1 400
订阅者
+124 小时
-57 天
-1530 天
帖子存档
1 400
Repost from ИСЛАМАНСЕРЛО
https://youtube.com/shorts/Uqee9ubIpuE?si=FUSxz4KrSOiQQF5f
✨ Аьтту агIон тIе вижаран пайданаш | Iабдуддаим ал-Кахьийл
Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) дIавуьжучу хенахь аьтту агIор вижа аьлла динчу хьехаран къайле, тахана Iилмано гучуйоккхуш ю!
🔬 Iилманчашна хIун карийна цунах лаьцна?
• Хье цIанбалар: Токиора университетан талламхоша бах, аьтту агIон тIе вижаро хье зене йолчу информацех а, токсинех а цIанбан гIо до.
• Даго садоIу: Дог аьрру агIор хиларна, аьтту агIон тIе вижаро дагна хуьлуш болу Iаткъам байбо. Къаьсттина баккхийчу нахана пайдехь ду иза.
• Са дIацалецар: Букъ тIе вижарца дуьстича, аьтту агIор вижаро буьйсанна салийцарх (апноэ) лараво.
• Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «Хьо меттавала воллучу хенахь, айхьа ламаз дан ма-эццара ламаз а эций, цул тIехьа хьайн аьтту агIон тIе дIавижа».
И дерриг 1400 шо сов хьалха цхьана а Университетехь дешна воцчу вайн Пайхамарна (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) АллахIа Iамийна ду! СубхьаналлахI!
1 400
Repost from 𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐
Айса берашна хьехар хьахийча, онлайн хьоьхуш йу моьттуш йазйо соьга, ткъа со видео-урокаш чухула хьоьхуш йу 🌷
Кху видео тlехь шуна гуш дерг сан цхьана дарсах кийсак йу. Нохчийн меттан йерриг классаш (1-11) чулоцуш, кхоччуш курс йу иза ас кечйеш, амма и цкъачунна кийча йац.
Делахь а, кегийчу берашна абат а, цхьадолу дешнаш а (100 дош), диалогаш а (10), дийнатийн цlерш а хьоьхуш мини-курс а, нохчийн йозанан элпаш дахка lамош йолу пропись а кийча йу.
Нохчийн мотт хьоьху сан проект "Тlаьхье" кхузахь йу https://t.me/t1ahe
1 400
Repost from 𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐
Ассаламу Iалайкум варахьматуллахIи ва баракатухI
"Тlаьхье" сан дуьххьара коммерчески проект йу, хlинца чул 9 шо хьалха дуьйна нохчийн маттаца тайп-тайпана болх беш йу со, амма хlара суна керла хlума ду, цундела жимма сагатдеш а, хlун ала деза ца хууш а йу со.
Сайн болх хестабойла а дац, цундела деккъа шуна хоуьйту-кх ас: нагахь санна берана ненан мотт lаморехь, бух боттале хьалха, харш доккхуш шуна гlо эшахь - жима курс "Йуьхьиг" пайде йала тарло шуна. Бlаьрг тухуш, хlума де.
