. Дикаха сагIа - вехаш волучу стага доккхуш дерг ду. СагIа дехарах ларвеллачунна АллахIа гIо дийр ду оьздда, (ехарах) ларлуш чеккхвала. АллахIа шена деллачух, тоам а бина, реза хилларг - АллахIа хьал долуш вийр ву». (ХIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 1427, Муслим: 1034. Ткъа хьадисан дIаяздар ал-Бухариниг ду). 

Умму Саламас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIа дарба леха ца аьлла шуьга (я АллахIа шуна дарба ца дина) - шуна хьарам диначуьнгахь». (хIара хьадис ал-БайхIакъис далийна, ткъа ибн Хьиббана бакъ (сахьихь) ду а аьлла хIара).

АллóхIумма аслихь лú дúнийаллазú хIува Iисмату амрú, ва аслихь лú дунйáйаллатú фúхIá маIáшú, ва аслихь лú áхиротиллатú фúхIá маIáдú, ваджIалил хьайáта зийáдатан лú фú кулли хайрин, ваджIалил мавта рóхьатан лú мин кулли шаррин. «Йа АллахI! Сан дин то де Ахь суна, сан белхан лардархо долу; сан дуьне а то де Ахь суна, шена чохь сан дахар долу; сан эхарт а то де Ахь суна, сан воьрзу меттиг йолу; сан дахар суна массо дикчу хIуманехь со сов волуш де Ахь; со валар со массо вочу хIумнах паргIат волуш а де Ахь».

Хаз кхоьллан
Хаз кхоьллан

Оцу сайт чохь дукха пайде доlанаш ду-кх шун ⬇️ https://heham.tv/2020/05/25/доiанаш/