Ӏилманан Аманат
Kanalga Telegram’da o‘tish
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Ko'proq ko'rsatish345
Obunachilar
Ma'lumot yo'q24 soatlar
-37 kun
-230 kun
Postlar arxiv
НИГАТ ЦӀЕНА ХИЛАРАН БИЛГАЛОНАШ...
ЦIеначу даггара лелачуьн нигат цIена хилар билгалдоккхуш, Iеламнаха йийцина билгалонаш ю:
1. ГIаравийлар ца дезар.
2. Ша наха хестор ца дезар.
3. Динан белхашкахь жигар хилар.
4. Дика белхаш дарехь сихо яр а, Делера а бен йоле са ца тийсар а.
5. Собаре хилар а, шена хуьлуш йолу халонаш нахе ца елхор.
6. Шен Iамалш чIогIа къайлаяхьа лууш хилар.
7. Къайлах еш йолу Iамал дика яр.
8. Къайлах еш йолу Iамал совъяккхар.
9. Къайлах еш йолу Iамал, гучохь еш йолчу Iамалал а йоккха хилийтар.
Мухьаммад Салихь ал-Мунажжид
https://tlgg.ru/niysa_akidat
Вай Шайх Фарукъах лаьцна ала лаара суна..
Фарукъ, шайгахь дуккху а Ӏилма долуш, шайха боккха пайда баьлла, беркат даьлла вай массеран Шайх ву, вай ваша, вай хьехархо хилла ца Ӏаш, вайна вай дин довзийтина, вай лераме Шайх ву.
Шайх Фарукъо аьлла: "Нохчийн маттахь Къуръанан маьӀнаш" олучу шайн жайни чохь, дешхьалхехь: «Цундела, Къуръан вайнехан матте гочдар, цу новкъахь цхьа кибирчиг йуьллуш дакъалаца Ӏалашонца бина болх бу.
Дог доху хӀара жайна пайде даларе нохчийн мотт буьйцуш болчу, ларамечу вайнахан»
ХӀинца ойла йайш, цуьнан эсал хиларан, ша хӀоккхул дукха, пайде, беркате болх бина боллушехь, ша вай къоман хӀоккхул пайда бина боллушехь, цуьнан эсалле хьовсийша.
Вай уггар хьалха Шайхегар эца дезаш долу масал ду иза, цуьнан хаза гӀиллакх а, эсал хилар а, жимачунца къинхетаме хилар, воккханиг ларар, и массо хӀума ду Шайхегахь, тӀех хаза долуш.
Иштта хила веза хӀора а, ша дийриг, иза АллахӀа шайга дойтуш дуй хууш, иза АллахӀа шайга ца дайтанерахьа ша иза дина хира доци хууш, кураллаш ца еш, корт айбина ца лелаш, ша динарг, шен лаамац дина доци хууш.
Ӏадлано ма аллар, цо биначу балхан тӀехул хьожуш а кӀад ло, цо дукха къахьегар бахьан долуш, ткъа цо хьегна и къа, цо бина и болх.
АллахӀа Ӏалашвойла иза, АллахӀа барам боцуш пайда, беркат дойла цунах, ша мел веха АллахӀа Шен динан гӀоьнчий войла иза, АллахӀа барам боцуш диканца бехкам бойла цунна, АллахӀа цо мел динарг Шен дуьхьа дойла, АллахӀа йоле дуьллийла цо хьегна къа, АллахӀа Шен дин даржорехь цо яздина, аьлла, хӀора а элпах ял, барам боцуш сов йаьккхина карайойтийла цунна!
Вайн йижарех цхьанна моттахь, ша маре яханчул тIаьхьа шен дахар цхьа ша кепара романтикан дийцар хира ду, я цхьа хаза гIан хира ду, иза хила йиш йоцург лоьхуш ю! Дуьненан дахар халонашца бен хира ма дац. Цундела, халонаш ла езар ю.
Сийлахь волчу АллахIа аьлла: «Баккъалла а, Оха адам кхоьллина цо халанош ла езар йолуш».
[Сурат ал-Балад, аят 4].
Шайх Мухьаммад Салихь Мунажжид
https://tlgg.ru/busalba_zudariy
Repost from Вайн гӀиллакх
Бусалба зуда муха хила еза шариlато ма-бохху? Нахаца йолу юкъаметтиг муха хила еза цуьнан? Лело мегарг, ца мегарг хlун ду?
Зударий шина декъе бекъало:
- Марехь боцурш.
- Марехь берш.
Марехь йоцу бусалба зуда хила еза:
1. Аллахlана муьтlахь.
2. Деца-ненаца дика.
3. Божаршца ца мегаш йолчу юкъаметтигах ларлуш.
4. Дегара я цуьнан метта волчу шен велигара пурба даьккхина бен ара ца йолуш.
5. Дала ма-бохху д1акъовлаелла.
6. Бlаьрса хьулдеш.
7. Эхь доцуш, гlиллакх доцуш божаршца къамел ца деш.
8. Эхь хеташ.
Марехь йолу бусалба зуда хила еза:
1. Аллахlана муьтlахь.
2. Хlусамдена муьтlахь, Дела реза волчу хlуманехь.
3. Хlусамда шега хьаьжча цуьнан самукъадоккхуш.
4. Хlусамдена гlо деш, Далла муьтlахь хиларна тlехь.
5. Хlусамда реза воцу адам цуьнан хlусаме ца далош.
6. Шен хазалла хlусамдена бен гучу ца йоккхуш.
7. Хlусамден къайле хьулъеш.
8. Собаре хуьлуш хlусамдеца, цуьнан таронах кхачамбеш.
9. Хlусамда цlера ваьлча, цуьнан сий лардеш, шен дегlехь а, хlусамден ахчангахь а.
10. Иза цlа веъча дашца я леларца цунна халахетар ца деш.
11. Хlусамда цхьаьнге ца вуьйцуш, цунна лен ца луьш, сардамаш ца духкуш.
12. Шеца хlусамда вон хилча, цо дина диканаш ца дина ца бохуш.
https://t.me/vayn_glillakh
Хьафиз ибн Аль-Джавзий Аль-Хьанбалис шен [Сойдуль Хо'тIыр] жайне чохь аьлла:
«Cо Iильма lамо вола веллачу хенахь, дуккха а халонаш тӀe lитта елира суна. И халонаш суна мозал мерза яра, аса lамош долчуьнан дуьхьа. Со жима волуш, хьадис лаха ара волуш, сайца бакъа белла хьокхум эцара аса, тlаккха хин йисте вахьа хаара со, и баархьамма. Тlе хи мелчи бе баа ца лора иза, дукха бекъа болуш. Оцу балхо сан Iильма Iаморна цхьа а эшам, я новкъарло а ца йора . Я самукъа а ца гина суна, Iильма Iамадарци бен.»
https://tlgg.ru/dika_1amal
ӀИЛМА ӀАМОРАН НОВКЪА ТӀЕХЬ ХАЛОНАШ ЛАР...
Цхьана Iеламстагах лаьцна хьахийна ду-кх, яъ яахIума йоцуш бепк даьш йолчу (пекарни) йолче вагIан оцу бепкан хьожа чу изан цо, иза эца шегахь таро ца хилари терра.
Шеко ма яц, хIокху вайн деношкахь и халонаш ловш мутаIеламш хиларх, хIунда аьлча суна сайн ши бIаьргаца гиндера уьш.
Пусар де Iилман а, Iилма Iамош болчеран а, Iеламнехан а, ма ле царна! Ма хила сел сонта!
https://t.me/Vragi_iblisa
ӀИЛМАНАН ДАЙН ЛЕРАМБАР...
Дахарехь шайн хьаштонаш тесна а йитина, Аллахlан дин lамадарехь, Аллахlан дин даржадарехь, Аллахlан дине нах кхайкхарехь къа а хьоьгуш,
шайн дахаран некъ дlахьуш болчу нехан хьокъаьхь дага догlу-кх даиман "Сийлахьа синош" ду-кх уьш олий,
ма хаза а, ирсе а дахар ду-кх церан, нехан хан дуьненна баланаш, халонаш, сингаттамаш ловш дlайоьдучу хенахь, церан хlора доьlу са а ирсе ду-кх, lилманца Аллахlа ирсе а, сийлахь а дина дела.
Ткъа и моссу халонаш, баланаш, сингаттамаш церан некъа тlаьхь кхин а чlогlа хуьлу, делахь а ирсе болуш.
https://t.me/Vragi_iblisa
ХӀай Адаман воӀ ! ХӀара цхьа кӀеззиг долу дуьне дохка, даиманна хира йолу эхарт эцархьам!
Repost from sʜɪsʜᴀɴ
Аша кхин хӀун лелор дара, йижаршка а цхьаьна язъеш, ла ма догӀа, галваьлла ву, муржиит ву алар бен кхин шун ала а, дийца а хӀума ма дац, кхин шуьга далуш а ма дац хӀумма а, эфире-м богӀу шу маьттаза цӀерш язъеш, амма дийца-м дац хӀумма а!
Зударий а шух боьлуш хилча шун хьал муха хила деза
Хьалха дуьйна цу чохь хилларш, и хаза хан йаьккхинарш, и марзо кхеттарш, и элп жима диллина аьлла бехка ма биллаш суна!
